b Аюб 1:6; ЕшаӀ-ЯхӀу 6:1.
1 Kings 22
Мика-ЯхӀу-пайхамар а, Ахьаб-паччахь а
(2 Шерашкахь 18:2-27)
1Кхаа шарахь Араман халкъана а, Исраилан халкъана а юкъахь тӀом бацара. 2КхоалгӀачу шарахь яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти исраилхойн паччахьна тӀевахара. 3Исраилхойн паччахьо шен ялхошка элира: «Шуна хаьий ГалӀад-махкахь йолу Рамат-гӀала вайн юйла? Ткъа вай дуккха а хенахь дуьйна, дист а ца хуьлуш, арамхойн паччахьан карара иза схьа а ца йоккхуш, Ӏаш ду». 4Ахьаба ЯхӀушаптига элира: «Хьо вогӀур варий соьца ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата?» ЯхӀушаптис исраилхойн паччахье Ахьабе жоп делира: «Дера вогӀур ву! Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду, сан дой а хьан дой ма ду». 5ЯхӀушаптис кхидӀа исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хӀун боху хаттийтахьа». 6Исраилхойн паччахьо, виъ бӀе хиллал пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалӀадерачу Рамат-гӀала тӀамца ваха везий те со, я ваха ца веза те?» Цара жоп делира: «Ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза». 7ТӀаккха ЯхӀушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай». 8Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хӀунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу ву». «Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхӀушаптис. 9ТӀаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу схьавалош вола». 10Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а, шаьшшинна тӀе паччахьан духарш а дуьйхина, хӀорра а шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гӀалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дӀахӀиттина. 11КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, шена тӀе аьчка маӀаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хӀаллакбина охьабахккалц хӀара маӀаш Ӏуьттур ю ахьа царна“». 12Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза». 13Мика-ЯхӀуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хӀораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа». 14Мика-ЯхӀус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, сайга Везачу Эло боххург айса дӀаэриг хилар». 15Пайхамар паччахьна тӀевеара. Паччахьо Мика-ЯхӀу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхӀу! Ваха везий те со тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала я ца веза?» Мика-ЯхӀу-пайхамаро паччахье элира: «ДӀагӀо хьо. Кхиам хир бу хьан. Везачу Эло хьан кара схьалур ю хьуна иза». 16ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чӀагӀо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хӀумма а ма алахьара аьлла?» 17 aТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хӀоьтти, массо а исраилхой, шайна тӀехь Ӏу воцу уьстагӀий санна, лаьмнашкахула дӀасабаьржина. ТӀаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тӀехь хьаькам, уьш хӀорра а шен цӀа маьрша вухавоьрзийла“». 18Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!» 19 bТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Ткъа хӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа! Суна гира, Веза Эла Шен Ӏаршана тӀе охьахиъна Ӏаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агӀор. 20Везачу Эло элира: „Шух хьан тӀеерзор яра Ахьабан ойла, иза тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала а вахана, цигахь хӀаллакьхилийтархьама?“Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура. 21ТӀаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“ 22Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гӀой, иштта де ахьа“. 23Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тӀе бохам баийта сацам ма бира!» 24ТӀаккха КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, Мика-ЯхӀу-пайхамаран бесни тӀе тӀара а тоьхна, элира: «И бохург хӀун ду? Везачу Элан Са хьоьгахула хаам бархьама, сох дӀакъаьстина ткъа?» 25Мика-ЯхӀус элира: «Хьажал, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна». 26Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхӀу-пайхамар схьа а лаций, гӀалин хьаькамна Аминна тӀе а, паччахьан кӀантана Юашина тӀе а вига. 27Аша цаьрга дӀаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХӀара стаг набахти чу волла. Со маьрша цӀа верззалц, кӀеззиг бепиг а, хи а бен, хӀумма а ма ло цунна’“». 28Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Дерриг а халкъо ладогӀа аса аьллачуьнга!»Ахьаб-паччахьан валар
