‏ 1 Kings 21:13-15

13ТӀаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хӀума элира». Цара Набути гӀалара ара а ваьккхина, цунна тӀе тӀулгаш а кхиссина, иза вийра. 14ТӀаккха Изабале хаам бан нах бахийтира, Набутина тӀе тӀулгаш а кхиссина, иза вийна аьлла.

15ТӀе тӀулгаш а кхиссина, Набути вийна аьлла шена хезча, Изабала Ахьабе элира: «Хьала а гӀаттий, хьайна йохка ца лиъначу израӀалхочун Набутин кемсийн беш хьайн дола яккха, хӀунда аьлча Набути велла».
Copyright information for CheCAC2012