1 Kings 11
Сулим-паччахь Дала бохучунна тӀера дӀаверзар
1 aХийрачу мехкашкара зударий безара Сулим-паччахьна. ПирӀунан йоӀ йоцург, царна юкъахь бара муабахойн, Ӏамминхойн, эдомхойн, цӀаданхойн, хьетахойн йоӀарий. 2 bУьш бара Везачу Эло исраилхошка иштта дешнаш аьллачу оцу къаьмнех: «Аша оцу къаьмнех йолу зуда яло мегар дац, шаьш цаьрга шайн деланашна тӀаьхьа ца хӀиттадайтархьама». Амма и зударий тӀех дукха безарна, корта дӀабаханера Сулим-паччахьан. 3Иштта, ворхӀ бӀе зуда а, кхо бӀе гӀарбаш-зуда а яра Сулим-паччахьан. Оцу зударша бакъболчу некъа тӀера дӀаваьккхира Сулим-паччахь. 4Сулим-паччахь къанвелча, цу зударша шайн деланашкахьа дӀаверзийра иза. Цундела Сулим-паччахьан дог, шен ден Даудан ма-хиллара, шен Везачу Далла дерриг а дӀаделла дацара. 5ЦӀаданхойн Ӏаштарт ▼▼Ӏаштарт – иза Хьалхарчу Азехь даьхначу къаьмнийн хьийкъина ялта даларан а, безаман а дела ю бохург ду.
цӀе йолчу далла а, МилкӀом ▼▼МилкӀом – иза канаӀанхойн дела ву бохург ву. Цунна сагӀина дийна бераш дохьура, къаьсттина – Ӏамминхоша.
цӀе йолчу чӀогӀа боьхачу Ӏамминхойн далла а тӀевирзира Сулим-паччахь. 6Иштта Везачу Элана хьалха шех зулам далийтира Сулим-паччахьо. Иза, шен да Дауд санна, кхоччуш тӀаьхьа ца хӀоьттира Везачу Элана. 7ТӀаккха Сулим-паччахьо Ярушалайм-гӀалина малхбалехьа лаьттачу борзана тӀехь цӀу-деланашна Ӏамал ен меттигаш дӀахӀиттийра: муабахойн цӀунна Камошна а, Ӏамминхойн цӀунна Мулкана а. И цӀуш Далла хьалха боьха лоруш бу. 8Иштта шен хийрачу мехкашкара ялийначу массо а зудчунна шайн-шайн деланашна баьрзнашна тӀехь хӀиттийначу кхерчаш тӀехь хаза хьожа йохуьйту меттигаш а, сагӀа доккху меттигаш а кечъяйтинера Сулим-паччахьо. 9Веза Эла оьгӀазвахара Сулим-паччахьна, шена шозза а дуьхьал хӀоьттина волчу Исраилан халкъан Везачу Делехьара цо шен дог дӀадерзадарна. 10Везачу Эло ца магийнера Сулим-паччахьна кхечу деланашна тӀаьхьахӀоттар, амма Сулим-паччахьо кхочуш ца дира Везачу Эло шега дина омра. 11ТӀаккха Везачу Эло элира Сулим-паччахье: «Хьо иштта леларна а, ахьа Соьца бина барт лар ца барна а, Аса хьайна бина хьехамаш ахь кхочуш ца барна а, Аса хьоьгара пачхьалкх билггала схьайоккхур ю, иза хьан уллорачарах цхьаннан кара а луш. 12Амма хьан ден Даудан дуьхьа Аса иза цкъа, хӀинца хьо дийна мел ву, дийр дац. Хьан кӀентан карара дӀайоккхур ю Ас и пачхьалкх. 13Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гӀалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кӀантана». Сулим-паччахьан мостагӀий
14ТӀаккха Везачу Эло Эдом-махкара паччахьан доьзалера волу ХӀадад, Сулим-паччахьан мостагӀа а вина, дуьхьалваьккхира цунна. 15Иза иштта хилира: хьалха Дауд-паччахьо Эдом-махкаца тӀом бечу хенахь цу тӀамехь белларш дӀабохкархьама веана волчу эскаран хьаькамо Йоаба балаза бисина болу берриг а эдомхойн божарий байира. 16Йоаб а, кхиболу исраилхой а ялх баттахь Ӏийра цигахь, шаьш берриг а эдомхойн божарий хӀаллакбаллалц. 17Ткъа ХӀадад цу хенахь жима бер дара. Иза шен ден ялхой болчу масех эдомхочуьнца Мисар-махка дӀаведдера. 18Мадани-махкара дӀа а бевлла, уьш Паран цӀе йолчу яьссачу аренга дӀабахара. ТӀаккха оцу Паранера адамаш а далош, Мисар-махкара пирӀунна тӀе баьхкира уьш. И пирӀун Мисар-мехкан паччахь вара, цо, ХӀададна Ӏан меттиг а, латта а, юург а елла, тӀеийцира иза. 19ПирӀуно, ша ХӀададна чӀогӀа резахиларна, шен зудчун йиша яхийтира цуьнга маре. Паччахьан зудчун цӀе Тахьпанайса яра. 20Оцу ХӀададан зуда йолчу Тахьпанайсин йишас кӀант вира цунна. Оцу кӀантана Ганубати цӀе тиллира. Тахьпанайсас и кӀант паччахьан керта валийра, иза пирӀунан берашца цуьнан кертахь Ӏаш вара. 21Мисар-махкахь ша Ӏаш волуш, ХӀададна хезира, Дауд-паччахь, вала а велла, шен дайх дӀакхетта хилар а, иштта эскаран хьаькам Йоаб а велла хилар а. ТӀаккха ХӀадада элира пирӀуне: «Ахь со дӀахецахьара, сайн махка цӀа верза йиш хир яра сан». 22Ткъа пирӀуно хаьттира ХӀададе: «Со волчохь хьуна хӀун ца тоьънера, хьайн махка верза хьан лаам хила?» ХӀадада жоп делира: «Дерриг а дара сан, делахь а дӀахецахьа со», – аьлла. 23Кхин а цхьа мостагӀа дуьхьалваьккхира Дала Сулим-паччахьна. Иза вара ЭлидаӀан кӀант Ризун, шен олахо волчу Цоба-мехкан паччахьах ХӀадад-Ӏезарх дӀаведда волу. 24Дауд-паччахьо ХӀададӀезар-паччахьна тӀехь толам баьккхича, шена гонах адамаш а гулдина, оцу жимачу эскаран хьаькам хилира ЭлидаӀан кӀант Ризун. Уьш Дамасакх-гӀала бахара, цигахь а бисина, паччахьаша санна, олалла дора цара. 25Даим, Сулим-паччахь дийна мел ву, Исраил-мехкан мостагӀа вара Ризун. ХӀадада динчу зуламашна иза а тӀекхийтира. Ткъа Ризуна, арамхойн паччахь а хилла, Исраил-махкана зулам дора.Дала ЯрбаӀаме делла дош
