‏ 1 Kings 14

ЯрбаӀаман кӀант валар

1Цу хенахь ЯрбаӀаман кӀант Аби-ЯхӀу цомгуш хиллера. 2ЯрбаӀама шен зудчуьнга элира: «Яло, хьо сан зуда юйла ца хаийта, хьайна тӀе хийцина хӀума а юхий, Шилун-гӀала гӀо. Цигахь вехаш АхьъяхӀу цӀе йолу цхьа пайхамар ву. Со хӀокху халкъан паччахь хилла дӀахӀоттор ву аьлла, хаам бинера цо. 3Хьайца итт бепиг, масех хьокхам, кхаби чохь моз а хьош, и пайхамар волчу гӀо. Цо эр ду хьоьга вайн кӀантах хиндерг».

4Зудчо ЯрбаӀама боххург дира. Иза, Шилун-гӀала а яхана, АхьъяхӀун цӀа еара. АхьъяхӀу са гуш вацара. ЧӀогӀа къена хиларна, цуьнан бӀаьрса дайнера. 5Везачу Эло АхьъяхӀуга элира: «ЯрбаӀаман зуда ю хьуна тӀе йогӀуш, шен кӀантах хиндерг хьоьга хаттархьама. И кӀант цомгуш ву. И зуда ша ца йовзийта тӀе хийцина хӀума юьйхина хир ю». ТӀаккха Везачу Эло цуьнга элира оцу зудчуьнга ала дезарг.

6ЧуйогӀучу оцу зудчун когийн тата шена хезча, АхьъяхӀус элира: «Чуйола, ЯрбаӀаман зуда. Ахьа хьайн йоцу бедар тӀе хӀунда юьйхира? Вон кхаъ бу сан хьоьга ала. 7Яло, дӀа а гӀой, ЯрбаӀаме ахьа ала: „Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: ‘Дерриге а халкъана юкъара хьо лакха а ваьккхина, Сайн Исраилан халкъан баьчча вина дӀахӀоттийра Аса. 8Даудан цӀийнан паччахьалла, схьа а даьккхина, Аса хьан кара делира. Амма хьо сан ялхо волу Дауд санна вац. Дауда сан весеташ а кхочушдора, шен доггах Суна тӀаьхьа а хӀоьттира иза, Суна нийса хеташ дерг бен ца деш. 9Ткъа хьо хьайл хьалха хиллачу массо а паччахьел а сов зуламаш деш хили. Со оьгӀаз а вохуьйтуш, лалийначу хӀуманах цӀуш а бина, хьайна кхин деланаш дӀахӀиттийна ахь, ткъа Со-м кхоччуш дӀатеттина ахь. 10 aЦундела Аса ЯрбаӀаман цӀенна тӀе бохам боуьйтур бу. ЯрбаӀаман цӀентӀера хӀора боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хӀаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дӀадоккхур ду Аса ЯрбаӀаман цӀа. 11ЯрбаӀаман цӀийнах волу гӀали чохь велла муьлхха а стаг жӀаьлеша вуур ву. Аренгахь беллачарна стигалан олхазарша зӀок еттар ю. Иштта боху Везачу Эло!’“»

12ТӀаккха АхьъяхӀу-пайхамаро ЯрбаӀаман зудчуьнга элира: «Ткъа хӀинца хьайн цӀа гӀо. Ахьа гӀали чу ког боккхушехь, хьан кӀант лийр ву. 13Дерриг а Исраилан халкъо белхар хӀоттор ду, тӀаккха иза дӀавуллур ву. ЯрбаӀаман доьзалх иза цхьаъ бен дӀавоьллина хир вац, хӀунда аьлча ЯрбаӀаман цӀийнах болчарна юкъахь бен цхьа а диканиг ца карийна Исраилан халкъан Везачу Далла. 14Везачу Эло Исраилан халкъана тӀехь керла паччахь хӀоттор ву. Цо ЯрбаӀаман цӀа хӀаллакдийр ду. Иза кестта хир ду. 15Хино лестош болу эрз санна хилла, дӀахӀоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таӀзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тӀера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дӀасадаржор ду иза. 16ЯрбаӀам-паччахьо ша летийна долу а, Исраилан халкъе летадайтина долу а къинош бахьанехь, Везачу Эло Исраилан халкъ дуьтур ду».

17ЯрбаӀаман зуда, хьала а гӀаьттина, Тирца-гӀала юхайирзира. Цо шен цӀа чу ког боккхушехь, цуьнан кӀант велира. 18Везачу Эло Шен ялхо волчу АхьъяхӀу-пайхамарехула ма-аллара, и кӀант дӀавоьллира, массо а исраилхоша цунна белхар хӀоттийра.

ЯрбаӀаман валар

19ЯрбаӀам-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цо бинчу тӀамех а, цо динчу паччахьаллех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 20ЯрбаӀама ткъе шина шарахь паччахьалла дира. ТӀаккха, дӀа а кхелхина, иза шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Надаб.

ЯхӀудхойн паччахь РахьбуӀам

(2 Шерашкахь 11:5–12:15)

21Сулим-паччахьан кӀант РахьбуӀам яхӀудхойн паччахь вара. РахьбуӀам паччахь хилла дӀахӀуттуш цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло, Шен цӀе язъяйтархьама, Исраил-мехкан гӀаланашна юкъара схьахаьржинчу Ярушалайм-гӀалахь вуьрхӀитта шарахь паччахьалла дира цо. РахьбуӀаман ненан цӀе НаӀмат яра. Иза Ӏамминхо яра.

22ЯхӀудан халкъо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шаьш летош долчу къиношца шайн дайша чул а сов дарвора яхӀудхоша Веза Эла. 23 bЦара шайна сагӀа доккху гунаш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дӀахӀиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу дитта кӀелахь а. 24 cОцу махкахь а бара цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий. Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхара дӀалелхийначу наха мел лелийна дегаза гӀуллакхаш леладора яхӀудхоша а.

25 dРахьбуӀам паччахь волу пхоьалгӀа шо долуш, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелетира. 26 eВезачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а ерриге а еза хӀуманаш дӀаяьхьира цо. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хӀума а дӀадаьхьнера. 27Церан метта РахьбуӀам-паччахьо цӀестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цӀийнан ков лардечу гӀаролхойн хьаькамийн караделира. 28Паччахь хӀоразза а Везачу Элан цӀа чу волуш, гӀаролхоша и турсаш схьаоьцура. Цул тӀаьхьа гӀаролхойн цӀа чу шен метте охьадохкура цара уьш.

29РахьбуӀаман кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 30РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь ца соцуш тӀом лаьттира. 31ТӀаккха РахьбуӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан ненан цӀе НаӀмат яра. Иза Ӏамминхо яра. РахьбуӀаман метта цуьнан кӀант Аби-ЯхӀу дӀахӀоьттира паччахь хилла.
Copyright information for CheCAC2012