1 Kings 18
Эли-ЯхӀу-пайхамар а, БаӀалан пайхамарш а
1Лаьтта догӀа ца догӀу кхоалгӀа шо долуш, Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: «Хьо, ваха а гӀой, Ахьаб-паччахьна гучувала, тӀаккха Аса догӀа доуьйтур ду лаьтта тӀе». 2Эли-ЯхӀу Ахьаб-паччахьна тӀевахара. Ткъа Шамран-гӀалахь чӀогӀа мацалла хӀоьттинера. 3Ахьаб-паччахьо шен паччахьан цӀенна тӀехь хьаькам волу Ӏабди-ЯхӀу шена тӀекхайкхинера. (И Ӏабди-ЯхӀу Везачу Эле чӀогӀа ларамах вуьзна волу стаг вара. 4Изабала Везачу Элан пайхамараш хӀаллакбечу хенахь, Ӏабди-ЯхӀус цхьа бӀе пайхамар схьагулвира. ТӀаккха, уьш, шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Цу чохь Ӏабди-ЯхӀус юург а, мала хи а латтадора царна.) 5Ахьаб-паччахьо Ӏабди-ЯхӀуга аьллера: «Вало, махкара массо шовда а, хи а долчу меттигашкахула чекхвала вайшиъ, жимма буц карор яцара те вайна, говраш а, вирбӀарзаш а дийна йисийтархьама, бежанех цхьа а ца дайархьама». 6Цу шиммо шаьш хи лохуш чекхдовла деза меттигаш билгалъехира. Цхьаъ цхьана агӀор вахара, ткъа важа вукху агӀор вахара. 7Ӏабди-ЯхӀу новкъахула дӀавоьдуш, цунна Эли-ЯхӀу дуьхьалкхийтира. Ӏабди-ЯхӀуна вевзира пайхамар. Иза лаьтта кхаччалц пайхамарна хьалха охьатаьӀира. Ӏабди-ЯхӀус пайхамаре элира: «Хьо вуй те иза, сан олахо волу Эли-ЯхӀу?» 8Эли-ЯхӀус жоп делира: «ХӀаъ, со ву иза. Ахьа, хьайн олахо волчу паччахьна тӀе а гӀой, цуьнга дӀаала: „Эли-ЯхӀу-пайхамар кхузахь ву“». 9Ӏабди-ЯхӀус цуьнга хаьттира: «Аса хӀун вон болх бина хиллера те хьуна? Нагахь аса хьо схьавеана ву алахь, цо со вуьйр ма ву. Паччахьо со вен хӀунда лаьа хьуна? 10Хьан Веза Дела дийна хилар санна бакъду-кх, цхьа а къам я цхьа а пачхьалкх ца йисина сан олахочо хьо лоьхуш нах бахийтаза. Шега хьо цигахь вац аьлча, цо чӀагӀо йойтура хьо ца караво бохучу оцу пачхьалкхе а, къоме а. 11Ткъа ахьа хӀинца соьга боху: „Вало, хьайн олахочуьнга дӀаала: ‘Эли-ЯхӀу кхузахь ву’“. 12Хьо волчуьра и ала со дӀаваханчу хенахь, Везачу Элан Сино суна хуур а доцучу цхьанхьа хьо дӀавига ма тарло. ТӀаккха аса Ахьаб-паччахье хьох лаьцна хаам а бича, ткъа хьо кара а ца вича, цо со вуьйр ма ву. Хьан лай волу со-х жимчохь дуьйна а Деле болчу ларамах вуьзна ма вара. 13Сан эла, хьоьга ца дийцина, Изабала Везачу Элан пайхамарш бойучу хенахь, аса динчух лаьцна? Аса Везачу Элан бӀе пайхамар дӀахьулвира. Аса уьш, цхьатерра шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Царна даа бепиг а, мала хи а латтадора аса. 14Ткъа ахьа боху: „Вало, хьайн олахочуьнга Эли-ЯхӀу кхузахь ву ала. ТӀаккха цо со вуьйр ма ву“». 15Эли-ЯхӀус жоп делира: «Шена гӀуллакх деш волчу массо а ницкъийн Везачу Делах чӀагӀо йо ас, со тахана, цунна тӀе а вахана, дӀахӀуттург хиларх». 16Ӏабди-ЯхӀус, Ахьабана тӀе а вахана, и дерриг а дӀадийцира. Ткъа Ахьаб-паччахь Эли-ЯхӀуна тӀевахара. 