‏ 1 Kings 13

1ЯрбаӀам-паччахь сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀа даккха воллучу хенахь, Везачу Элан омрица ЯхӀуд-махкара цхьа Делан стаг Бетал-гӀала веара. 2 aВезачу Элан омрица оцу стага сагӀа доккхучу кхерче элира: «Ва сагӀа доккху кхерч! Везачу Эло хӀара боху: „Даудан цӀийнах кӀант вер ву, Юши-ЯхӀу цӀе йолу. СагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх а деш, цигахь сагӀанаш доху динан дай, байа а байина, хьуна тӀехь сагӀина бахьар бу цо, хьуна тӀехь адамийн даьӀахкаш ягор ю“». 3Оццу дийнахь Делан стага цхьа билгало елира, иштта дешнаш а аьлла: «И дешнаш Везачу Элера хиларан билгалонна хӀара хир ду: и лаьтташ болчу сагӀа доккхучу кхерчах, эккха а иккхина, ши дакъа хир ду, цунна тӀера чим дӀаса а баьржар бу».

4Делан стага Бетал-гӀалахь сагӀа доккхучу кхерчехьа а вирзина аьлла дешнаш шена хезча, ЯрбаӀама, шен куьг дӀа а кховдош, элира: «Схьалаца иза!» ТӀаккха Делан стагехьа дӀакховдийна долу цуьнан куьг заьӀап хилира. ЯрбаӀаме шен куьг меттах а ца даккхалора. 5СагӀа доккху кхерч шина декъе бекъабелира, цунна тӀера чим дӀаса а баьржира. Иза хилира Делан стага йинчу билгалонца, Везачу Эло цунна омра ма-дарра. 6ЯрбаӀам-паччахьо Делан стаге элира: «Хьайн Везачу Деле суна тӀера доӀа а дай, дехахьа сан куьг тодар».

Делан стага Везачу Эле дийхира. Паччахьан куьг, ша хьалха ма-хиллара, тоделла дӀахӀоьттира.
7Паччахьо Делан стаге элира: «Ахьа, соьца цӀа чу а волий, яа хӀума яа. Аса хьуна совгӀат дийр ду».

8Амма Делан стага паччахье элира: «Ахьа хьайн бахамах ахдакъа суна делча а, вогӀур вац со хьоьца. Аса бепиг а дуур дац, хи а мер дац хӀокху меттехь, 9хӀунда аьлча Везачу Эло тӀедиллина суна: „Бепиг а ма даалахь, хи а ма малалахь эццахь, хьо дӀаваханчу новкъахула юха а ма верзалахь“, – аьлла». 10Бетал-гӀала ша схьавеанчу новкъахула а ца воьдуш, кхечу новкъахула юхавирзира иза.

Бетал-гӀалара къена пайхамар

11Бетал-гӀалахь вехаш вара пайхамар волу цхьа къано. Оцу пайхамаран кӀенташа
КӀенташа – иштта ду цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь. Ӏебархойн маттахь: кӀанта.
, бахка а баьхкина, Делан стага цу дийнахь динарг дерриг а дӀадийцира цуьнга. Иштта Делан стага паччахьна мел аьлларг дӀадийцира пайхамаран кӀенташа.
12Дас хаьттира цаьрга: «Муьлхачу новкъахула дӀавахара иза?» КӀенташа шайн дена гайтира муьлхачу новкъахула дӀавахара ЯхӀуд-махкара веана волу Делан стаг. 13Пайхамаро шен кӀенташка элира: «Суна вир дӀайожа». Вир дӀаюьйжира, иза цунна тӀехиира. 14Пайхамар Делан стагана тӀаьхьавахара. Иза ножан диттана кӀел хиъна Ӏаш а карийна, пайхамаро цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и ЯхӀуд-махкара веана хилла волу Делан стаг?»

Вукхо элира: «Со ву».

15Пайхамаро элира: «Сан цӀа чу а волий, бепиг даа хьайна».

16Вукхо жоп делира: «Юха а вирзина, хьан цӀа вогӀийла дац сан. Дуур дац аса хьо волчохь бепиг а, мер дац аса кхузахь хи а, 17хӀунда аьлча Везачу Элан дош ду соьга: „Эццахь бепиг а ма даалахь, хи а ма малалахь, хьо дӀаваханчу новкъахула юха а ма верзалахь“», – аьлла.

