1 Samuel 10
1Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегӀа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тӀе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тӀаьхьенна тӀехь куьйгалхо ван хьо къобалвина. 2Тахана хьо со волчуьра дӀавоьдуш, Бен-Яманан латтанашкарчу ЦӀелцӀахь олучу меттехь, Рахьалан кошана уллохь цхьа ши стаг гур ву хьуна. Цара хьоьга эр ду: „Ахь лоьхуш хилла йолу и виркхелаш схьакарийна. Хьан да, виркхелаш йиц а елла, чӀогӀа сагатдеш ву: ‘Сан кӀант цӀа верзаван аса хӀун дан деза техьа?’ – бохуш“. 3Цигара ваьлча, хьо кхочур ву Табур-гӀалара ножан дитт долчу. Цигахь хьуна гур ву Далла лерина сагӀа даккха Бетал-гӀала воьдуш волу кхо стаг. Царах цхьаьнгахь кхо буьхьиг хир ю, вукхуьнгахь кхо бепиг хир ду, кхозлагӀачуьнгахь чагӀар чохь долу пӀаьлдиг хир бу. 4Цара хьоьга маршалла хоттур ду, хьуна ши бепиг а лур ду. Ахьа уьш цаьргара схьаоьцур ду. 5Цул тӀаьхьа ГебаӀ-гӀаларчу сагӀа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пӀелаштамхойн тоба хир ю гӀаролехь лаьтташ. Хьо гӀали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тӀера охьавогӀуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу. 6Хьуна тӀе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тӀаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТӀаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду. 7ХӀара билгалонаш хьайна тӀехь кхочушхиллачул тӀаьхьа хьайга далург де, хӀунда аьлча хьоьца Дела ву. 8Сол хьалха а валий, Галгала дӀагӀо. Со а дӀавогӀур ву цига, дийнаташ дагоран сагӀанаш а, барт баран сагӀанаш а дахархьама. ВорхӀ дийнахь соьга хьоьжуш Ӏе, тӀаккха аса эр ду хьоьга, хӀун дан деза». 9Шаула Шамъал волчуьра дӀаваха букъ берзошшехь, Дала цунна керла дог делира, ткъа и ерриге билгалонаш цу дийннахь кхочушхилира. 10Уьш ГебаӀ-гӀаларчу сагӀа доккхучу барза тӀе бевлча, царна масех пайхамар дуьхьалкхийтира, Шаулна тӀе Делан Са охьа а доьссира. Иза а цаьрца, шовкъ а еана, Делера хаамаш беш дӀахӀоьттира. 11Шаул хьалха вевзаш хиллачара, шайна хӀара пайхамаршна юккъехь, цара дийриг а деш, воллуш гича, вовшашка хоьттура: «ХӀун хилла Къушин кӀантана? Шаулах а пайхамар хилла техьа?» 12 aЦарна юккъехь волчу цхьаммо элира: «Ткъа цу пайхамарийн дай муьлш бу?» ХӀетахь дуьйна схьа олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамаршна юкъахь?» 13Шовкъ еъначуьра ша юхавирзича, иза сагӀа доккхучу барза тӀе хьалавелира. 14Шаулан ден вашас хаьттира цуьнгий, цуьнан ялхочуьнгий: «Шу стенга дахнера?» Шаула жоп делира: «Виркхелаш лаха дахнера. Уьш тхайна ца карийча, Шамъал волчу даьхкинера тхо». 15Ден вашас юха а хаьттира: «Схьадийцахьа, хӀун элира шуьга Шамъала?» 16Шаула жоп делира: «Шамъала тхоьга хаам бира, виркхелаш схьакарийна аьлла». Амма Шамъала шега паччахьаллех лаьцна дийцинарг цо дӀа ца дийцира.Шаул паччахь ву аьлла дӀакхайкхаво
17Шамъала дерриг а Исраилан халкъ Веза Эла волчу МицӀпе схьакхайкхира. 18Цо халкъе элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала боху: „Аса шу, Мисар-махкара ара а даьхна, мисархойн куьйга кӀелара схьа а даьхна, кхечу паччахьийн Ӏазапера кӀелхьара а даьхна“. 19Ткъа аша хӀинца шайн Дела дӀатесна, Цо шаьш массо а балех кӀелхьардохуш хилла доллушехь. Аша Цуьнга элира: „Тхуна тӀехь паччахь хӀоттаве“. ХӀинца Везачу Элана хьалха, шайн тайпанаш а, гаранаш а билгал а дахий, дӀахӀитта». 20Шамъала Исраилан халкъан дерриг тайпанаш шена тӀе даладайтира. Царна юккъера Бен-Яманан тайпа къастийра цо. 21ТӀаккха цу тайпанах болчу нахе шайн гаранашца тӀедуьйла элира цо. Царна юкъара МатӀарин гара хаьржира. ТӀаьххьара а Къушин кӀентан Шаулан цӀе яьккхира. Амма Шаул лаха хӀиттича, иза кара ца вора. 22ТӀаккха цара Везачу Эле юха а хаьттира: «ВогӀур вуй кхин цхьа а кхуза?» ТӀаккха Везачу Эло жоп делира: «ВогӀур вац. Шаул хьуьлла аша шайца схьаеана йолчу хӀуманаш юккъехь лечкъина Ӏаш ву». 23Наха, бевдда цига а бахана, Шаул цу хӀуманаш юккъера схьаваьккхира. Иза нахана юккъе дӀахӀоьттича, уьш цунна белше бен ца кхочура. 24Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац». ТӀаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!» 25Шамъала нахе йийцира паччахьан бакъонаш. Цу бакъонах лаьцна тептар а яздина, иза Везачу Элана хьалха охьадиллира. Цо нах хӀора шен-шен цӀа дӀабахийтира. 26Шаул а ГебаӀе шен цӀа вахара. Цуьнца Дела шайн дага чу вижна болу майра нах а бара. 27Ткъа вочу наха бохура: «Цуьнга дахалур ду вай кӀелхьара?» Уьш цунах баша а ца бешира, я цунна совгӀаташ а ца кховдийра. Цара и сурт хӀоттийнехь а, Шаула цу нахе хӀумма а ца элира.
Copyright information for
CheCAC2012