bЕшаӀ-ЯхӀу 28:16 (Грекийн).
c Забур 117:22.
eАрадаккхар 19:5, 6; ЕшаӀ-ЯхӀу 43:20; Арадаккхар 19:5; Карлабаьккхинарг 4:20; 7:6; 14:2; Тите 2:14; ЕшаӀ-ЯхӀу 43:21; ЕшаӀ-ЯхӀу 9:2; ЕшаӀ-ЯхӀу 43:20 (Грекийн).
1 Peter 2
Дийна тӀулг а, деза халкъ а
1Муьлхха а вон, харцдерг, шалхо, хьагӀ, лер дӀадаккха! 2Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цӀеначу дашах хьага, цуьнан гӀоьнца шу даккхий а хилла, шун кӀелхьардовлар чекхдалархьама, 3 aхӀунда аьлча «Веза Эла мел дика ву шуна хиъна». 4Цунна тӀе дуьйла. Наха дӀатесна болу дийна ТӀулг бу Иза, амма Дала хаьржина а, Цунна гергахь беза а болу. 5Шу шаьш а ду дийна тӀулгаш. Шайх синан цӀа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла лууш долу синан сагӀанаш даха. 6 bХӀунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тӀехь охьабуьллуса болу, къастийна, беза тӀулг.
Муьлхха а Цунах тешаш верг
юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».
7 cИштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхӀар ду, ткъа ца тешачарна: «ГӀишлош еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг, хилла, дӀахӀоьттина».
8 dКхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тӀулг бу иза,
уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза».
Делан Дашна муьтӀахь ца хиларна тийсало – иштта кхоллам бу церан. 9 eАмма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама. 10 f«Цхьана хенахь халкъ дацара шу,
ткъа хӀинца Делан халкъ ду.
Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара,
ткъа хӀинца Дала къинхетам бина шух».
Делан ялхой леш санна даха
11Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тӀом бечу дегӀан лаамех ларлолаш. 12Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тӀаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гӀуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь. 13Везачу Элан дуьхьа адамна тӀехь урхалла дечу Ӏедална муьтӀахь хилалаш: паччахьна, хӀунда аьлча цуьнгахь лаккхара Ӏедал ду, 14куьйгалхошна, хӀунда аьлча уьш зуламхошна таӀзар дан а, дика гӀуллакх дечарна совгӀат дала хӀиттийна бу. 15ХӀунда аьлча иштта бу Делан лаам: дика гӀуллакх дечара сонта наха дуьйцуш долу эрна хабарш дӀасовцадо. 16ПаргӀат даха, амма цу паргӀатона тӀехьа а лечкъаш, вон гӀуллакхаш ма леладе, хӀунда аьлча шу Делан леш ду. 17Массо а лара, вежарий а беза, Делах а кхера, паччахьан сий а де.Дала леррина Къобалвинчо гайтина масал
18Леш, шайн элашна хила ма-деззара муьтӀахь хила, шайца дика а, эсала а болчарна хилла ца Ӏаш, шайца буьрса болчарна а. 19Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таӀзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш. 20ХӀун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таӀзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду. 21Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тӀаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву. 22 g«Цо цхьа а къа а ца латийна,Цуьнан багара харц дош а ца даьлла».
23 hШа сийсазвича,
Цо дуьхьал вон дош ца олура,
Ша бала ловчу хенахь,
кхерамаш ца туьйсура,
амма нийсо ечу Кхелахочун кара
Ша дӀалора.
24 iШен дегӀаца вайн къинош
жӀара тӀе даьхьна Цо,
вай къинойх къаьстина,
цӀена дахийтархьама.
Цуьнан чевнаш бахьана долуш
дарба хилла шуна.
25Цхьана хенахь, тиладелла уьстагӀий санна, лелла шу,
ткъа хӀинца шу шайн синойн Ӏуьнна а, шаьш Ӏалашдечунна а тӀе юхадаьхкина.
Copyright information for
CheCAC2012