‏ 1 Kings 16

1Хьананин кӀант волчу ЯхӀу-пайхамаре Везачу Эло, БаӀша-паччахьна лерина хаам а беш, элира: 2«Аса хӀумма а воцучу хьох Сайн Исраилан халкъан баьчча вира, ткъа хьо ЯрбаӀам-паччахьан новкъахула вахана, Сан Исраилан халкъ къинойх а дузуш. Цара шаьш летош долчу къиношца Со дарвина. 3ХӀинца Аса дӀавоккхур ву хьо а, цуьнан цӀийнах мел верг а. НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман цӀенна диннарг дийр ду Аса хьан цӀенна а. 4Хьан цӀийнах волу гӀалахь велларг жӀаьлеша вуур ву. Ткъа аренгахь веллачунна стигалан олхазарша зӀакарш еттар ю».

5БаӀша-паччахьан кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел кхочушдинчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 6БаӀша, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Тирца-гӀалахь дӀавоьллира. БаӀшин метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Эли.

7Шен иштта дешнаш аьллера Везачу Эло Хьананин кӀант волчу ЯхӀу-пайхамарехула БаӀше а, цуьнан цӀийнах болчаьрга а, цо деш долу Шена зуламе хета массо а гӀуллакхаш бахьанехь. Ша дечу гӀуллакхаш тӀехь иза ЯрбаӀаме тарваларна а, иштта, ЯрбаӀаман цӀа хӀаллакдарна а, БаӀшас Веза Эла чӀогӀа дарвора.

ЯхӀудхойн паччахь Эли

8ЯхӀудхойн Аса-паччахьо олалла ден ткъе йолхалгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира БаӀшин кӀант Эли. Тирца-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. 9Паччахьан гӀудалкхийн ахдекъан хьаькам волчу Эли-паччахьан ялхочо Зимарис цунна дуьхьал къайлаха барт бира. Цхьана дийнахь Тирца-гӀалахь паччахьан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Арцин цӀахь маларо вахийна Ӏаш вара Эли. 10Оццу хенахь, цу цӀа чу а ваьлла, Зимарис тоьхна вийра Эли-паччахь. Иза дара Аса-паччахьо олалла ден ткъе ворхӀалгӀа шо долуш. Зимари Эли-паччахьан метта паччахь хӀоьттира.

11Цо, ша паччахь а хилла, олалла дан вола-ма-велли, БаӀшин дерриг а цӀа хӀаллакдира. БаӀшин цӀийнах болчу цуьнан гергарчарна а, доттагӀашна а юкъара цхьа а боьрша стаг дийна ца витира Зимарис. 12Иштта, Везачу Эло БаӀшех лаьцна ЯхӀу-пайхамарехула аьлла ма-хиллара, Зимари-паччахьо БаӀшин цӀа хӀаллакдинера. 13И дерриг а хилира БаӀша-паччахьо а, цуьнан кӀанта Элис а къинош летадар бахьана долуш а, цара Исраилан халкъе а къинош летадайтар бахьанехь а. Шайн эрначу цӀушна Ӏибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора цара. 14Эли-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

Исраилхойн паччахь Зимари

15ЯхӀудхойн паччахьо Асас паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, хилира Зимарих паччахь. Цо Тирца-гӀалахь ворхӀ дийнахь паччахьалла дира. Иза дара исраилхойн эскаро пӀелаштамхойн Габитун-гӀалина го бинчу хенахь. 16Зимарис паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бина хилар а, цо паччахь вер а исраилхойн эскарна хиъча, цара массара а шайн тӀеман хьаькам волу Ӏумари оццу дийнахь цу меттехь паччахь дӀахӀоттийра. 17Ӏумарис а, цуьнца цхьаьна исраилхойн дерриг эскаро а, Габитун-гӀалара дӀа а дахана, Тирца-гӀалина го бира. 18Шена гӀала дӀалаьцнийла хиъча, паччахьан цӀийнан чӀагӀйинчу чухуларчу чоьн чу велира Зимари. Иза, шена тӀаьхьа паччахьан цӀийнах цӀе а тесна, велира. 19Иза иштта хилира, Зимарис Везачу Элана зуламе хета гӀуллакхаш лелорна а, ЯрбаӀама летийна доллу къинош а летош, иза цуьнан некъашца леларна а. ЯрбаӀама санна, цо а къинош летадайтира Исраилан халкъе. 20Зимарин кхидолчу хӀуманех – цо йина ямартло шена чу а лоцуш – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

Исраилхойн паччахь Ӏумари

21Исраилан халкъ шина декъе декъаделира. Халкъан цхьа дакъа Гинатин кӀантана Тибанина тӀаьхьахӀоьттира, иза паччахь хӀотто дагахь, ткъа вуьш Ӏумарина тӀаьхьахӀиттира. 22Ӏумарина тӀаьхьахӀоьттинчу халкъо толам баьккхира, Гинатин кӀантана Тибанина тӀаьхьахӀоьттина халкъ эша а деш. Тибани велира, ткъа Ӏумари паччахь дӀахӀоьттира. 23ЯхӀудхойн паччахьо Асас олалла ден ткъе цхьайтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилира Ӏумари. Цо шийтта шарахь паччахьалла дира. Царах ялх шарахь Тирца-гӀалахь олалла дира цо. 24Ӏумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тӀехь гӀала йира Ӏумарис. Цунах Шамран-гӀала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цӀарах.

25Ӏумари шел хьалха хиллачу паччахьел а тӀехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дарна тӀехь. 26Иза массо а хӀуманна тӀехь НабатӀан кӀант ЯрбаӀам лелла хиллачу новкъахула лелара, ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтина къинош а летадеш. Шайн эрначу цӀушна Ӏибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора исраилхоша. 27Ӏумари-паччахьо динчу кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо кхочушдинчу гӀуллакхех а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 28Ӏумари, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан кӀант волу Ахьаб цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира

Исраилхойн паччахь Ахьаб

29ЯхӀудхойн паччахьо Асас олалла до ткъе берхӀитталгӀа шо дара, Ӏумарин кӀант Ахьаб исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттича. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, Ӏумарин кӀанта Ахьаба ткъе шина шарахь исраилхошна тӀехь олалла дира. 30Ӏумарин кӀант Ахьаб шел хьалха хиллачу паччахьел а тӀехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дарна тӀехь. 31НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама летийна долу къинош ша летадар шена кӀезиг хеташ санна, цӀаданхойн паччахь волчу Эти-БаӀалан йоӀ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаӀал-цӀунна Ӏамал ян а, Ӏибадат дан а волавелира иза. 32Шамран-гӀалахь, БаӀал-харцделан цӀа чохь, оцу цӀунна лерина сагӀа доккху кхерч хӀоттийра Ахьаба. 33Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тӀехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвохуьйту гӀуллакхаш дарна тӀехь. 34 aАхьаб-паччахь волчу заманчохь Бетал-гӀаларчу Хьиала Ерихон-гӀала юхаметтахӀоттийра. Хьиала оцу гӀалин бух биллийтинчу хенахь, цуьнан воккхах волу кӀант Абирам велира. Ткъа Хьиала цу гӀалин ков дӀахӀоттийначу хенахь цуьнан жимах волу кӀант Чагуб а велира. Иза хилира Нунин кӀант волчу ЮшаӀехула Везачу Эло аьлла ма-хиллара.
Copyright information for CheCAC2012