eАрадаккхар 40:34, 35.
1 Kings 8
Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ Делан цӀа чу диллар
(2 Шерашкахь 5:2–6:2)
1 aЦул тӀаьхьа Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш, ша Ӏаш волчу Ярушалайм-гӀала шена тӀекхайкхира Сулим-паччахьо, хьалха Цийон цӀе йолуш хиллачу Даудан гӀалара Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьадаийтархьама. 2 bИштта Этаним олучу шеран ворхӀалгӀачу беттан дезачу деношкахь ▼▼Дезачу деношкахь – схьахетарехь, адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош ду уьш.
дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира. 3Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, динан дайша бертан тӀорказ схьаийцира. 4Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хӀуманашца, схьа а эцна, дӀадаьхьира динан дайша а, левихоша а. 5Ткъа Сулим-паччахь а, цуьнца цхьаьна иза волчу гулделла Исраил-мехкан дерриг халкъ а оцу дезачу тӀорказна хьалха бара. Цара Далла лерина дийнатийн сагӀанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора. 6ТӀаккха динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, схьа а эцна, Делан цӀийнан чухуларчу а, уггар езачу а чоьн чохь йолчу шен метте дӀахӀоттийра, каруб-маликийн суьртийн тӀемашна кӀел. 7ХӀунда аьлча оцу маликийн суьртийн тӀемаш цу тӀорказна тӀехула дӀасадаржийна дара, цундела тӀорказ а, цуьнан гӀуркхаш а дӀахьулдора цара. 8И гӀуркхаш деха хиларна, церан юьхьигаш гучуйолура езачу чоьнна чуьра уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха агӀор. Амма арахула и юьхьигаш гуш яцара. Уьш тахханалц а лаьтташ ю цу чохь. 9 dОцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. И тӀулган экъанаш Муса-пайхамаро ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, уьш Мисар-махкара арабаьхначул тӀаьхьа. 10 eДинан дай оцу езачу чоьнна чуьра арабевлча, Везачу Элан цӀа чохь марха хӀоьттира. 11И Везачу Элан цӀа Цуьнан олаллин нуьрах дузарна, кхин дӀа шайн гӀуллакх дан ца делира динан дайшка. 12 fТӀаккха Сулим-паччахьо элира: «Везачу Эло малх кхоьллина стигалахь иза къагийта ▼▼...малх кхоьллина, стигалахь иза къагийта – и дешнаш ду цхьана ширачу гочдар чохь, ткъа Ӏебархойн маттахь уьш дац.
,ткъа Шен боданехь Ӏан лаам бу аьллера Цо.
13Амма аса Хьуна исбаьхьа цӀа дӀахӀоттийна,
Хьо цу чохь абаденналц вахийта».
Сулим-паччахьо халкъе дӀахьедар до
(2 Шерашкахь 6:3-11)
14Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира и халкъ. 15ТӀаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега: 16 h„Мисар-махкара Сайн Исраилан халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гӀала ца къастийра Аса, Сан цӀе язъян лерина цӀа хилийтархьама. Амма хӀинца Дауд-паччахь хаьржина Ас ▼▼...Дауд-паччахь хаьржина Ас... – Грекийн гочдар тӀехь: ...Ярушалайм-гӀала а хаьржина Ас, Дауд-паччахь а хаьржина Ас...
