1 Kings 20
Арам-махкаца бина тӀом
1Арам-махкарчу паччахьо Бен-Хьадида шен дерриг эскар схьагулдира. Цуьнца цхьаьна шайн говрашца а, гӀудалкхашца а ткъе шийтта паччахь а волуш, Бен-Хьадид-паччахь, Шамран-гӀалина тӀе а вахана, цунна го а бина, гӀалина тӀелетира. 2Цо исраилхойн паччахь волчу Ахьабана тӀе, гӀала, шен геланчаш хаам бан бахийтира: 3«Бен-Хьадида иштта боху: „Хьан дети, деши – сан ду, хьан зударий, хьан тоьлла болу кӀентий – сан бу“». 4Исраилхойн паччахьо цунна жоп делира: «Ахьа ма-бохху хуьлийла иза, сан олахо волу паччахь. Со а, сан мел дерг а – хьан ду». 5Юха а баьхкира геланчаш. Цара элира: «Бен-Хьадида иштта боху: „Аса хьо волчу геланчаш хьажийра, хьоьга дӀаала аьлла: ‘Хьайн дети а, деши а, хьайн зударий а, кӀентий а суна схьало’. 6Делахь а, аса кхана, хӀоккху хенахь, сайн ялхой хьажор бу хьуна тӀе. Цара хьан цӀахь а, хьуна гӀуллакх деш болчеран цӀахь а, хӀун ю а хьаьжна, хьуна еза мел хетарг схьа а эцна, суна схьаяхьар ю“». 7Исраилхойн паччахьо шен махкахь мел волу къано схьагулвира. Цо цаьрга элира: «Тидам а беш, хьовсалаш, и стаг вайна зулам даккха воллуш ву. Бен-Хьадида ша сан зударий а, кӀентий а, сан дети а, деши а шен ду аьлча, аса цунна дуьхьало ца йира». 8ТӀаккха массо а къаноша, массо а халкъо цуьнга элира: «Цо бохучуьнга ла а ма догӀа, къар а ма ло». 9Ахьаб-паччахьо Бен-Хьадидан геланчашка элира: «Аша сан олахо волчу паччахье иштта дӀаала: „Ахьа де аьлла дуьххьара суна тӀедиллинарг хьан лай волу со кхочушдан кийча ву, ткъа ахьа хӀинца бохург дан сан йиш яц“». Геланчаша, дӀа а бахана, шайга аьлларг дӀахаийтира. 10Бен-Хьадида юха а шен геланчаш бахийтира Ахьаб-паччахьна тӀе. Цара дӀаэлира цо бохург: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь санна, Шамран-гӀала дӀа а яьккхина, цунах йинчу ченах сан эскархошна цхьацца кан кхачийтахь». 11Исраилхойн паччахьо, цунна жоп а луш, элира: «Аша хӀара ала: „ГӀагӀ дӀадостуш волчо деш доллу дозалла ма дойла гӀагӀ дӀадоьхкуш волчо“». 12Четарш чохь кхечу паччахьашца цхьаьна чагӀар молуш Ӏаш волчу Бен-Хьадида, и дешнаш шена дӀахезча, шен эскархошка омра дира, оцу гӀалина тӀелата кечам бе аьлла. Цара Шамран-гӀалина тӀелата кечам бира. 13Цхьа пайхамар веара исраилхойн паччахьна тӀе. Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „И доккха эскар гой хьуна? Аса иза тахана хьан кара дӀалур ду, Веза Эла Со вуйла хьуна дӀахаийтархьама“». 14Ахьаб-паччахьо хаьттира: «Хьаьнгахула?» Пайхамаро жоп делира: «Иштта боху Везачу Эло: „Мехкадайн эскархошкахула“». ТӀаккха Ахьаба хаьттира: «ТӀом хьан дӀаболор бу?» «Ахь болор бу», – элира цуьнга. 15Ахьаб-паччахьо мехкадайн эскархой схьакхайкхира, ткъа уьш ши бӀе ткъе шийтта хилира. Цул тӀаьхьа дерриг а эскар шена тӀекхайкхира цо, ткъа исраилхойн эскархо ворхӀ эзар вара. 16Делкъахенахь уьш тӀамца арабевлира. Ткъа четарш чохь сакъоьруш Ӏаш волу Бен-Хьадид шена гӀо деш волчу ткъе шийтта паччахьца цхьаьна, мала а мелла, вехнера. 