‏ 1 Kings 4:29-31

29ХӀордан йистера гӀум йолччул боккха кхетам а, шортта хьекъалалла а деллера Дала Сулим-паччахьна. 30Малхбалехьарчу дерриг а халкъийн а, берриг а Мисар-мехкан халкъан а хьекъалал а сов дара Сулим-паччахьан хьекъалалла. 31 aИза массо адамал а хьекъалдолуш вара. Сулим-паччахьан хьекъалалла Ӏезарахьахо волчу Этанан а, Махьалан кӀентий болчу ХӀайманан а, Калкалан а, ДардаӀан а хьекъалаллел а сов дара. Сулим-паччахьан цӀеран сийлалла хьалаяьллера гонах долчу дерриг а халкъашна юкъахь.
Copyright information for CheCAC2012