‏ 1 Kings 19

Эли-ЯхӀун Хьариб-лам тӀе валар

1Эли-ЯхӀу-пайхамаро динчух лаьцна а, цо БаӀалан массо а пайхамарш тур хьаькхна байарх лаьцна а – дерриг а Изабале дӀадийцира Ахьаб-паччахьо. 2Изабала Эли-ЯхӀуна тӀе геланча вахийтира, цуьнга дӀаала: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь аса, кхана хӀара хан тӀекхачале, оцу пайхамарех хӀоранна а диннарг хьуна а ца дахь». 3Кхера а велла, Эли-ЯхӀу цигара дӀавахара, шен са кӀелхьардаккхархьама. ЯхӀуд-махкахь йолчу Беар-ШабаӀ-гӀала а вахана, Эли-ЯхӀус шен ялхо цигахь витира. 4 aЦхьана дийнахь некъ баллал юкъ йолчу яьссачу аренга веара Эли-ЯхӀу. Схьавеана, жолам-куллана кӀел охьа а хиъна, шена валар а доьхуш, цо элира: «ХӀинца тоьар дара-кх, Веза Эла. ДӀаэцахьа сан са, хӀунда аьлча со сайн дайл хӀумма а тоьлуш вац».

5ДӀа а вижина, оцу кулла кӀелахь наб кхийтира Эли-ЯхӀуна. ТӀаккха деанчу малико, цунах хьакха а делла, элира цуьнга: «Хьала а гӀаттий, хӀума яа». 6Эли-ЯхӀу дӀахьаьжча, цунна шен коьртехь Ӏуьллучу тӀулга тӀехь беттина хьокхам а, чохь хи долу кхаба а гира. Бепиг а диъна, хи а мелла, юха а наб кхийтира цунна. 7Везачу Элан Малик шолгӀа а тӀедеара Эли-ЯхӀуна. Цунах хьакха а делла, Малико элира: «Хьала а гӀаттий, хӀума яа, хӀунда аьлча бехха некъ бу хьуна хьалха». 8Эли-ЯхӀус, хьала а гӀаьттина, хӀума а йиира, хи а мелира. Шена тӀедеанчу гӀоранца Эли-ЯхӀус шовзткъа дийнахь а, буса а некъ бира, Хьариб цӀе йолчу Делан ломана тӀекхаччалц. 9Цигахь цхьана хьехана чу а ваьлла, цу чохь буьйса яьккхира Эли-ЯхӀус.

Юха Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: «Эли-ЯхӀу, хьо хӀун деш ву кхузахь?»

10 bЭли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьхуш ву цара».

11Везачу Эло цуьнга элира: «Хьала а гӀаттий, лам тӀе а валий, Веза Эла волчу Суна хьалха дӀахӀотта. ТӀаккха хьуна уллохула тӀехвер ву Со». Оцу хенахь чӀогӀа мох белира Везачу Элана хьалха. Оцу мохо лаьмнаш а дохадора, тархаш а кегйора, амма цу махца Веза Эла вацара. Цул тӀаьхьа мохк бегийра, амма мохк бегорца а Веза Эла вацара. 12Мохк бегийначул тӀаьхьа, цӀе елира, амма цу цӀерца а Веза Эла вацара. ЦӀе чекхъяьллачул тӀаьхьа эсала а, тийна а долу аз деара.

13Иза хезча, Эли-ЯхӀус тӀехула юхучу шен бедарца юьхь дӀахьулйира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цу чу воллучохь хӀоьттина лаьтташ вара Эли-ЯхӀу. Цхьана озо цуьнга хаьттира: «Хьо хӀун деш ву кхузахь, Эли-ЯхӀу?» – аьлла.

14Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьху цара».

15 cВезачу Эло цуьнга элира: «Вало, юха а верзий, хьайн новкъахула Дамасакхана уллорачу яьссачу аренга дӀагӀо. Хьо цига дӀакхаьчча, Хьазиал даьтта доттарца арамхойн паччахь хиларна къобалве. 16 dТкъа Нимшайн кӀант ЯхӀу Исраилан халкъана тӀехь паччахь хиларна даьтта тӀе доттарца къобалве. Абел-Мехьал гӀалара волу Шаптин кӀант ЭлишаӀ хьайн метта пайхамар хиларна даьтта тӀе доттарца къобалве. 17Хьазиалан туьрах веддарг ЯхӀус воьйтур ву. Ткъа ЯхӀун туьрах кӀелхьарваьлларг ЭлишаӀ-пайхамаро хӀаллаквийр ву. 18 eИсраилхошна юкъара БаӀална горахӀоьттина воцу а, цуьнан суьртана обанаш яьхна воцу а ворхӀ эзар стаг вуьтур ву Аса».

ЭлишаӀе дӀакхайкхар

19Цигара дӀавахача, Шаптин кӀант ЭлишаӀ латта охуш карийра Эли-ЯхӀуна. Шийтта шуьста а боьжна, латта а охуш, ша шуьйтталгӀачу шуьстана уллохь вогӀуш вара иза. Ша ЭлишаӀана юххехула чекхволуш, Эли-ЯхӀус шен тӀехулара бедар цунна тӀе кхоьссира. 20Шен стерчий а дитина, ЭлишаӀа, ведда Эли-ЯхӀуна тӀе а веана, элира: «Сайн дега а, нене а Ӏодика а йина, схьаваийтахьа со, тӀаккха со хьоьца дӀавогӀур вара».

Эли-ЯхӀус элира: «Дика ду, вало, юхаверза. Аса хьо сеца ма ца во!»

21Эли-ЯхӀу волчуьра дӀа а вахана, шина старана урс а хьаькхна, стерчийн готанах цӀе латийра цо, цу тӀехь стерчийн жижиг даттархьама. ТӀаккха и жижиг нахана дӀасадийкъира ЭлишаӀа. Наха иза диира. Ткъа ЭлишаӀ, Эли-ЯхӀуна тӀаьхьа а хӀоьттина, цунна гӀуллакх а деш, цуьнца вахара.
Copyright information for CheCAC2012