eЗабур 33:13-17 (Грекийн).
1 Peter 3
Зударий а, церан майранаш а
1 aЗударий, шу а шайн майранашна муьтӀахь хила. Нагахь цхьаболу майранаш Делан Даше ладугӀуш ца хилахь, шайн дахарх масал а луш, дист а ца хуьлуш, Делах тешарна тӀебалабе уьш, 2шайн цӀена а, Делах кхоьруш а долу дахар а гайтий. 3 bГуш долчу хӀуманашца хаздала ма гӀерта: месаш Ӏалашъярца, дашо хӀуманашца, хазачу духаршца. 4Мелхо а, даггара долчу, телхар доцучу, тийначу, эсалчу синан хазаллица кечдала хьовса. Иза Далла гергахь деза ду. 5Хьалхарчу заманчохь иштта хазлора Делан дикане сатуьйсуш болу сийлахь зударий, шайн майранашна муьтӀахь хуьлуш. 6 cМасала, ИбрахӀиме массо а хӀуманна тӀехь ладугӀуш а, цунах шен эла олуш а яра Сарат. Нагахь шу диканиг а деш, дагахь кхерам хиларна сингаттам а боцуш Ӏаш делахь, шу Цуьнан йоӀарий ду. 7 dЦу кеппара майранаш а хила беза шайн зударшца дика, уьш гӀорасиза хилар а хууш. Уьш лара, хӀунда аьлча божаршца цхьаьна дахаран совгӀат кхочу цаьрга. ТӀаккха шун доӀанашна дуьхьало еш хӀумма а хир дац.Дика гӀуллакхаш бахьана долуш бала хьегар
8Иштта, шу цхьа барт болуш, вовшийн лоруш а, вежарий а, йижарий а безаш а, къинхетам болуш а, шаьш лахара хоьтуьйтуш а хила деза. 9Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХӀунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду. 10 eДелан Йозанашкахь ма-аллара: «Хаза денош а гуш,ирсе ваха лууш волчо
вочу дешнех шен мотт а ларбе,
харц долчух шен бага а ларъе.
11Вочунах дӀавирзина,
диканиг дойла цо,
машар лохийла,
цуьнгахьа къуьйсуш.
12ХӀунда аьлча Делан лаамехь болчаьргахьа ду Везачу Элан хьажар,
церан доӀанашка схьадиллина ду Цуьнан лергаш.
Амма оьгӀазе ю Везачу Элан юьхь Иза зуламхошка хьожучу хенахь».
13Хьан дийр ду шуна зен, шу диканиг дан гӀерташ хилча? 14 fАмма шаьш дина дика хӀума бахьана долуш шу бала хьоьгуш делахь, шу декъалхилла ду. «Уьш кхоьручух шу ма кхера, доха а ма доха!» 15Дала леррина Къобалвинарг шайн дегнашкахь Веза Эла санна хилийта. Шайга хаттахь, гуттар а кийча хила жоп дала, шуьца болу сатийсам стенца боьзна бу. 16Ларам болуш а, таьӀна а жоп ло. Эхь-бехк долуш хила, тӀаккха шуна тӀехь доцург дуьйцуш волчунна эхь хетар ду, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шун дахар мел цӀена ду гича. 17Делан лаам белахь, диканиг дар бахьана долуш хало лар гӀолехь ду, вониг а дина ловчул! 18ХӀунда аьлча къинош летийна долу шу Далла тӀе дерзорхьама,
Дала леррина Къобалвинчо а цкъа бала лайна вайн къинош бахьана долуш,
Иштта Делан лаамехь Волчунна Делан лаамехь боцурш бахьана долуш хало гина.
Цуьнан дегӀ дийнера,
амма Са дахаре юха далийнера.
19Оцу Синан кепехь набахтехь долчу синошна кхайкхам бан вахара Иза. 20 gНохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгӀна синош дара уьш. Дукха синош кӀелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархӀ стаг бен. 21ХӀинца шу кӀелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар – иза тӀера мода дӀаяккхар дац, амма цӀеначу дагца Деле йина чӀагӀо ю ▼
▼Я иштта: иза тӀера мода дӀаяккхар дац, амма тхайн дегнаш цӀена хилийтар Деле дехар ду.
. Дала леррина къобалвина Ӏийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кӀелхьардоху. 22Ӏийса, стигала хьала а ваьлла, Далла аьтту агӀор Ӏаш ву. Цо бохург деш ду маликаш а, стигалара ницкъаш а.
Copyright information for
CheCAC2012