‏ 1 Kings 2

Дауд-паччахьо Сулимна бина хьехамаш

1Дауд-паччахьан валаран хан тӀееара. Шен кӀанте Сулиме весет а деш, цо элира: 2«ХӀинца со, сан хене кхаьчна долу массо а адам санна, коша вижа герга вахана. Ткъа хьо, чӀагӀлой, доьналла долуш хилалахь. 3Ахьа хьайн Везачу Делан весеташ ларделахь, Цуьнан некъашца а лелаш, Цуьнан хьехамаш а ларбеш, Цо билгалдаьккхинарш а, Цуьнан омра а, Муса-пайхамаран товрат тӀехь яздина ма-хиллара, кхочушделахь. ТӀаккха хир ву хьо массо а хӀуманна тӀехь кхиамаш болуш, ахьа хӀуъа дахь а, миччахьа хьо гӀахь а, хьанна тӀе хьо водахь а. 4ТӀаккха кхочушдийр ду Дала Ша суна делла долу Шен дош. Везачу Эло соьга аьлла: „Нагахь хьан тӀаьхьено доггах, шен доллучу синца Суна хьалха шайн дахаран некъаш тешам хиларца лардахь, даим хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“».

5 aКхин а Дауд-паччахьо элира: «Хьуна дагадогӀу-кх, Царуятан кӀанта Йоаба хӀун дира суна? Цо Исраилан халкъан эскаран ши хьаькам вийра. Уьш бара Неран кӀант Абунар, ИтӀаран кӀант Ӏамасаъ. Маьршачу хенахь, тӀамехь Ӏанош санна, цӀий Ӏанийра Йоаба церан. Цу шиннан цӀийх дуьзира цо шен гӀодаюкъара доьхкий, шен когара мачашший. 6ХӀинца ахьа хьекъалца чекхдаккха и гӀуллакх, амма къеналлин Ӏожаллица ма валийта Йоаб.

7 bТкъа галӀадхо волчу Барзалайн кӀентех къинхетам бе, уьш хьайна тӀе а озош, айхьа дола дечарна юкъа а бохуьйтуш. Цара дика гӀо дира суна, хьан веших Абушаламах со кӀелхьарволучу хенахь.

8 cКхин а, диц ца долуьйтуш, дагалацалахь, Бахьрум олучу меттигера бен-яманхочун Герин кӀант ШамаӀи а ву хьуна. Со Махьанайм олучу меттиге воьдучу хенахь, цо чӀогӀа сардамаш доьхкира суна
Сардамаш – цу заманахь Муса-пайхамаран тептарш тӀехь болчу хьехамаша паччахьашна сардам боллар ца магадора.
. Иза Йордан-хин йистехь сайна дуьхьал кхетча, аса Везачу Элах дуй биънера, айса, тур тоьхна, иза вуьйр вац аьлла.
9Ткъа хьуна хьайна а хуур ду, хьо хьекъал долуш хиларе терра, иза шен цӀий Ӏанорца эхарте вахийтархьама айхьа дан дезарг».

Дауд-паччахь дӀакхалхар

10ТӀаккха Дауд-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. 11 eДауд-паччахьо Исраил-махкахь паччахьалла дина йолу ерриге а хан шовзткъа шо яра: царах Хьеврон-гӀалахь ворхӀ шарахь, ткъа Ярушалайм-гӀалахь ткъе кхойтта шарахь. 12 fТӀаккха шен ден Дауд-паччахьан метта Сулим паччахь хилла охьахиира. Цуьнан паччахьалла дика чӀагӀделла лаьттира.

Адан-ЯхӀун валар

13Цхьана дийнахь Хьагатан кӀант Адан-ЯхӀу, Сулиман нанна Бат-ШабаӀна тӀе а веана, цунна хьалха охьатаьӀира. Бат-ШабаӀа хаьттира цуьнга: «Маршонца дуй те хьан вар?»

Адан-ЯхӀус жоп делира: «Маршонца ду», – аьлла.
14«Хьоьга деха цхьа хӀума дара сан», – элира Адан-ЯхӀус.

«Деха хьайна», – элира Бат-ШабаӀа.

15ТӀаккха Адан-ЯхӀус элира: «Хьуна хаьа, и паччахьалла суна догӀуш дарий. Дерриг а Исраилан халкъ соьга, хин волчу паччахье санна, хьоьжуш Ӏаш дара. Амма хӀара паччахьалла, соьгара дӀа а даьлла, сан вешина кхечи, хӀунда аьлча иза Везачу Элера кхаьчна дара цунна. 16Ткъа хӀинца цхьа хӀума доьху ас хьоьга, ахьа иза дӀа ма татталахь».