Сайн Исраилан халкъана тӀехь олалла дайта!“ 17 jСан дена Даудана чӀогӀа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀотто. 18Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цӀе язъян лерина долу цӀа хӀоттадан хьан чӀогӀа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду. 19 kАмма хьо вац Аса и цӀа дӀахӀотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кӀанта дийр ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“. 20Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гӀанта тӀе хиира со, хӀинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа а дӀахӀоттийна. 21Везачу Эло вайн дай Мисар-махкара арабаьхча, Ша цаьрца бина барт тӀеязбина йолу тӀулгийн экъанаш чу йохку деза тӀорказ латто меттиг кечйина аса оцу цӀа чохь». Сулим-паччахьо дина доӀа
(2 Шерашкахь 6:12-42)
22ТӀаккха Сулим-паччахьо, сагӀа доккхучу Везачу Элан кхерчана хьалха дӀа а хӀоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха, куьйгаш стигала хьала а дахийтина, 23элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела, вац Хьох тера волу Дела я лакхахь стигалшкахь, я лахахь лаьтта тӀехь! Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тӀаьхьа хӀоьттинчу Хьайн лешна. 24Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина. 25 lТкъа хӀинца Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тӀаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“. 26Ткъа хӀинца, Исраилан халкъан Дела, бакъ хуьлийла Ахьа сан дена делла долу Хьан дош! 27 mАмма, бакъдерг аьлча, Ӏойла а дуй те Дела кху Лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хӀокху ас дӀахӀотийначу Хьан цӀа чу-м тарлойла а дац. 28Делахь а, дӀахозийла Хьуна сан доӀа а, Хьан лай волчун дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга тахана дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доӀанан а. 29 nАьлла-кх Ахьа: „Сан цӀе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бӀаьргаш хӀокху цӀенна тӀе дийнахь а, буса а! ЛадугӀийла Ахьа Хьан лай волчун доӀане, иза, хӀокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. 30ДӀахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доӀа а, Хьайн Исраилан халкъан доӀанаш а, цара, хӀокху меттехьа а бирзина, Хьайга доӀа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Ӏаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа тхуна. 31Масала, нагахь цхьа стаг вукхунна хьалха бехке а хилла, иза Хьан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттавахь, хӀокху Хьан цӀа чохь, ша бехке вац аьлла, цуьнга дуй баийта тарло. 32ТӀаккха стигалахь волчу Ахьа дӀахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тӀехь, бехке верг бехке озош, царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларца терра цунна доггӀург а деш. 33Масала, Хьан Исраилан халкъ, Хьуна хьалха къилахь хиларна, мостагӀчо иза эшор ду. Нагахь и халкъ, Хьоьга кхайкхамаш а беш, кху цӀа чохь волчу Хьоьга доӀанаш а, дехарш а деш, Хьоьгахьа дерзахь, 34стигалшкахь церан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа хӀокху Хьайн Исраилан халкъан къиношна. Айхьа хьалха церан дайшна делла долчу лаьтта тӀе уьш юхаберзабехьа. 35Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дӀа а къевлина, догӀа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доӀанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаӀийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тӀеберза тарло. 36ТӀаккха, доьху Хьоьга, дӀахазахьа стигалшкахь церан доӀанаш, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, даийтахьа хӀокху Хьайн лаьтта тӀе догӀа, Ахьа Хьайн халкъана тӀаьхьалонна делла хилла долчу. 37Нагахь хӀокху лаьтта тӀе адамашна я мацалла тӀеягӀахь, я адамаш хӀаллакдеш цамгарш кхетахь, я, мел долу хӀума дагош, бовха мох балахь, я адамаша дийна долу дерриге ялта а мекхано диъна дӀадаккхахь, я цӀоз, я нӀаьна тӀелатахь, я шайн лаьтта тӀехь адамаш Ӏен ца дуьтуш, мостагӀа тӀегӀортахь, я муьлхха а бохам хилахь, я ун кхетахь, 38тӀаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цӀенна тӀе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доӀанаш а, дехарш а дахь, 39доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь, цуьнан доӀа дӀахазий, гечдехьа цунна, гӀо дехьа. Хьуна цхьанна хаьа-кх хӀора адаман дагахь дерг. Цундела доьху Хьоьга, хӀора стагана а доггӀург цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина дехьа. 40Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха. 41Исраилхой а боцуш, кхин къомах долу адамаш догӀур ду Хьан цӀеран дуьхьа. 42ХӀунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цӀарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а. Уьш богӀур бу, кху Хьан цӀенна тӀе а бирзина, доӀанаш дан. 43ТӀаккха, доьху Хьоьга, дӀахазахьа Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь церан доӀанаш, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, Лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цӀе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТӀаккха массо а меттигашкара, доллу халкъашна а хуур ду, ас дӀахӀоттийна хӀара цӀа Ахь-Айхьа даздина хилар. 44Наггахь Ахьа Хьайн халкъе омра дийр ду, даха а гӀой, шайн мостагӀех лата аьлла. Масала, хӀокху Ахьа хаьржинчу гӀаланехьа а, Хьан цӀе язъян лерина дӀахӀоттийначу цӀенна тӀе а бирзина, цара Хьо вазвеш, Хьуна хастамаш беш, доӀанаш дахь, 45доьху Хьоьга, дӀахазахьа стигалшкахь церан доӀанаш а, церан дехарш а, бакъ а бехьа уьш. 46Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тӀаккха Ахьа, масала, царна оьгӀаз а вахана, уьш мостагӀашка эшабойтур бу. Ткъа мостагӀаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дӀабига мега уьш. 47Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доӀанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. 48Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагӀийн махкахь, уьш шайн цӀеначу даггара Хьуна тӀебирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гӀалехьа а, Хьан цӀе язъян ас дӀахӀотийначу Хьан цӀенна а тӀе а бирзина, цара доӀанаш дахь, 49тӀаккха ас доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь церан доӀанаш дӀа а хазий, бакъбехьа уьш. 50Гечдехьа Хьайн халкъана цара Хьайна хьалхахь латийначу къиношна а, Хьуна хьалха цара нийса ца динчу массо хӀуманна а, ткъа уьш йийсаре бигна болу мостагӀий царна къинхетаме хилийтахьа. 51ХӀунда аьлча иза Ахьа Хьайн дола даьккхина Хьан халкъ ма ду. Йогучу пешара эчиг санна долу Хьайн халкъ арадаьккхинера Ахьа Мисар-махкара. 52Хуьлийла хьан лергаш а, Хьан бӀаьргаш а сема Хьайн лай волчу сан а, Хьайн Исраилан халкъан а доӀанашна, уьш Хьайга кхойкхучу хенахь даим а Хьуна дӀахазархьама. 53ХӀунда аьлча Ахьа, Хьайн дола а баьхна, къастийна уьш Лаьттара массо а къаьмнашна юкъара, Ахьа Хьайн лай волчу Мусагахула ма-аллара, ва сан Хьалдолу Эла, Айхьа тхан дай Мисар-махкара арабаьхначу хенахь».Халкъ декъалдар
54Лаьтта гора а хӀоьттина, куьйгаш стигала хьала а кховдийна, Везачу Эле доӀа деш вара Сулим-паччахь. Шен доӀа чекх а даьккхина, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана уллора дӀа а хилла, 55халкъана хьалха а хӀоьттина, чӀоггӀачу озаца, гулделла долу халкъ Деле декъалдар дийхира Сулим-паччахьо. 56 oЦо элира: «Декъал ву Веза Эла, Шен Исраилан халкъана синтем белла волу, Ша цунна дош ма-даллара. Везачу Эло Шен лай волчу Мусагахула лур ду аьллачу диканех цхьа а ца дисина кхочуш ца деш. 57Хуьлийла вайн Веза Дела вайца а, Ша вайн дайшца ма-хиллара, дӀа ма воьрзийла Иза вайгахьара, ма дуьтийла Цо вай. 58Доьху ас Везачу Эле вайн дегнаш Шена тӀедерзор, Цуьнан некъашца вай лелийтархьама. ТӀаккха вай кхочушдийр ду Дала вайн дайшна делла долу весеташ а, хьехамаш а, тӀедехкинарш а. 59Вайн Везачу Далла даим а, дийнахь а, буса а дагахь хуьлийла хӀара сан доӀа а, сан дехарш а, Шен лай волу со а, Шен Исраилан халкъ а де дийне мел долу а бакъхилийтархьама. 60Иза ду, Веза Эла бакъволу цхьа Дела вуйла а, кхин Дела воцийла а массо а къаьмнашна хаийтархьама. 61Ткъа шу, адамаш, кхоччуш муьтӀахь хила деза вайн Везачу Далла. Аша Цуьнан хьехамаш кхочушбан а беза, Цуьнан весеташ, хӀинца санна, лардан а деза».Везачу Элан цӀа даздар
(2 Шерашкахь 7:4-10)
62ТӀаккха паччахьо а, массо а цуьнца болчу исраилхоша а Везачу Элана сагӀа даьккхира. 63Сулим-паччахьо Везачу Элана бертан сагӀина ткъе ши эзар бежана а, бӀе ткъа эзар уьстагӀ а беара. Иштта Сулим-паччахьо а, массо исраилхоша а Везачу Элан цӀа даздира. 64Оццу дийнахь Везачу Элан цӀийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира, цигахь дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш дохура, бертан сагӀанан дийнатийн мохь а ягайора. ХӀунда аьлча Везачу Элан цӀенна хьалхахь лаьтташ болчу сагӀа доккхучу йоьзачу кхерчана тӀе дерриг а и сагӀанаш ца тарлора. 65ТӀаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хӀоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цӀе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тӀекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхӀ дийнахь, цул тӀаьхьа кхин а ворхӀ дийнахь цигахь Ӏийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. 66Цул тӀаьхьарчу дийнахь Сулим-паччахьо халкъ дӀасахийцира. ТӀаккха, паччахь декъал а веш, шайн хӀусамашка юхадоьрзура адам. Халкъ самукъадаьлла дара, Везачу Эло шен лай волчу Дауд-паччахьна а, Шен Исраилан халкъана а дина дика хазахетта.
Copyright information for
CheCAC2012