17Уггаре а хьалха арамхошна тӀегӀоьртира мехкадайн эскархой. Паччахьан наха Шамран-гӀалара халкъ арадаьлла хилар дӀахаийтира Бен-Хьадиде. 18ТӀаккха Бен-Хьадида омра дира: «И нах дийна боллуш схьалеца – маьршачу ойланца я тӀамца уьш арабевлла белахь а», – аьлла. 19Хьалха Шамран-гӀалара мехкадайн эскархой арабевллера, ткъа царна тӀаьххье эскар а араделира. 20Царах хӀораммо а шена дуьхьалваьлла мостагӀа хӀаллаквора. ТӀаккха арамхой дӀабевдира, ткъа исраилхой царна тӀаьхьабевлира. Арам-мехкан паччахь волу Бен-Хьадид шен берешца цхьаьна дин тӀехь кӀелхьарвелира. 21Иштта тӀегӀоьртира исраилхойн паччахь. Цо, говраш а, гӀудалкхаш а хӀаллак а еш, боккха толам баьккхира арамхошна тӀехь. 22Исраилхойн паччахьна тӀе а вахана, пайхамаро цуьнга элира: «ДӀа а гӀой, чӀагӀо а е, хӀинца чул тӀаьхьа айхьа дан дезачун ойла а е, хӀунда аьлча Арам-мехкан паччахь юха а дуьхьалвер ву хьуна».Арамхойн шолгӀа тӀелатар
23Бен-Хьадиде цуьнан ялхоша элира: «Исраилхойн деланаш лаьмнашца йолчу меттиган деланаш бу, цундела баьккхина цара и толам. Нагахь тӀом шерачу меттехь бахь, вай тоьлур ду. 24Ахьа хӀара дан деза: массо а паччахьаш шайн меттигашкара дӀа а бахий, церан метта мехкадай хӀиттабе. 25ХӀаллакьхиллачу барамехь хьайн эскар юхаметтахӀоттаде. Иштта меттахӀиттае шайн хьалха хиллачу барамехь говраш а, гӀудалкхаш а. ТӀаккха вай шерачу арахь тӀом бийр бу цаьрца, билггал толам а боккхур бу царна тӀехь». Бен-Хьадида, цара бохучуьнга ла а доьгӀна, церан хьехам кхочушбира. 26ТӀедеанчу шеран бӀаьсте тӀееача, Бен-Хьадида, арамхой а гулбина, уьш Апакх-гӀала бигира, цигахь исраилхошца тӀом бархьама. 27Исраилхойн эскар, схьа а гулдина, цунна сурсаташ дӀаделира, иза арамхошна дуьхьал дахара. Исраилхоша царна дуьххьал шайн меттамотт дӀахӀоттийра. Уьш гезарийн жима ши жа санна хетара. Ткъа арамхоша шайх латта дуьзира. 28Делан стага, Исраилхойн паччахьна тӀе а вахана, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Веза Эла волу Со – лаьмнийн Дела ву, ткъа шерачу меттигийн Дела вац арамхоша бахарна, Аса церан эскаран и йоккха арданг хьан кара дӀалур ю. ТӀаккха хуур ду шуна Со – Веза Эла вуйла“». 29Меттамотт а хӀоттийна, ворхӀ дийнахь вовшашна дуьхь-дуьхьал Ӏийра уьш. ВорхӀалгӀачу дийнахь тӀом дӀаболабелира. Исраилхоша арамхойн цхьа бӀе эзар гӀашло эшийра цхьана дийнахь. 