«Ала хьайна», – элира Бат-ШабаӀа.

17 gТӀаккха Адан-ЯхӀус элира: «Ас доьху хьоьга Сулим-паччахье дехар дар, хӀунда аьлча цо ахьа аьллачунна дуьхьало йийр яцара. Суна цуьнгара шунамхо йолу АбишагӀ сайна йига пурба дезара».

18«Дика ду, – элира Бат-ШабаӀа, – хьан дуьхьа доьхур ду ас паччахье».

19Иза а аьлла, Бат-ШабаӀ Сулим-паччахьна тӀе яхара Адан-ЯхӀус аьлларг дӀадийца. Паччахь, хьала а гӀаьттина, цунна хьалха охьа а таьӀна, шен паччахьан гӀанта тӀе юха а охьахиира. Паччахьан нанна Бат-ШабаӀна а деара гӀант, тӀаккха иза паччахьна аьтту агӀор охьахиира. 20Бат-ШабаӀа элира: «Сан цхьа жима дехар дара хьоьга, кхочуш ца деш ма дитахьара ахьа иза».

«Деха, сан нана, дуьхьало йийр яц ас хьан дехарна», – элира Сулим-паччахьо.

21ТӀаккха нанас элира: «Шунамхо АбишагӀ хьайн вешина Адан-ЯхӀуна зуда хилийта дӀалохьа».

22Сулим-паччахьо, шен нене жоп луш, элира: «ХӀунда доьху ахьа Адан-ЯхӀуга шунамхо йолу АбишагӀ яхийтар? ТӀаккха-м и ехна ца Ӏаш, паччахьалла а дӀадалар хӀунда ца доьху ахьа цунна. Иза сан воккхах волу ваша ма ву? Цунна и ехарца динан да волчу Абу-ЯтӀарина а, Царуятан кӀантана Йоабана а паччахьалла доьхуш ю хьо». 23ТӀаккха Сулим-паччахьо, Везачу Элах дуй бууш, элира: «Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, и дешнаш Адан-ЯхӀус шен Ӏожаллина ца аьллехь. 24Везачу Эло со сайн ден Дауд-паччахьан гӀанта тӀе охьахаийна. Ша делла долу дош Цо кхочушдина, суна а, сан доьзална а паччахьалла а делла. Цу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас тахана Адан-ЯхӀу лийриг хиларх!»

25ТӀаккха Сулим-паччахьо ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу вахийтира иза вен. Цо Адан-ЯхӀу вийра.

Абу-ЯтӀарина таӀзар дар а, Йоабан валар а

26 hДинан дега Абу-ЯтӀарига Сулим-паччахьо элира: «Хьо вен хьакъ дара, амма хьайн лаьтта тӀе Ӏанатот-гӀала
Ӏанатот-гӀала – иза Ярушалайм-гӀалина гена йоццуш меттиг ю.
дӀаваха могуьйту ас хьуна. Сан дас хьегна болу баланаш а хьоьгуш, сан дена Даудана хьалха вайн Хьалдолчу Элан деза тӀорказ ахь лелийна дела, цкъа хӀинца ца воьйтуш вуьту ас хьо».
27 jДинан да Абу-ЯтӀари Далла гӀуллакх деш волчуьра дӀаваьккхира Сулим-паччахьо. Иштта кхочушхилира Шилун олучу меттигехь Ӏелех а, цуьнан тӀаьхьенах а аьлларг
Ӏелех... аьлларг – Абу-ЯтӀари Ӏелин цӀийнах вара.
.

28Сулим-паччахьо динчух лаьцна Йоабана а хезира, хӀунда аьлча иза а вара Абушаламехьа а воцуш, Адан-ЯхӀугахьа бевллачарна юкъахь. ТӀаккха цо, ведда Везачу Элан Четар чу а ваьлла, сагӀа доккхучу кхерчан маӀаш схьалецира. 29Йоаб, ведда вахана, Везачу Элан четар чохь, сагӀа доккхучу кхерчан маӀаш а лаьцна, лаьтташ ву аьлла, Сулим-паччахье дӀахаийтира. ТӀаккха Сулим-паччахьо ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу хьажийра цига, – «ГӀой, Йоаб виэ», – аьлла. 30БенъяхӀус, Везачу Элан четарна чу а ваьлла, Йоабе элира: «Паччахьо аравала боху хьоьга!»

