1 Kings 10
Шеба-махкара йолу зуда-паччахь Сулим волчу яр
(2 Шерашкахь 9:1-12)
1 aШеба-махкахь йолчу зуда-паччахьна а хезира Везачу Элан сийлаллина хилла долу Сулим-паччахьан цӀе яхар. И зуда-паччахь Сулим-паччахьна тӀееара, иза чолхечу хаттаршца зерхьама. 2Шеба-мехкан зуда-паччахь Ярушалайм-гӀала еара, шеца йоккха ковра а ялош. Оцу эмкалшна тӀехь доьттина дахьаш дара хаза хьожа йогӀучу бецех дина хьакхарш а, дуккха деши а, деза тӀулгаш а. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. 3Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, Сулим-паччахье жоп ца далалуш. 4Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулим-паччахьан хьекъал хилар а, цо дина паччахьан цӀа а. 5Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Ӏаш болу меттиг а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, цо дӀахӀотто чагӀар а, Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагӀанаш а. И дерриг а шена гича, чӀогӀа инзаръяьллера иза. 6Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гӀуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. 7Амма со тешар яцара цунах, со ян а еана, сайн бӀаьргашна иза галлалц. ХӀинца суна го, сайна гинчух ах а дийцина ца хиллийла соьга. Хьан хьекъал а, хьан хьал а соьга дийцинчул дуккха а сов ду. 8Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш. Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хӀора денна хьуна гӀуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! 9Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьо Исраилан халкъан паччахь ван лиъна волу. Исраилан халкъе Шен гуттаренна а болу безам хиларна Везачу Эло хьох паччахь вина, хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а». 10ТӀаккха цо Сулим-паччахьна цхьа бӀе ткъа гали деши а, дуккха хаза хьожа йогӀучу бецийн хьакхарш а, деза тӀулгаш а делира. Шеба-мехкан паччахьо елла хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, Исраил-махка хьалха мел еанчарел, дуккха а сов яра. 11(Хьирам-паччахьан хӀордкеманаша а Апар-махкара деши деара. Цу махкара Хьирам-паччахьо деара дуккха а цӀен дечиг а, деза тӀулгаш а. 12Везачу Элан цӀенна а, паччахьан цӀенна а тӀегӀанашна тӀехула хьалаволучу хенахь, куьйгаца схьалаьцна, хьалавала аьтто беш йолу гӀортораш яйтира Сулим-паччахьо. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ХӀетталц цкъа а я деана а, я гина а дацара оццул долу цӀен дечиг.) 13ТӀаккха Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкара еанчу паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а ша совгӀатна еллачул а сов. Цул тӀаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира.Сулим-паччахьан хьал
(2 Шерашкахь 9:13-29)
14Сулим-паччахьна хӀора шарахь цхьа эзар кхо бӀе ткъе шийтта пунт деши дахьара. 15И деши доцург, йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а, берриг а Ӏаьрби-махкарчу паччахьаша а, шен мехкадайша а деши дахьара Сулим-паччахьна. 16ТӀаккха туьйсинчу деших дина ши бӀе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХӀора турсана ялх бӀе шекхал ▼▼Шекхал – цхьа шекхал итт грамм барамехь ду.
туьйсина деши дахнера. 17Иштта кхин а кхо бӀе кегий турсаш дайтира цо, хӀора турсана цхьа бӀе шовзткъе итт шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цӀенош чу дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 18Пийлан кӀомсарех доккха паччахьан гӀант дайтира паччахьо, цунна тӀе а цӀена деши диллира. 19Оцу гӀантана тӀеваха йиллина ялх тӀегӀа яра. ГӀантан букъ туху агӀо тӀехулара горга яра. ГӀантан шина а агӀор куьйган голаш хӀотторгаш яра, царна хӀоранна уллохь дина лоьмийн суьрташ дара. 20Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тӀегӀанна шинна а агӀор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гӀант хӀетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара. 21Сулим-паччахьан хьеший тӀеоьцуш лелош йолу пхьегӀаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолчу цӀенош чохь лаьтташ йолу кхин йолу хӀуманаш а ерриг а цӀеначу деших йина яра. Детих йина хӀумма а яцара, хӀунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чӀогӀа лахара бара. 22Кхечу мехкашца йохкаэцаран гӀуллакхна вовшахтоьхна хӀордана тӀехула лелаш хинкеманаш дара паччахьан. Уьш Хьирам-паччахьан хӀордкеманашца цхьаьна лелара. ХӀора кхаа шарахь цкъа хӀордкеманаш, деши, дети, пийлан кӀомсарш, маймалш, тӀаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура. 23Дуьненна чуьра массо а паччахьал а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. 24Дуьненна чуьра массо а адамна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. 25Шо шаре мел долу дукха адам догӀура Сулим-паччахь гархьама, шаьш богӀуш цара хӀораммо а совгӀаташ дахьара: детих а, деших а йина хӀуманаш, тӀеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, говраш, бӀарзанаш. 26 cЧкъургаш йолу дойн гӀудалкхаш а, говраш а гулйинера Сулим-паччахьо. Дойн гӀудалкхаш цхьа эзар йиъ бӀе яра, шийтта эзар говр яра. Оцу говрех цхьаерш царна къастийна тойинчу меттигашкахь, ткъа кхиерш Ярушалайм-гӀалахь дӀахӀиттайора Сулим-паччахьо. 27 dДетин барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 28 eТкъа говраш Мисар-махкара а, Килик ▼▼Килик – Ӏебархойн маттахь: Кхавей.
цӀе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура. 29Мисар-махкара яхьачу чкъургашна тӀехь йинчу дойн гӀудалкхийн мах ялх бӀе дато шекхал ахча бара, ткъа цхьана динан мах цхьа бӀе шовзткъе итт дато шекхал ахча бара. Иштта уьш массо а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша.
Copyright information for
CheCAC2012