‏ 1 Kings 3

Сулим-паччахьан доӀа

(2 Шерашкахь 1:3-12)

1Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунца гергарло тесира Сулим-паччахьо, цуьнан йоӀ шена а ялийна. Шен паччахьан цӀа а, Везачу Элан цӀа а, керт а, Ярушалайм-гӀалина гонах йолу тӀулган керт а дӀахӀоттаяллалц, Даудан гӀала ялийра Сулим-паччахьо пирӀунан йоӀ. 2Везачу Элан цӀе язъян лерина долу цӀа цкъа хӀинца а дина дӀахӀоттоза дара, цундела халкъо цкъачунна гунаш тӀехь доккхура сагӀа. 3Шен дас Дауда шена ма-хьеххара, дерриг а кхочушдеш, Везачу Эле шен болу безам гойтура Сулим-паччахьо. Амма Сулим-паччахьо ша а цкъа хӀинца Везачу Элана сагӀа дар а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягийтар а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь дора.

4Иштта, шен ГавӀон цӀе йолчу гӀала вахара Сулим-паччахь, цигахь сагӀа даккхархьама, сагӀа даккхаран коьрта барз оцу гӀалахь лаьтташ болу дела. Цигахь долчу сагӀа доккхучу кхерчан тӀехь эзар дийнат дагоран сагӀа доккхура Сулим-паччахьо. 5ГавӀон-гӀалахь, Сулим-паччахь вижна волуш, гӀенах Дела дуьхьалхӀоьттира цунна. «Деха хьайна луъург», – элира Дала.

6Ткъа Сулим-паччахьо жоп делира: «Хьайн лай волу сан да Дауд Хьуна хьалха тешаме а, бакъахьара а, дог цӀена а леларна, Ахь цунна доккха дика дина. Цунна кӀант а велла, иза, хӀинца долуш ма-дарра, цуьнан паччахьан гӀантана тӀе а хаийна, Ахь цунна дина и доккха дика цунна тӀехь битира Ахьа. 7Ткъа хӀинца, сан Веза Дела, Хьайн лай волу со дӀахӀоттийна Ахьа, паччахь а вина, сан ден Даудан метта. Амма со хӀинца а бер санна ву. Сан хӀинца а хьекъал ца кхочу, айса дан дезарг кхочушдан. 8Ахьа хаьржина долчу, дагардина ца валлал дукха долчу Хьан халкъана юкъара Хьан лай ву со. 9Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Ӏамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хӀокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тӀехь урхалла хьаьнга далур ду?»

10Сулим-паччахьо дехначунна резахилира Веза Эла. 11Дала элира цуьнга: «Ахьа хьайн дуьненахь йоккху хан яхъяр а ца доьхуш, хьайна хьал хилийтар а ца доьхуш, хьайн мостагӀийн синош хӀаллакдар а ца доьхуш, хьайна хьекъал-кхетам балар дехарна, кхел ечу хенахь нийса сацам бархьама, 12лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хӀинца чул тӀаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а. 13Ахьа ца дехнарг а лур ду Ас хьуна. Алссам хьал а, сийлалла а лур ду Ас хьуна, хьо велла дӀаваллалц, хьо санна паччахь кху дуьненахь кхин хир воцучу тайпана. 14Нагахь хьо Сан некъашца а лелахь, Ас тӀедехкинарш а, Сан весеташ а кхочушдеш хьо лелахь, хьан да Дауд ма-леллара, Ас яхйийр ю хьан вахаран хан а».

15Ша самаваьлча, Сулим кхийтира, иза гӀан хиллий. ТӀаккха Ярушалайм-гӀала юха а вирзина, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха а хӀоьттина, шен а, халкъан а сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀа даьккхира Сулим-паччахьо. Уьш дара дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш. ТӀаккха доккха той хӀоттийра паччахьо шен массо а ялхошна.

Сулим-паччахьан хьекъалалла

16Цкъа, Сулим-паччахьна тӀе а еана, цунна хьалха дӀахӀоьттира нахаца лела ши зуда. 17Цу шиннах цхьаммо элира: «Сан олахо, со а, хӀара зуда а цхьана цӀа чохь Ӏаш ю. ХӀара зуда а йолуш, аса оцу цӀенна тӀехь бер динера. 18Ас бер дина кхоалгӀачу дийнахь хӀокху зудчун а бер хилира. Оцу цӀахь тхойшиъ йоцург кхин цхьа а адам дацара. 19Буса хӀокху зудчун кӀант, хӀара цунна тӀетовжар бахьана долуш, велира. 20Ткъа буьйсанна, хьан лай йолчу суна наб кхеттачул тӀаьхьа, сан кӀант дӀа а эцна, иза шен некхана тӀе а виллина, шен велла волу кӀант сан некхана тӀе виллина цо. 21Ӏуьйранна, сайн кӀант вакхо со хьалагӀаьттича, иза велла карийра суна. Амма дикка цуьнга хьаьжча, иза аса вина сайн кӀант воцийла а хиира суна».

22ТӀаккха вукху зудчо элира: «ХӀан-хӀа, сан кӀант дийнаниг ву, ткъа хьайниг велларг ву».

Ткъа дуьххьарлерчу зудчо бохура: «ХӀан-хӀа, хьайниг ву велларг, дийнаниг сан кӀант ву».

Иштта паччахьна хьалха къуьйсуш яра и ши зуда.

23ТӀаккха паччахьо элира: «Шу шиннах хӀораммо а боху дийна долу бер шен ду, тӀаккха шух хӀораммо а боху делларг шен бер дац. 24Схьадал суна тур», – элира паччахьо. Тур схьадеара паччахьна. 25«Вай хӀинца хӀара дийр ду, – элира паччахьо, – и дийна долу бер хада а дай, ах а даккхий, цунах ши дакъа де. ТӀаккха хӀора зудчунна цхьацца дакъа дӀало».

26ТӀаккха далаза бер долчу зудчун, шен кӀанте болчу безамна а, цунах чӀогӀа къахетарна а, кийра багийра. Оцу зудчо жоп делира: «Сан олахо! Ма дейша и бер, иза дийна а долуш дӀалойша оцу зудчунна».

Ткъа шолгӀачу зудчо элира: «Я суна а, я цунна а ма кхочийла и кӀант. Вей, дӀаваккха аша иза!»

27ТӀаккха, жоп луш, паччахьо элира: «И бер, ден а ца дуьйш, хӀокху зудчунна дӀало аш. ХӀара ю кху кӀентан нана!»

28Паччахьо йинчу кхелах лаьцна Исраил-мехкан дерриг а халкъана дӀахезира. Цу хенахь дуьйна наха Сулим-паччахь чӀогӀа лара а лорура, уьш цунах оза а лора. ХӀунда аьлча нахана гира, бакъдолчуьнца паччахьалла лелорхьама, Дала Сулим-паччахьна хьекъал деллийла.
Copyright information for CheCAC2012