17Ахьаба, шена Эли-ЯхӀу гича, цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и – Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург?» 18Эли-ЯхӀус жоп делира: «Со вац Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург, ткъа хьо а, хьан ден цӀа а ду. Везачу Элан весеташ дӀа а теттина, БаӀал-харцделанашна тӀаьхьахӀиттина шу. 19ХӀинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаӀал-делан виъ бӀе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бӀе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тӀе суна хьалха». 20Ахьаб-паччахьо массо исраилхой а, и харцделанийн пайхамарш а схьагулбайтира Кармал-лам тӀе. 21Эли-ЯхӀу-пайхамаро, дерриг а халкъана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «Шу дукха лелар дуй те шинна а когана астагӀа лелхаш? Нагахь санна Веза Эла Дела велахь, Цунна тӀаьхьахӀитта. Ткъа Иза БаӀал велахь, цунна тӀаьхьахӀитта». Халкъо цхьа а дош ца элира цуьнга. 22Эли-ЯхӀу-пайхамаро халкъе элира: «Везачу Элан пайхамарех со цхьаъ висна, ткъа БаӀалан виъ бӀе шовзткъе итт пайхамар ву. 23Тхуна ши старгӀа схьаялае. Цу шиннах шайна луъург цхьаъ аша дӀаэца. Оцу старгӀина урс а хьакхий, дакъош а дей, дечигна тӀедахка, амма цунна буха цӀе ма латае. Ткъа аса, важа старгӀа кеч а йина, дечигна тӀеюьллур ю, цунна буха а цӀе латор яц. 24ТӀаккха шу шайн Деле кхайкха. Ткъа со Везачу Эле кхойкхур ву. ЦӀе латаярца доӀанна жоп Делларг билггал волу Дела хир ву». Дерриг а халкъо, жоп а луш, элира: «Ахь бохург дика ду!» 25БаӀалан пайхамаршка Эли-ЯхӀус элира: «Оцу шина старгӀанах цхьаъ аша хьалха схьакъастае, тӀаккха сагӀа даккха кечам бе, хӀунда аьлча шу алсам ду. Цул тӀаьхьа аша шайн Деле доӀа де, амма бежанна буха цӀе ма латае». 26Шаьш схьакъастийна старгӀа кеч а йина, уьш, Ӏуьйранна дуьйна делкъахан тӀекхаччалц, БаӀал-деле кхойкхура. Цара бохура: «Ва БаӀал, дӀахазахьа тхо!» Амма дуьхьал олуш цхьа а аз а дацара, жоп а дацара хезаш. Шаьш кечйинчу сагӀа доккхучу меттигна хьалха ирхкхийсалора уьш. 27Делкъахан тӀееача, Эли-ЯхӀу кхаьрдира царах. Цо элира: «ЧӀогӀа мохь тоха аша, хӀунда аьлча иза дела ма ву. Иза ойла еш хила а тарло я иза шен гӀуллакх дан вахана хила а мега, я новкъахь вогӀуш хила а там бу, я наб еш хила а мега, иза-м самаваккха везаш ву!» 28ТӀаккха цара чӀогӀа маьхьарий хьоькхура. Цара шайн догӀмашна тӀе арсаш а, гоьмукъаш а хьокхура, шайна тӀехула цӀийш охьадоладаллалц. 29Делкъахан дӀа а яьлла, суьйренан сагӀа доккху хан тӀекхаьчча а, уьш кхидӀа а шовкъ еана бара. Амма цхьа а аз я жоп, я цхьа а хӀума дацара хезаш. 30ТӀаккха Эли-ЯхӀус дерриг а халкъе элира: «Суна тӀехила». Дерриг халкъ цунна тӀехилира. Везачу Элана сагӀа доккхуш хилла йолу меттиг йохийначуьра меттахӀотто волавелира Эли-ЯхӀу. 31 aЦо шийтта тӀулг схьаийцира. Уьш дара Везачу Эло шега: «Исраил хир ю хьан цӀе» – аьлла волчу Якъубан шийтта кӀантах девллачу тайпанийн барамехь. 