‏ 1 Peter 1

Кипин маршалла

1Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векалера Кипера Дала къастийначаьрга, аренца лелаш, хийрачу мехкашкахула: Понтехула, Галатехула, Каппадокехула, Асиа-махкахула, Битхьуни-махкахула дӀасабекъабеллачаьрга. 2Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана муьтӀахь а хилла, Цуьнан цӀийца шу цӀиндалийта.

Делан дика а, синпаргӀато а шорта хуьлда шуна!

Бакъболу сатийсам

3 4Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Ӏийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Ӏийса ден а вина, цу бахьаненна хӀаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тӀаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тӀаьхье стигалшкахь ларъеш ю, 5ткъа шу, тӀаьхьара зама а еана, хиндолу кӀелхьардовлар гучудаллалц, шайн тешар бахьана долуш Делан ницкъо Ӏалашдеш ду.

6Шу цунах даккхийдеш ду, хӀинца кӀеззигчу ханна шайна тайп-тайпанара зер лан дезахь а. 7Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХӀунда аьлча деши, цӀарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Ӏийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама.

8 9Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хӀинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чӀогӀа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хӀунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Ӏалашо: шайн кӀелхьардовлар.

10Пайхамарша леррина талла а теллина, Ӏама а дина оцу кӀелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара. 11Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гӀиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тӀаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а. 12Цаьрга хаийтира, шайна а доцуш, ткъа шуна гӀуллакх деш уьш хилар. Стигалара даийтинчу Делан Сино хаза кхаъ кхайкхош болчаьргахула хӀинца шуна дийцийтинарг кхайкхадора цара. Стигалара маликаш а тӀехь ду и къайле хаа лууш.

Дезачу дахаре кхайкхар

13Сема а, дечу гӀуллакхна гуттар а кийча а хуьлда шун кхетам. Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀучу дийнахь Делан шуьга болу безам бахьана долуш шайна лун долчуьнца боьзна хилийта шайн берриг а сатийсамаш. 14Ийманехь долу Делан бераш санна хила, хьалха шаьш боданехь долчу хенахь хиллачу хьарамчу лаамашка шайн дахар ма талхадайта. 15Мелхо а, шаьш а цӀена хила, шайн лелар а цӀена хилийта, шаьш ТӀекхайкхинарг цӀена ма-хиллара. 16 aДелан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду: «ЦӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а цӀена ву».

17Нагахь хӀораннах а озабезам ца беш, цо диначуьнга хьаьжжина кхел еш Волчух аша Дада олуш хилча, шаьш дуьнен чу даьхкина хьеший хилла йолу хан сийлаллин кхерам дагахь а болуш яккха. 18Хаалаш, телхина дӀадер долу дети я деши а делла эцна яц шун паргӀато, шун дайх дисинчу гӀийлачу дахарх шу мукъадохуш, 19амма цӀеначу а, бехк боцучу а Ӏахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цӀий делла ю. 20Дуьне а кхоллале къастийна вара Иза, амма тӀаьхьарчу заманахь бен гучуваьккхина вацара шун дуьхьа. 21Иза веллачуьра ден а вина, Цунна деза сийлалла деллачу Делах а Иза бахьана долуш теша шу, цундела шун тешар а, сатийсам а Делаца боьзна бу.

22Бакъдолчунна муьтӀахь хиларна, шайн синош а цӀандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хӀинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш! 23Шун керлачу дахаран хьоста лийр долу хӀу дац, амма гуттар а хин дерг ду. Иза дийна долу а, гуттар а хин долу а Делан Дош ду! 24 bХӀунда аьлча аьлла ду: «ХӀора адам буц санна ду,
цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю.
Буц а якъало,
зезаг а маргӀалдулу,
25ткъа Везачу Элан Дош гуттар а деха».

Иштта бу шуна кхайкхийна хаза кхаъ!
Copyright information for CheCAC2012