‏ 1 Samuel 13

Шаула дуьххьара Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочуш ца до

1
Грекийн гочдар тӀехь иштта дӀаяздина ду: «Ша паччахь хӀоттийначу хенахь Шаулан ткъе итт шо дара. Иза шовзткъе шина шарахь Исраилан паччахь лаьттина».
Цхьана шарахь паччахьалла дӀакхехьна Шаула. Исраилан паччахь ша волу шолгӀа шо дузучу хенахь,
2цо кхо эзар исраилхо шена дӀахаьржина. Ши эзар стаг Шаулаца Бетал-ломана уллорачу Михмасехь вара, цхьа эзар стаг ЯхӀунатица Бен-Яманарчу ГибаӀ-гӀалахь вара, ткъа кхин болу нах Шаула шайн-шайн цӀа бахийтинера.

3ЯхӀунатас ГибаӀ-гӀалахь гӀаролехь лаьтташ хилла йолу пӀелаштамхойн эскархойн тоба эшийна хилла. И хӀума пӀелаштамхошна дӀахиъна. Ткъа Шаула, уьстагӀан маӀа а локхуьйтуш, дӀакхайкхадайтина: «Ӏебархошна хезийла!» – аьлла. 4Исраилан халкъана Шаула пӀелаштамхойн эскаран тоба эшийнийла а, Исраилан мохк церан луьра мостагӀа хилла дӀахӀоьттинийла а хиъча, халкъ Шаул волчу Галгал-гӀала схьагулделира.

5Ткъа пӀелаштамхой исраилхошна дуьхьал тӀом бан кечбелира. Ткъе итт эзар гӀудалкх, ялх эзар говрахь волу тӀемало, кхин а дуккха а адам кечдира цара. ХӀордан йистера гӀум санна, дукха бара уьш. Схьа а баьхкина, Байт-Аванна малхбалехьа лаьтташ йолчу Михмасехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. 6Исраилхой кхийтира шайн гӀуллакх чӀогӀа кхераме дуйла. Уьш, гуро лаьцча санна, Ӏаш бара. Цундела уьш хьехашна, чӀажашна, саьнгаршна чохь а, лаьмнашкарчу терхашна юккъехь а, гӀунаш чохь а дӀалечкъира. 7Цхьаболу Ӏебархой, Йордан-хил дехьа а бевлла, ГалӀадан а, Гадин а долахь хиллачу мехкашка дӀабахара.

Шаул цу хенахь а Галгалахь вара. Цуьнца цхьаьна долу адам, чӀогӀа кхераделла, доьхна дара.
8 bШамъала шега ма-аллара, ворхӀ дийнахь Галгалахь цуьнга хьоьжуш Ӏийра иза. Амма Шамъал, схьа ца вогӀуш, хьевеллера. Цундела адамаш дӀасаэха дуьйладелира. 9Шаула элира: «Схьадаладе суна дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀина леринарг». Цо цигахь Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагӀа даьккхира. 10Амма иза и гӀуллакх дина ваьлла жимма хан ялале, Шамъал схьакхечира. Маршалла хатта цунна дуьхьалвахара Шаул. 11Шамъала цуьнга хаьттира: «И хӀун ду ахьа динарг?»

Шаула жоп делира: «Суна гира со волчуьра нах дӀауьдуш. Ткъа хьо, айхьа йиллинчу хенахь схьа ца вогӀуш, хьевеллера. ПӀелаштамхой Михмасехь, схьакхаьчна, лаьтташ бу.
12ТӀаккха аса ойла йира: „ПӀелаштамхой Галгала тӀамца чубогӀур бу, ткъа со хӀинца а Деле орца даккхаза ву“. Цундела аса дийнаташ дагоран сагӀа даьккхира».

13ТӀаккха Шамъала Шауле элира: «Ахьа иза чӀогӀа вон дина. Ахьа хьайн Везачу Дала хьайна тӀедиллинарг кхочуш ца дина. Иза хьоьгара ца даьллехь, Исраилан махкахь хьан паччахьалла Дала массо а ханна чӀагӀдийр дара, 14 cамма хӀинца хьан паччахьалла лаьттар дац. Везачу Элана хьан метта Шен даго къобалвеш волу стаг карор ву, иза Цо Шен халкъана тӀехь баьчча вина дӀа а хӀоттор ву, хӀунда аьлча ахьа Везачу Эло хьайна тӀедиллинарг кхочуш ца дина».

15Шамъал, хьала а гӀаьттина, шен новкъахула дӀавахара. ТӀаьхьабисинарш Шаул шен эскар долчу дӀавоьдучу хенахь цуьнца
...шен новкъахула дӀавахара. ТӀаьхьабисинарш Шаул шен эскар долчу дӀавоьдучу хенахь цуьнца дӀабахара – хӀара дакъа Грекийн гочдар тӀера схьаэцна ду.
Галгалара Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала дӀабахара, ткъа Шаула шеца бисина болу нах багарбира. Уьш ялх бӀе стаг ца кхоччуш вара.
16Шаул шен кӀантаца ЯхӀунатица а, шаьшшинца бисина болчу нахаца а Бен-Яманан ГебаӀ-гӀалахь сецира, ткъа пӀелаштамхой шайн меттамотт лаьттачу Михмасехь бара. 17Цигара пӀелаштамхойн эскаран кхо тоба араелира Исраилан мохк, басса а бина, хӀаллакбан. Царах цхьа тоба ШуӀал-аренна уллохь йолчу Ӏапру боьдучу новкъахула дӀаяхара, 18ткъа важа тоба Байт-Хьороне боьдучу новкъа елира, ткъа кхоалгӀаниг яьссачу арехьа йолчу ЦебаӀим-аренан дозане боьдучу новкъахула дӀаяхара.

19Берриге а Исраилан махкахь цхьа а аьчк-пхьар вацара, хӀунда аьлча пӀелаштамхой кхоьрура цара, и говзалла кара а ерзийна шайна тарраш а, гоьмукъаш а кечдарна. 20Цундела массо а исраилхо пӀелаштамхой болчу эха дезаш хуьлура шайн хьонхалш а, белаш а, дагарш а, маьрсаш а ирдан. 21ПӀелаштамхойн аьчк-пхьераша цхьа жима дато ахча доккхура хьонхалш а, белаш а ирйийриг. Цул жимма сов дато ахча доккхура дагаран иралла артъелча, я вед тоян езча. 22Цундела Шаулаций, ЯхӀунатиций долчу халкъехь я тарраш а, я гоьмукъаш а дацара. Уьш Шаулехь шегахь а, цуьнан кӀантехь ЯхӀунатехь бен дацара.

23ПӀелаштамхойн хьалхара тоба Михмасерачу лаьмнел дехьадовларе дӀаяхара.
Copyright information for CheCAC2012