30Арамхойн гӀашлойх бисинарш Апакх-гӀала йолчу дӀабевдира. Цигахь тӀамах кӀелхьарваьллачу ткъе ворхӀ эзар стагана гӀалин пен тӀекхийтира. Бен-Хьадид а гӀала дӀаведдера. Иза цӀийнан чухула йолчу цхьана чоьнна чохь лечкъаш вара. 31Ялхоша Бен-Хьадиде элира: «Исраилан цӀийнах болу паччахьаш къинхетаме бу олуш хезнера тхуна. Пурба лохьа тхуна, сингаттаман духаршца тхешан догӀмаш а хьулдина, чуханаш кочах а йихкина, исраилхойн паччахьна тӀедаха. Хьо дийна вуьтур вацара те цо?» 32ТӀаккха ялхой, сингаттаман духаршца шайн догӀмаш хьул а дина, чуханаш кочах а йихкина, исраилхойн паччахьна тӀебаьхкира. Цара элира: «Хьан лай волчу Бен-Хьадида ша дийна витар доьху хьоьга». Ткъа Ахьаб-паччахьо элира: «Иза дийна ву ткъа? И сан ваша ма ву». 33Паччахьо аьлларг дикачу билгалонна ду аьлла хийтира оцу нахана. Цара сихха тидаме ийцира Ахьаб-паччахьо аьлларг. «ХӀаъ, Бен-Хьадид хьан ваша ма ву», – элира цара. ТӀаккха паччахьо цаьрга элира: «Дуьйло, дӀа а гӀой, схьавалаве иза». Бен-Хьадид цунна дуьхьал схьавеара. Ахьаба иза шен гӀудалкхана тӀе шеца охьахаийра. 34Бен-Хьадида элира цуьнга: «Сан дас хьан дегара схьаяьхна хилла йолу гӀаланаш аса хьуна юхаерзор ю. Хьайн долахь базарш хила а йиш ю хьан Дамасакхехь, сан ден а Шамран-гӀалахь базар ма-хиллара». Ахьаба элира: «Вайшиммо и барт дӀаязбинчул тӀаьхьа аса дӀахоьцур ву хьо». Иштта, Бен-Хьадидаца барт а бина, иза дӀахийцира Ахьаба.Пайхамаро Ахьаб-паччахь бехкевар
35Пайхамарийн тобанна юкъарчу цхьана пайхамаро цу тобанарчу вукхуьнга, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, элира: «Тохахьа суна». Амма оцу стага ца туьйхира цунна. 36 aТӀаккха оцу пайхамаро элира: «Ахьа Везачу Эло бохучуьнга ла ца догӀарна, хьо, со волчуьра дӀавоьдуш, лоьмо цоьстур ву». И стаг дӀавоьдуш, цунна дуьхьал кхеттачу лоьмо иза цистира. 37Цул тӀаьхьа оцу пайхамарна кхин а цхьа стаг дуьхьалкхийтира. Цо: «Тохахьа суна» элира цу стаге. ТӀаккха вукхо чевнаш хиллал йиттира цунна. 38Пайхамар, шен бӀаьргаш дӀахьулбархьама дуьхьал хӀума а оьллина, новкъа а ваьлла, некъана уллохь лаьтташ вара, исраилхойн паччахье хьоьжуш. 39Паччахь шена уллохула чекхволуш, пайхамаро цуьнга, мохь тоьхна, элира: «Хьан лай волу со тӀаме ваханера. ТӀаккха цхьана стага, юьстах а ваьлла, суна тӀе стаг валийра. Цо элира: „ХӀара стаг ларвелахь. Иза дийна ца висахь, хьан са цуьнан синан метта дӀаоьцур ду. Я ахьа цхьа гали дети дала дезар ду йолана“. 40Хьан лай волчу аса цхьацца гӀуллакхаш дечу хенахь, и стаг дӀаведира». «Иштта кхел хир ю-кх хьуна а, ахьа-айхьа тӀелаьцна хӀума иза долу дела», – элира цуьнга исраилхойн паччахьо. 41Пайхамаро цу сохьта шен бӀаьргашна дуьхьал тӀеяийтина хӀума дӀаяьккхира. ТӀаккха хиира паччахьна иза пайхамарех вуйла. 42Пайхамаро элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хӀаллакьхила веза аьлла волу стаг ахьа дӀахецна, цундела хьан са цуьнан синан метта а хир ду, ткъа хьан халкъ цуьнан халкъан метта а хир ду“». 43ТӀаккха исраилхойн паччахь, чӀогӀа дог а доьхна, оьгӀаз а вахана, цӀа вирзира. Иза Шамран-гӀала схьакхечира.
Copyright information for
CheCAC2012