1 Kings 6
Делан цӀа дӀахӀоттор
1Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадирзина диъ бӀе дезткъа шо даьлча, Везачу Элан цӀа дан долийра Сулим-паччахьо. Иза дара Сулим Исраил-мехкан паччахь хӀоьттина доьалгӀа шо долуш, Зив олучу шеран шолгӀачу баттахь. 2Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀе язъян дечу цӀийнан дахалла кхузткъа дол, шоралла ткъа дол, лакхалла ткъе итт дол барам бара. 3ЦӀенна хьалха йина уче яра. Иза цӀийнан дохалле а, шоралле а терра ткъа дол еха а, итт дол шуьйра а яра. 4ЦӀенна чохь кораш динера, уьш, чекх са а гуш, шу а болуш, къевлина дара. 5ЦӀенна тӀехиттина гӀишлош йира. Чухулара езачу чоьнна гонах а йолуш, агӀонаш тӀехь гобаьккхина яра оцу гӀишлойн чоьнаш. ГӀишлойн тӀехиттина чоьнаш лакхалла тӀекӀелйина яра, кхо гӀат а долуш. 6Хьалхарчу гӀатан шоралла пхи дол, шолгӀачу гӀатан ялх дол, ткъа кхоалгӀачу гӀатан шоралла ворхӀ дол бара. Цу тӀе хоьттина йолчу гӀишлона тӀедехкина долу тӀеш Везачу Элан цӀийнан оганна чу ца диссийнера. И тӀеш оцу тӀехоьттиначу оганийн терхина тӀедехкинера. 7Везачу Элан цӀа дечу хенахь, тӀулгаш, лаьттах шаьш схьадохучу меттехь кеч а дой, схьадахьара. Белхалоша я жӀов етташ, я диг тухуш, я кхин долу эчиг вовшахдетташ татанаш ца дора и цӀа дечу меттигна уллохь. 8Юккъерачу гӀат ▼▼ГӀат – тӀекӀел динчу цӀийнан чоьнаш.
тӀе воьдийла цӀийнан аьтту агӀор дара. Цу чу воьдуш, горга а долуш, тӀегӀанаш дара, ткъа оцу чуьра тӀехуларчу кхоалгӀачу гӀат тӀе а цу тайппана долчу тӀегӀанашна тӀехула волура. 9Цу тайппана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа. ЦӀенна тӀехь баганан диттийн ханнех тхов байтира Сулим-паччахьо. 10ЦӀийнан лакхарчу агӀонашна тӀе хиттиначу чоьнийн лакхалла пхи дол яра. И чоьнаш цӀенна тӀехиттинера баганан диттийн ханнашца. 11ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира Сулим-паччахье: 12«Иштта, Сан цӀа деш ву хьо. Нагахь хьо Сан хьехамашца а лелаш, Ас билгалдаьккхинарг а деш, Сан весеташ кхочуш а деш лелахь, Ас кхочушдийр ду Айса хьан дега, Дауде, делла ваӀда. 13Со хир ву Сайн исраилхошна юкъахь. Ас дуьтур дац Сайн долахь долу Исраилан халкъ». 14Цу тайпана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа. Делан цӀен тӀехь бина чухулара белхаш
(2 Шерашкахь 3:8-14)
15ЦӀенна чухула долчу пенашна тӀе лаьттара дуьйна тхов тӀе кхаччалц баганан диттийн аннаш туьйхира, ткъа цӀенкъа зоьзан диттийн аннаш туьйхира. 16 bЦӀийнан тӀехьа агӀор, йистера ткъа дол барамехь дӀахилош, оганаш а хӀиттийна, чоь йира, цуьнан пенех а, тхевнах а баганан диттийн ханнаш туьйхира. Иза уггар еза чоь яра. 17Оцу чоьнна хьалха агӀор йолу чоь яхалла шовзткъа дол яра. 18Чухула агӀор пенах тоьхначу аннашна тӀехь гӀабакхийн а, дӀаделладеллачу зезагийн а куьцехь суьрташ дара дечигна тӀехь аьгна дина. Массо а агӀор баганан ханнаш тоьхнера, ткъа тӀулг гуш а бацара. 19Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ чудиллархьама, йинера и уггар еза чухулара чоь. 20И уггар еза чухулара чоь яхалла а, шоралла а, лакхалла а ткъа дол яра. И чоь ерриг а цӀеначу деших йира. Баганан ханнех бинчу сагӀа доккхучу кхерчана а деши диллира. 21Иштта дерриг цӀа а, чохь цӀена деши а диллина, дӀахӀоттийра. Уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха зӀенаш ехкира, царна тӀе а деши диллира. 22 cДерриг цӀенна а, уггар езачу чухуларчу чоьнна а хьалха лаьтташ болчу сагӀа доккхучу кхерчана а деши диллира. 23 dУггар езачу чухуларчу чоьнна чохь зайт-диттийн дечигах дина шина каруб-маликан сурт дара. Церан лакхалла итт дол барамехь яра. 24Хьалхарчу каруб-маликан цхьа тӀам а, шолгӀаниг а пхиппа дол барамехь бара. Цхьана тӀома тӀера, вукху тӀома тӀе кхаччалц итт дол барам бара. 25Оццу барамехь а, куьцехь а дара шолгӀачу каруб-маликан сурт а. 26Цхьана каруб-маликан суьртан лакхаллин барам итт дол бара, шолгӀачун а изза барам бара. 27ЦӀийнан чухула йинчу сийлаллин-езачу чохь дӀахӀиттийра оцу каруб-маликийн суьрташ. Церан тӀемаш дӀасадаьржина дара. Цхьаннан тӀам цхьана пенах хьакхалора, ткъа вукхун тӀам дуьхьал болчу пенах хьакхалора. Ткъа важа чухула долу тӀемаш чоьнан юккъехь вовшех хьакхалора. 28Царна тӀе а Сулим-паччахьо деши диллийтира. 29Оцу цӀийнан дерриг а пенашна тӀе, чухула а, тӀехула а, гобаьккхина аьгначу тӀамаршца цу тайпана каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, дӀаделладеллачу вастехь долчу зезагийн а суьрташ дехкира. 30Шина цӀа чуьра цӀенкъа тӀе а деши диллира. 31Уггар езачу чухуларчу чоьнна чу воллучохь йолу неӀарш зайт-диттан дечигах йинера, церан пхи са болу гур бара. 32Оцу зайт-диттан дечигах йина йолу неӀаран шина декъа тӀехь а аьгна дина дара маликийн а, диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ. Оцу массо хӀуманна а деши диллира. 33Иштта езачу чоьнна чу воллучохь а хӀоттийнера зайт-диттан дечигах йина неӀарш, ткъа церан гураш биъ са болуш бара. 34Кхин ши неӀ яра зоьзан-диттан дечигах йина. Оцу шина неӀаран шишша дакъа меттахдоккхуш дара. 35Царна тӀехь а даьхна каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ дара. Оцу суьрташна тӀе а цхьатерра аьгна деши диллира. 36ТӀаккха чухулара керт дӀахӀоттийра. Иза хьаькхначу тӀулгийн кхаа могӀанах а, баганан диттийн ханнех бинчу цхьана могӀанах а йинера. 37Сулим-паччахь шен дарже веанчу доьалгӀачу шарахь Зив олучу шеран шолгӀачу баттахь бух ботта болийнера Везачу Элан цӀенна. 38Ткъа цхьайтталгӀачу шеран Була олучу баттахь (иза шеран борхӀалгӀа бутт бу) Везачу Элан цӀа дина чекхделира. Ша хила деззачу куьцехь дина дӀахӀоттийра иза. И цӀа Сулим-паччахьо ворхӀ шарахь дира.
Copyright information for
CheCAC2012