Вукхо жоп делира: «ХӀан-хӀа, суна кхузахь вала лаьа».

БенъяхӀус паччахье дӀадийцира Йоаба шега аьлларг.

31ТӀаккха паччахьо БенъяхӀуга омра дира: «Цо боххург дей, вен а вей, дӀаволла иза. Иштта со а, сан ден тӀаьхье а паргӀатъер ю Йоабера баьллачу бехках, хӀунда аьлча цо бехк боцучу нехан цӀий Ӏанийна. 32Сан дена Даудана ца хууш, шел дуккха гӀоле а, дог цӀена а волу, цхьа а бехк боцу ши стаг, тур тоьхна, вийнера цо. Уьш бара исраилхойн эскаран хьаькам хилла волу Неран кӀант Абунар, яхӀудхойн эскаран хьаькам хилла волу ИтӀаран кӀант Ӏамасаъ. 33Церан Ӏаьнна цӀий Йоабан коьрта тӀе а, цуьнан тӀаьхьенна тӀе а дужийла абаденналц. Ткъа Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а, цуьнан цӀенна а, цуьнан паччахьаллина а Везачу Элера маршо хуьлийла абаденналц!»

34ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус вахана Йоаб вийра. Иза шен цӀерачу яьссачу аренгахь дӀавоьллира. 35Цул тӀаьхьа ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу Йоабан метта эскаран хьаькам вахийтира Сулим-паччахьо. Ткъа динан да волу ЦӀадукъа Абу-ЯтӀарин метта динан коьрта да хӀоттийра цо.

ШамаӀин валар

36ТӀаккха ШамаӀи схьавалаве аьлла, омра дира Сулим-паччахьо. ШамаӀига Сулим-паччахьо элира: «Хьайна Ярушалайм-гӀалахь цӀа а дай, кхузахь Ӏе, кхузара цхьана а метте дӀаса а ма вала. 37Нагахь хьо, кху гӀалин чуьра ара а ваьлла, Кхидрун-хих дехьа валахь, хьо вуьйр ву, ткъа иза хьан-хьайн бехкенна а хир ду».

38ШамаӀис паччахье жоп делира: «Дика ду, сан паччахь волу олахо, ахьа омра ма-дарра, иза кхочушдийр ду хьан лай волчу аса». Иштта дикка хан яллалц Ӏийра ШамаӀи Ярушалаймехь.

39Амма, кхо шо даьлча, ШамаӀин ши лай Гати-гӀалин паччахь волу МаӀхин кӀант Ахаш волчу ведда дӀавахнера. ТӀаккха ШамаӀига хаам бира, хьан ши лай Гати-гӀалахь ву аьлла. 40ШамаӀи, гӀаьттина, шен вир а йоьжна, Гати-гӀала Ахаш волчу шен ши лай схьалаха вахара. Иштта, и шен ши лай а валош, Гати-гӀалара юхавирзира ШамаӀи. 41Ткъа Сулим-паччахьна тӀедаьхьнера, ШамаӀи, Ярушалаймера Гати-гӀала а вахана, юхавирзина аьлла. 42Паччахьо, шен ялхошка ШамаӀи схьа а валавайтина, элира цуьнга: «Везачу Элах дуй ца биънера аса, хьоьга дӀа а хоуьйтуш, нагахь хьо миччанхьа а гӀала чуьра аравалахь, цу дийннахь хьо лийр ву аьлла? Ткъа ахьа соьга: „Дика ду. Ахь боххург дийр ду ас“, – элира. 43Ас хьайга, Везачу Элана хьалха дуй бууш, дина омра кхочуш хӀунда ца дира ахьа?» 44ТӀаккха паччахьо кхин а элира ШамаӀига: «Хьуна а, хьан дагна а хаьа сан дена Даудана айхьа дина вон. Ахьа йина хӀуьттаре хьайн коьрта тӀе ерзайойла хьуна Везачу Эло! 45Ткъа Сулим-паччахь декъал хуьлийла! Даудан тӀаьхьенан паччахьалла меттах ма долийла Везачу Элана хьалха абаденналц!»

46ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанте БенъяхӀуга Сулим-паччахьо омра дира, ШамаӀи ве аьлла. Вукхо, вахана, иза вийра. Иштта велира ШамаӀи.

Цу хенахь дуьйна Сулим-паччахьан паччахьалла чӀагӀделла лаьтташ дара.
Copyright information for CheCAC2012