26НабатӀан кӀант ЯрбаӀам а велира Сулим-паччахьна дуьхьал. ЦӀарда-юьртара эпраймхо волу ЯрбаӀам Сулим-паччахьан ялхо вара. Цуьнан нана ЦаруӀат йисина Ӏаш яра. 27Ткъа хӀара ду ЯрбаӀам Сулим-паччахьна дуьхьалваларх лаьцна дийцар. Сулим-паччахьо Милло цӀе йолу терхийн басенаш меттахӀоттаяйтинера. Иштта шен ден Даудан гӀалина гонах долу пенаш а тодойтуш хилла иза. 28ЯрбаӀам онда стаг вара. Цо болх бечу хенахь Сулим-паччахьна гира цу къонахчунна шен болх дика бан хаар. ТӀаккха Сулим-паччахьо Юсупан тайпанах болчеран махкахь болх беш болчу массарна а тӀехь хьаькам хӀоттийнера ЯрбаӀам. 29Цхьана дийнахь ЯрбаӀам Ярушалайм-гӀалара араваьлла вогӀуш вара. Новкъахь цунна шилунхо волу, АхьъяхӀу цӀе йолу цхьа пайхамар дуьхьалкхийтира. Ткъа оцу аренгахь уьш шаьш бара. 30ТӀаккха АхьъяхӀус, шена тӀера цӀена бедар схьа а яьккхина, иза шийтта декъе йийкъира. 31Цул тӀаьхьа АхьъяхӀус ЯрбаӀаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХӀунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дӀалур ду Ас. 32Амма цхьа дакъа Сулиман карахь дуьтур ду Ас, Сайн лай волчу Даудан дуьхьа а, Исраил-мехкан юкъара Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гӀалин дуьхьа а. 33Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тӀера дӀа а ваьлла, цӀаданхойн цӀу-далла Ӏаштартана а, муабахойн цӀу-далла Камошна а, Ӏамминхойн цӀу-далла МилкӀомна а Ӏибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тӀера дӀа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дӀахӀоьттина. Цу гӀуллакхашна тӀехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира. 34Амма Ас ерриг а пачхьалкх схьайоккхур яц Айса хаьржинчу Сулим-паччахьан карара. Сан весеташ а, Сан хьехамаш а лардина волчу, Ас хаьржинчу Сайн лайн Даудан дуьхьа могуьйтур ду Ас Сулимана ша велла дӀаваллалц паччахьалла дан. 35Амма цуьнан кӀентан карара дӀадоккхур ду Ас и паччахьалла, ткъа хьоьга пачхьалкхан итт декъана тӀехь олалла дойтур ду Ас. 36Сулим-паччахьан кӀанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цӀе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гӀалахь Сайна хьалха цуьнан тӀаьхьенах волчуьнга олалла дайта а. 37Ас хӀинца хоржу хьо, ткъа тӀаьхьа ахьа олалла дийр ду хьайн дагна лиъначу хӀуманна тӀехь. Хьо хир ву Исраил-мехкан паччахь. 38Нагахь Ас омра мел динарг ахь кхочуш а дахь, хьо Суна тӀаьхьа а хӀоттахь, ахь Сан хьехамаш а, Сан весеташ а лардахь, Сан лай волчу Дауда лар ма-дарра, тӀаккха Со хир ву хьоьца. Ас чӀагӀдийр ду хьан цӀа. Хьан цӀийнах паччахьийн цӀа дийр ду Ас, Айса Даудана ма-дарра, Исраилан халкъ Ас хьоьга дӀалур ду. 39Ас охьатаӀор ю Даудан тӀаьхье, Сулим-паччахьо иштаниг шегара далийтарна, амма иза гуттаренна а дийр дац, цхьана ханна бен“». 40Ткъа Сулим-паччахь ЯрбаӀам вийна дӀаваккха лууш вара. ТӀаккха ЯрбаӀам Мисар-махка дӀаведира. Иза, Мисар-мехкан паччахь волчу Шушакхана тӀе а вахана, Сулим-паччахь дӀакхалххалц Мисар-махкахь Ӏийра.Сулим-паччахьан дӀакхалхар
(2 Шерашкахь 9:29-31)
41Сулим-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан хьекъалаллех а лаьцна – яздина ду Сулим-паччахьан гӀуллакхех долчу тептар тӀехь. 42Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тӀехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира. 43ТӀаккха Сулим-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен ден Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кӀант РахьбуӀам.
Copyright information for
CheCAC2012