18Пайхамаро элира: «Со а ву хьо санна пайхамар. Везачу Элан омрица цхьана малико соьга аьлла: „Хьайн цӀа юхаверзаве иза. Цуьнга бепиг а даийта, хи а малийта“». Амма пайхамаро аьлларг харцдерг дара.

19Цо шега и аьлча, Делан стага, юха а вирзина, пайхамаран цӀахь бепиг а диира, хи а мелира. 20Уьш яа хӀума юуш бохкуш, и стаг юхаверзийначу пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. 21ЯхӀуд-махкара веанчу Делан стаге пайхамаро элира: «Везачу Эло хӀара боху: „Ахьа Везачу Эло аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьан Везачу Дала бохург а ца деш, 22юха а вирзина, Дала хьайга ‘бепиг ма даалахь, хи ма малалахь’ аьллачу оцу меттехь ахьа бепиг а даарна, хи а маларна, хьан дакъа дайн къубба чу дуьллур дац“».

23Делан стаг бепиг диъна а, хи мелла а ваьлча, пайхамаро вир дӀаюьйжира цунна. 24И стаг дӀаволавелира. Иза новкъахула воьдуш, дуьхьал лом кхийтира цунна. Лоьмо и стаг цистира. Новкъахь Ӏуьллучу цуьнан докъана уллохь лом а, вир а лаьттара. 25Уллохула чекхдовлучу адамашна новкъахь дӀатесна Ӏуьллу дакъа а, цунна юххехь лаьтта лом а гира. Пайхамар волу и къано вехаш волчу гӀала а бахана, оцу наха и дерриг а дӀадийцира.

26И дерриг а шена дӀахезча, стаг юхаверзийначу пайхамаро элира: «Везачу Элан дашна дуьхьало йина волу Делан стаг ву иза. Везачу Эло лоьман кара дӀавелира иза. Везачу Эло цуьнга аьлла ма-хиллара, лоьмо, цеста а цестина, иза вийра». 27Пайхамаро шен кӀенташка элира: «ДӀайожал суна вир». КӀенташа вир дӀаюьйжира. 28Пайхамар новкъавелира. Новкъахь дӀатесна Ӏуьллу Делан стеган дакъа гира цунна. Ткъа цунна уллохь лаьтташ виррий, ломмий дара. Лоьмо дакъа а ца диънера, вир а ца цистинера. 29Пайхамаро, Делан стеган дакъа схьа а эцна, иза вир тӀе а диллина, юхадеара. Пайхамар волу и къано шен гӀала юхавирзира, цуьнан дакъа дӀа а дуллуш, белхар хӀотторхьама. 30Пайхамаро и дакъа шен къубба чу диллича, иза а, цуьнан кӀентий а Делан стагана боьлхура: «Маржа-яӀ, сан ваша!» – бохуш. 31И стаг дӀавоьллинчул тӀаьхьа цо шен кӀенташка элира: «Со велча, и Делан стаг дӀавоьллинчу къубба чохь дӀаволла со а. Цуьнан даьӀахкашна улло сан даьӀахкаш а яхка. 32ХӀунда аьлча билггал кхочуш хир ду оцу стага, шена Везачу Эло тӀе-ма-диллара, Бетал-гӀаларчу сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал а, Шамран-махкарчу гӀаланашкахь болчу гунашкахь лаьттачу харцделанийн цӀеношна дуьхьал а аьлларг».

ЯрбаӀама бохам боккхуш латийна къа

33И хӀума хиллачул тӀаьхьа а шен харцнекъаш тӀера дӀа ца велира ЯрбаӀам. Массо а халкъана юкъара схьа а оьций, сагӀа доккхучу гунийн динан дай дӀахӀиттабора цо. Шена дӀахӀитто мел лиънарш ЯрбаӀама къобалбора сагӀа доккхучу гунашна тӀехь динан дайша санна гӀуллакхдарна. 34Оцу гӀуллакхо ЯрбаӀаман цӀентӀехь мел волчуьнга къинош летадойтура, ткъа и бахьана долуш тӀаьхьо цуьнан тӀаьхьенна бохам хилира, иза лаьтта тӀера дӀа а йоккхуш.
Copyright information for CheCAC2012