(2 Шерашкахь 18:28-34)
29Исраилхойн паччахь а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелетира. 30Ахьаб-паччахьо ЯхӀушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву къайладаккхархьама, сайна тӀера духар а хийцина, тӀом дӀаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тӀедуха». Иштта, ша мила ву къайладаккхархьама, шена тӀе хийцина хӀума а юьйхина, тӀом дӀаболийра исраилхойн паччахьо. 31Арамхойн паччахьо шен ткъе шийтта тӀеман гӀудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тӀом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла. 32ЯхӀушапти шайна гича, гӀудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхой цунна тӀебуьйлабелира, тӀелата дагахь. ЯхӀушаптис мохь хьаькхча, 33иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гӀудалкхийн хьаькамаш цунна тӀаьхьабевллачуьра севцира. 34Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тӀехь долчу гӀаьгӀнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. Шен гӀудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тӀом бечу меттера дӀаваккха со – суна чов йина». 35Амма цу дийнахь тӀом чӀагӀбелира, ткъа Ахьаб-паччахь арамхошна дуьхьал лаьттачу шен гӀудалкха чохь лоттуьйтура. Паччахьан цӀий гӀудалкхан буха охьаоьхура, ткъа суьйранна иза велира. 36Малх дӀабузучу хенахь эскаран дакъошкахула дӀахьедар дӀасадаьржира: «ХӀора а шен-шен гӀала, шен-шен махка дӀагӀо!» – аьлла. 37Иштта велира Ахьаб-паччахь. Цуьнан дакъа Шамран-гӀала деара, цигахь иза дӀавоьллира. 38Паччахьан гӀудалкх Шамранан Ӏома чохь йилира (цигахь сийсаза лела зударий а луьйчура). Ткъа цуьнан цӀийна тӀе жӀаьлеша мотт хьаькхира, Везачу Эло ма-аллара. 39Ахьаб-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух а, цо дӀахӀоттийначу пийлан кӀомсарех долчу цӀийнах а, цо яйтинчу массо а гӀаланех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 40Иштта, Ахьаб-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз-ЯхӀу.ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти
(2 Шерашкахь 20:31–21:1)
41Асин кӀант ЯхӀушапти яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира, исраилхойн паччахьо Ахьаба паччахьалла до доьалгӀа шо долуш. 42ЯхӀушапти паччахь дӀахӀуттуш, цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Ӏазубат яра. Иза Шилхьайн йоӀ яра. 43Массо а гӀуллакхашкахь ЯхӀушапти шен ден Асин новкъахула лелаш вара. Иза цу некъа тӀера дӀа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. 44ЯхӀушаптис исраилхойн паччахьца машар латтийтира. 45ЯхӀушаптин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо бинчу тӀамах а лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 46Шен дас Асас паччахьалла дечу хенахь дуьйна бисина болу, цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий а, хӀаллакбина, дӀабехира цо махкара. 47Оцу хенахь Эдом-махкахь паччахь вацара. Цигахь олалла деш яхӀудхойн паччахьан мехкада вара. 48ЯхӀушаптис хӀордкеманаш дайтира, Апар-махкара деши схьадархьама. Амма уьш цига дӀа ца кхечира. Новкъахь Ӏецйон-ГӀебаре дӀакхочуш хӀордкеманаш, доха а доьхна, хӀаллакьхилира. 49ТӀаккха Ахьабан кӀанта Ахьаз-ЯхӀус ЯхӀушаптига элира: «Сан ялхой хьан ялхошца цхьаьна бахийта вай хӀордкеманаш тӀехь?» Амма ЯхӀушапти реза ца хилира иза дан. 50ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам.Исраилхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу
51ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀушаптис олалла до вуьрхӀитталгӀа шо долуш, Ахьабан кӀант Ахьаз-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилира. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, Ахьаз-ЯхӀус исраилхошна тӀехь шина шарахь олалла дира. 52Шен ден а, ненан а новкъахула а лелаш, иштта Исраилан халкъе къинош летадайтина волчу НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман новкъахула а лелаш, цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лелийра. 53Шен дас лелийна доллу гӀуллакхаш а лелош, БаӀална Ӏибадат а деш, цунна гӀуллакх дарна, Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвахийтира Ахьаз-ЯхӀус.
Copyright information for
CheCAC2012