1 Kings 5
Сулим-паччахьо Делан цӀа дан а, керт ян а кечам бар
(2 Шерашкахь 2:1-18)
1Цора-гӀалин паччахь волу Хьирам Дауд-паччахь дийна волчу хенахь цуьнан доттагӀа вара. Ткъа хӀинца, Дауд-паччахьан метта цуьнан кӀант Сулим паччахьалла дарна къобалвина аьлла, шена хезча, Хьирама шен геланчаш бахийтира цунна тӀе. 2ТӀаккха Сулим-паччахьо уьш юхахьовсийра, Хьирам-паччахье ала дезарг дӀа а олуш: 3«Хьуна хууш ду, шен Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀоттадойла ца хилира сан ден Даудан. ХӀунда аьлча цуьнан тӀом бан дийзира гобаьккхина долчу халкъашца, Везачу Эло, толам а баккхийтина, мостагӀий когаш кӀел охьабахккалц. 4Ткъа хӀинца сан Везачу Дала синтем белла суна массо а агӀор. ХӀинца бац я мостагӀий, я кхин дуьхьало ян а хӀумма дац. 5 aИштта, хӀинца сайн Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дан сацам бира ас, Везачу Эло сан дега Дауде ма-аллара. Везачу Эло цуьнга аьллера: „Аса хьан метта паччахьан гӀанта тӀе охьахаор волчу хьан кӀанта дӀахӀоттор ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“. 6Ткъа ахьа омра дехьа, Ливанун-махкара баганан дитташ суна хедадайта. Сан ялхоша хьан ялхошца цхьаьна болх бийр бу. Ткъа аса ахьа хӀоттор боллу мах дӀалур бу хьан ялхоша бийр болчу балхах, хӀунда аьлча тхан бац шун цӀаданхой санна болу дика дечиг-пхьераш».7Хьирам-паччахьо, шена Сулим-паччахьан и дешнаш хезча, чӀогӀа хаза а хетта, элира: «Баркалла ду Везачу Элана, Цо Даудана иштта хьекъал долуш кӀант валарна, оцу сийлахьчу халкъана тӀехь цуьнга олалла дайтархьама!» 8ТӀаккха Хьирам-паччахьо ялхой бахийтира Сулим-паччахье дӀаала: «Аса ладуьйгӀира ахьа дечу дехаре. И хьан диттех лаьцна болу лаам ас кхочушбийр бу. Баганан дитташ а, зоьзан дитташ а доуьйтур ду ас хьуна. 9Сан ялхоша, Ливанун-махкара дӀа а даьхьна, хӀордана тӀе дахьар ду уьш, цигара дӀа ас бурамашца кхачадойтур ду уьш кхачо деззачу меттиге, цигахь тӀекӀел а дохкуш. ТӀаккха аша уьш цигара схьаоьцур ду. Амма ахьа а кхочушбе сан лаам, сан цӀенна оьшуш болу кхача боуьйтуш».
10Иштта Хьирам-паччахьо, шега Сулим-паччахьо ма-деххара, баганан дечиг а, зоьзан дечиг а латтайора. 11Ткъа Сулим-паччахьо бӀе эзар гали кӀа а, цхьа эзар биъ бӀе чами тоьлла долу зайтдаьтта а дохьуьйтура хӀора шарахь Хьирам-паччахьан цӀахь мел волчунна. 12Ша лур ду ма-аллара, Везачу Эло хьекъал деллера Сулим-паччахьна. Иштта машар бара Хьирам-паччахьна а, Сулим-паччахьна а юкъахь. Цара вовшашна юкъахь барт бира. 13ТӀаккха Сулим-паччахьо Исраил-мехкан дерриг а халкъана тӀедожийра ткъе итт эзар стаг белхаш байта гулвар. 14 bТӀаккха уьш хийца а хуьйцуш, итт-итт эзар хӀора баттахь Ливанун-махка болх бан бохуьйтура. Цара цхьана баттахь болх бора, ткъа шина баттахь уьш цӀахь Ӏара. Адунурама куьйгалла дора царна тӀехь. 15Кхин кхузткъе итт эзар стаг деза кира лелош а, везткъа эзар стаг лаьмнашкахь тӀулг боккхуш а вара Сулим-паччахьан. 16Уьш боцурш кхин а кхо эзар кхо бӀе хьаькам вара оцу белхаш бечу нахана тӀе хӀоттийна, царна а, цара бечу балхана а тӀехьожуш. 17Даккхий деза тӀулгаш доуьйтура Сулим-паччахьо, тӀаккха уьш тӀулган говзанчашка нисдойтура, Везачу Элан цӀе язъян лерина долчу цӀийнан бух боттийтархьама. 18И дитташ а, тӀулгаш а хьакха а хьокхуш, кечдеш бара Сулим-паччахьан а, Хьирам-паччахьан а белхалой а, Гебал-гӀалара пхьераш а. Кхаа шарахь кечдира цара уьш, Делан цӀа дӀахӀотторхьама.
Copyright information for
CheCAC2012