b Кицанаш 3:34 (Грекийн).
dЗабур 54:23.
1 Peter 5
Тхьамданашна гӀо дар
1ХӀинца шун коьртехь болчу тхьамданашка ала лаьа суна. Со а ву тхьамда а, Дала леррина Къобалвинчо баланаш ловш теш а хилла. Гучудаьн долу Цуьнан сий-ларам Цуьнца доькъур ду ас. 2 aШайга белла Делан бажа бажабе. Шаьш декхарийлахь долу дела а доцуш, даггара иза Ӏалашбе, Далла иза ма-лаъара. Шайна цунах цхьа пайда хир бара аьлла а доцуш, даггара къахьега. 3Шайн куьйга кӀелахь болчу нахана масал хилий лела, шайн олалла бахьана долуш царна ницкъ ма бе. 4ТӀаккха, коьрта Ӏу веача, телхар доцу сийлаллин таж лур ду шуна. 5 bТкъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтӀахь а долуш де гӀуллакх, хӀунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву,амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».
6 cЦундела Делан нуьцкъалчу куьйга кӀел дуьйла, Цо Шен хенахь ойур ду шу. 7 dБерриг а шайн гӀайгӀанаш Цунна тӀе яхка, Иза шун бала болуш ву! 8Собаре а, сема а хила! Шун мостагӀа, иблис, ду, гӀигӀ ден лом санна, цхьаъ дӀакхалла гӀерташ даьлла лелаш. 9Цунна дуьхьало е, Делах шайн тешар чӀагӀде. Хаалаш, дерриг а дуьнен чохь шун вежарий, шу санна, баланаш ловш бу. 10Массо а диканиг Шеца долчу Дала кхайкхина шуьга Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна Шен хедар доцу сийлалла декъа. КӀеззиг йолчу хенахь баланаш аш лайча, Цо шу нийсачу новкъа дохур ду, шуна чӀагӀо а, ницкъ а, довр доцу доьналла а лур ду. 11БӀеннаш шерашкахь хуьлийла Цуьнан олалла, амин.
ТӀаьххьара маршалла
12 eХӀара доца кехат ас (сайга хаьттича) тешаме волчу вешин Салин гӀоьнца яздина, шу иракарахӀитторхьама а, иза билггала долу Делан диканиг дуйла хаийтархьама а. Цу тӀехь чӀоггӀа латта! 13 fШу санна, Бавел-гӀалара ▼▼Бавел-гӀалара – иза, схьахетарехь, Рим-гӀала ю, хӀунда аьлча Кипин лачкъийна дара ша волу меттиг.
Дала хаьржиначара а, ткъа иштта сан кӀанта Марка а маршалла доуьйту шуьга. 14Доггах ▼▼Доггах – ма-дарра аьлча: Вежарийн безамца болу барт а луш.
, маршалла хатта вовшашка. Маьрша хуьлда шу Дала леррина Къобалвинчуьнца долу дерриш а.
Copyright information for
CheCAC2012