1 Kings 12
Къилбаседера тайпанаш карзахдахар
(2 Шерашкахь 10:1-19)
1РахьбуӀам Шехем-гӀала дӀавахара, хӀунда аьлча берриге а исраилхой цига дӀабаханера, иза паччахь дӀахӀотторхьама. 2Шена иза дӀахезча, НабатӀан кӀант ЯрбаӀам Мисар-махкахь висира. Цигахь иза Сулим-паччахьах ведда ваххарх Ӏаш вара. 3Амма цара, ЯрбаӀамна тӀе нах а бахийтина, цуьнга юхаверзар дийхира. ТӀаккха ЯрбаӀам а, массо исраилхой а РахьбуӀам волчу дӀабахча, халкъо цуьнга элира: 4«Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гӀуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хӀинца дайдехьа. ТӀаккха оха хьуна хьалхара гӀуллакх дийр дара». 5РахьбуӀама элира: «Кхо де даьлча юхадуьйла суна тӀе, аса жоп лур ду шуна». Халкъ дӀадахара. 6РахьбуӀам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимна хьехамчаша санна гӀуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуӀама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хӀун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла. 7Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь, таханлерчу дийнахь хьо оцу халкъана ялхо а хилла, ахьа царна гӀуллакх а дахь, цаьрца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу». 8Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуӀама дӀатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гӀуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза. 9Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хӀун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“». 10РахьбуӀамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча диллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цӀазапӀелг сан ден гӀодаюкъал а стомма бу. 11Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна“». 12Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаӀам а, дерриг халкъ а кхозлагӀчу дийнахь РахьбуӀамна тӀедеара. 13Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дӀа а теттина, 14кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуӀама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна». 15Иштта паччахьо ла ца дуьйгӀира халкъо шега бохучуьнга, хӀунда аьлча иза Везачу Эло нисдинера, Ша НабатӀан кӀанте ЯрбаӀаме шилунхо волчу АхьъяхӀугахула аьлларг кхочушхилийтархьама. 16 aМассо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугӀийла гича, паччахье элира: «Вай Даудан цӀийнах схьадевлла ма дац!Юшайн кӀентан цӀийнаца доьзна ма дац вай!
Цундела шайн-шайн цӀа дерза шу, исраилхой.
Даудан кӀанта ша дойла шен цӀентӀехь олалла!»
Иштта исраилхой шайн-шайн цӀа дӀасабахара. 17Ткъа РахьбуӀама ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь Ӏаш болчу исраилхошна тӀехь паччахьалла дира. 18Цо белхалошна тӀехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тӀе, амма исраилхоша иза, тӀе тӀулгаш кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуӀам сихха гӀудалкха чу хиира, Ярушалайме дӀавадархьама. 19Иштта тахханалц а Даудан цӀенна дуьхьалбевлла Ӏаш бу исраилхой. 20ЯрбаӀам цӀа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тӀаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийра. ЯхӀудан тайпанах берш бен ца хӀиттира Даудан цӀийнах болчарна тӀаьхьа.
ШамӀа-ЯхӀу-пайхамаро бина хаам
(2 Шерашкахь 11:1-4)
21РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, дерриге а ЯхӀудан цӀийнах а, Бен-Яманан тӀаьхьенах а волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, Сулим-паччахьан кӀентан РахьбуӀаман кара паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. 22ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Дала элира: 23«Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье РахьбуӀаме а, ЯхӀудан, Бен-Яманан тӀаьхьенах болчу массаьрга а, кхидолчу халкъе а дӀаала: 24„Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“». Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, уьш Цо ма-бохху юхабирзира.ЯрбаӀам Делах дӀаверзар
25ЯрбаӀама Эпрайм-лам тӀехь йолу Шехем-гӀала чӀагӀйира. Иза цу чохь ваха охьахиира. Эццара дӀа Пенуал-гӀала а вахана, иза чӀагӀйира цо. 26Шен дагахь ЯрбаӀама бохура: «Паччахьалла дар юха а Даудан тӀаьхьенан карадерза там бу. 27Нагахь халкъо, Ярушалайме а оьхуш, Везачу Элан цӀийнан кертахь сагӀа даккха доладахь, адамийн дегнаш юха а яхӀудхойн паччахь волчу РахьбуӀамна тӀедоьрзур ду. ТӀаккха цара со вуьйр ву». 28 bЯрбаӀама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТӀех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хӀорш бу». 29Цхьа дашо эса Бетал-гӀалахь, важа – Дан-гӀалахь дӀахӀоттийра цо. 30Цу гӀуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гӀала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Ӏибадат дан. 31Иштта гунаш тӀехь Везачу Элан а, харцделанийн а цӀенош догӀийтира ЯрбаӀама. Массо а халкъана юкъарчу нахах динан дай бина дӀахӀиттийра цо, уьш Левин тӀаьхьенах боццушехь.Бетал-гӀалахь Ӏибадат дарна дуьхьал дош алар
32 cШеран борхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь ЯхӀуд-махкахь даздеш хиллачу кепара деза де билгалдаьккхира цо. Оцу дезачу дийнахь сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀанаш дохура цо. Изза дира цо Бетал-гӀалахь а, деших ша динчу эсашна сагӀанаш а дохуш. Бетал-гӀалахь ша динчу сагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх деш динан дай дӀахӀиттийра цо. Шеран борхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, ша билгалбаьккхинчу баттахь, исраилхошна ша хӀоттийначу дезачу дийнахь, ша дӀахӀоттийначу сагӀа доккхучу кхерчана тӀе вахара иза, цигахь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама.33
Copyright information for
CheCAC2012