1 Kings 9:3-5
3Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доӀа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хӀоттийна долу Сан цӀа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цӀе язъяйтархьама. Ас иза Ӏалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду. 4Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цӀена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде. 5 aТӀаккха и дерриг ахь кхочушдахь, хьан цӀийнах цхьаъ даим а Исраил-махкана тӀехь паччахьалла деш хир ву. Иштта дош деллера Ас хьан дена Даудана: „Хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“.
Copyright information for
CheCAC2012