‏ 1 Peter 4

Далла тешаме хилар

1Дала леррина Къобалвинчо Шен дегӀана бина ницкъ лайна дела, аша а цунах тера долчу леларна кечам бан беза. ХӀунда аьлча дегӀана хуьлу ницкъ лайнарг, къинойх дӀа а къаьстина, 2дуьнен чохь яккха йисина хан, дегӀан лаамийн кара а ца воьдуш, Дала бохург деш йоккхуш хир ву. 3Кхечу къаьмнийн нахах тарделла, хьалха а шортта хан яьккхина аша: вон мел дерг лелош, зударий а, божарий а хьарам лаамаш болуш, нахаца лелаш, муьйлуш, цӀушна хьарам Ӏибадат деш. 4Ткъа хӀинца царна тамашийна хета аша хьалхалера боьха гӀуллакхаш ца лелош, цундела шуна лоь уьш. 5Амма церан жоп дала дезар ду дийначарна а, беллачарна а кхел ян кийча Волчунна. 6Беллачарна а хаийтинера хаза кхаъ. ДогӀмех аьлча – царна кхел йина. Ткъа синойх аьлча – уьш гуттар а дийна хир ду Дела волчохь.

7Дерригенан а чаккхе тӀекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тӀаккха шуьга доӀанаш далур ду.

8 aУггар хьалха даггара вовшийн деза, хӀунда аьлча безамо дукха къинош дӀахьулдо.

9Шайн хӀусамашкахь вовшийн тӀеэца, яппарш а ца еш.

10Шуна хӀоранна а ша тайпа похӀма кхаьчна. Вовшийн гӀуллакх де цу похӀмица, Дала тайп-тайпана диканаш деллачу тешамечу хӀусамдас санна. 11Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гӀуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гӀуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Ӏийсан бӀеннаш шерашкахь, амин!

Ӏийсан мурд хиларан баланаш лар

12Сан хьоменаш, шуна тамашийна ма хета шайн луьра зер лан дезар, дага ма даийта, шайца цхьа тамашийна хӀума хуьлу аьлла. 13Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду.

14Нагахь Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш шу сийсаздеш делахь, шу декъалдина ду, Делан сийлаллин Са шуьца хуьлу дела. 15Стаг вийнарг, я къу, я зуламхо, я мотт тоьхнарг а хилла, таӀзар ловш ма хуьлийла шух цхьа а. 16Нагахь шуна дина таӀзар Дала леррина Къобалвинчун мурд ву аьлла делахь, эхь ма хета, Далла хастам бе ша и цӀе лелорна! 17Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тӀера йолалур ю иза. Ткъа вайна тӀера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тӀе ца эцначу нахана хӀун таӀзар хир ду?! 18 b«Делан лаамехь верг халла кӀелхьарволуш хилча,
Ӏеса лелачунна а,
къинош летийначунна а
хӀун хир ду?»

19Цундела Делан лаамца баланаш хьоьгуш болчара, дерриг а диканиг дан а хьожуш, гуттар а Бакъволчу вай Кхоьллинчун кара шаьш дӀадала деза.
Copyright information for CheCAC2012