32Оцу тӀулгех Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг йира Эли-ЯхӀус. Ткъа оцу меттигна гонах саьнгар яьккхира, шена чу ши сахь хӀу тарлуш йолу. 33Эли-ЯхӀус сагӀа доккхучу меттиге дечиг диллира. Ткъа урс хьаькхначу старгӀанах дакъош а дина, уьш цу дечигна тӀедехкира. 34ТӀаккха цо элира: «Йиъ кхаба хих а юьзна, и хи сагӀина ягош йолчу старгӀина а, дечигна а тӀедотта». Цара Эли-ЯхӀус боххург дира. ТӀаккха юха а элира цо: «Цу тайппана кхин а цкъа де». Цара иза юха а кхочушдира. Эли-ЯхӀус кхин а элира: «Изза кхозлагӀа а де». КхозлагӀа а изза дира цара. 35СагӀа доккхучу меттигна гонах хи охьадоладелира, саьнгар хих юьзира. 36Суьйренан сагӀа доккхучу хенахь Эли-ЯхӀу-пайхамар сагӀа доккхучу меттигна улло веара. Цо доӀа дира: «ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волу Веза Эла! Таханлерчу дийнахь дӀахаийтахьа Исраилан халкъан Дела Хьо цхьаъ вуйла а, со Хьан лай вуйла а, аса и дерриг а Ахьа ма-аллара динийла а! 37Жоп лохьа суна, ва Веза Эла, дӀахазахьа со, Веза Эла волу Хьо Дела хилар а, Ахь церан дегнаш Хьайна тӀедерзош хилар а хӀокху нахана хаийтархьама». 38ТӀаккха Везачу Эло цӀе охьахьажийра. Оцу цӀеро сагӀина еана хӀума а, дечиг а, тӀулгаш а, кхерчана гонахара латта а дагийра. Саьнгар чохь долу хи а дакъийра цо. 39И хилларг шена гича, дерриг а халкъо, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, бохура: «Веза Эла – Дела ву! Веза Эла – Дела ву!» 40ТӀаккха Эли-ЯхӀус цаьрга элира: «Схьалаца БаӀалан пайхамарш! Царах цхьа а дӀа ма вахийта!» Уьш схьалийцира. Эли-ЯхӀус уьш, Къишун-хи тӀе а бигна, цигахь байира.Йокъанан чаккхе
41Эли-ЯхӀу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «ДӀа а гӀой, яа а яа, мала а мала. ДогӀун долчу чӀогӀачу догӀанан гӀовгӀа ю суна хезаш». 42 bАхьаб-паччахь яий, малий дӀавахара. Ткъа Эли-ЯхӀу Кармал-ломан бохьа тӀе велира. Цигахь цо, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, шен корта голашна юккъе нисбира. 43ТӀаккха шен ялхочуьнга Эли-ЯхӀус элира: «Вало, гӀой, хӀордехьа дӀахьажа». Ялхочо, вахана, хьажа а хьаьжна, элира: «Суна-м хӀумма а ца го». Эли-ЯхӀус ворхӀазза а элира цуьнга: «Юха а гӀой, хьажа». 44Ша ворхӀазлагӀа вахана схьавеача, ялхочо элира: «Адаман кераюккъалц йолу цхьа жима марха ю хӀорда тӀера хьалайолуш». Эли-ЯхӀус элира: «Вало, Ахьаб-паччахь волчу а гӀой, цуьнга дӀаала: „Хьайн гӀудалкх а йожий, цӀа верза, догӀано хьо сацавале. Хьо хӀинцца дӀа ца водахь, догӀано сацор ву хьо“». 45Дукха хан ялале, мархаш а хӀиттира, стигал Ӏарж а елира, мох а белира. ЧӀогӀа догӀа деара. Оцу хенахь Ахьаб, шен гӀудалкха тӀе а хиъна, ИзраӀал-гӀала ваха новкъа ваьллера. 46Везачу Элан ницкъ боьссира Эли-ЯхӀуна тӀе. Шен гӀодаюкъ а йихкина, Ахьаб-паччахьна хьалха а ваьлла, ИзраӀал-гӀала дӀакхаччалц новкъахула ведда вахара Эли-ЯхӀу.
Copyright information for
CheCAC2012