‏ 1 Samuel 15

Шаула шолгӀа а Везачу Эло тӀедиллинарг кхочуш ца до

1 aШамъала Шауле элира: «Везачу Эло со ваийтина Исраилан халкъана тӀехь хьан паччахьалла къобалдан. ХӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа. 2 bМассо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Дагадаийтира Аса Сайна Ӏамалекха Исраилан халкъана динарг: Мисар-махкара халкъ цӀа доьрзучу хенахь иза цунна дуьхьал валар. 3ХӀинца, ваха а гӀой, Ӏамалекхана тӀелата, цуьнан мел долу хӀума, къинхетам ца беш, хӀаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагӀ, эмкал, вир – ша мел долу хӀума, дей, дӀадаккха“».

4Телаим олучу меттехь Шаула вовшахтуьйхира шен эскар. Царна юккъехь ши бӀе эзар гӀашло вара, цул сов, итт эзар стаг ЯхӀудан тайпанах а вара. 5Шаул Ӏамалекхахойн гӀалина тӀекхаьчнера. ТогӀи чохь царна кӀело ян охьахиира иза. 6Шаула кхенахошна тӀе хабар дахьийтира: «Ӏамалекхахойх дӀакхеттачуьра дӀакъаста, шаьш соьга дайа ца дайийта. Аша Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь Исраилан халкъана гӀо дина». Кхенахой Ӏамалекхахошна юкъара дӀакъаьстира.

7Шаула Хьавилара дуьйна Мисар-махкана малхбалехьа Ӏуьллучу Шур-гӀалин йистошка кхаччалц эшийра Ӏамалекхахой. 8Церан паччахь АгӀаг Шаула дийна волуш схьалецира, ткъа цуьнан дерриге а халкъ хӀаллакдира. 9Амма Шаула а, цуьнан эскаро а АгӀагах къинхетам бира, дико долу уьстагӀий а, стерчий а, дерстана долу эсий а, Ӏахарий а дитира, иштта дика мел долу хӀума а, доха ца деш Ӏаддитира, ткъа оьшуш мел доцу хӀума дохийна дӀадаьккхира.

10ТӀаккха Шамъале долу Делан дош иштта дара: 11«Со чӀогӀа дохковаьлла Айса Шаул паччахь вина дӀахӀотторах. Сох дӀа а вирзина, Сан дош цо кхочуш ца дина». Иза шена хиъча, Шамъал чӀогӀа оьгӀазвахара. Буьйса, Везачу Эле кхойкхуш, яьккхира цо. 12Сахуьлуш Шамъал, хьала а гӀаьттина, Шаулна дуьхьалвахара. Амма цуьнга хаам бира, Шаула, Кармал-гӀала а вахана, цигахь шен толамаш дагабоуьйтуш болу тӀулг дӀахӀоттийра аьлла, ткъа цигара ваьлча, иза Галгала вахана аьлла. 13Шамъал Шаулна тӀекхечира, ткъа Шаул вистхилира: «Везачу Эло декъалвойла хьо. Аса Везачу Элан дош кхочушдина».

14ТӀаккха Шамъала элира: «Сан лергашна хезаш долу уьстагӀийн а, стерчийн а аьзнаш мичара ду?»

15Шаула элира: «Уьш Ӏамалекх волчуьра схьадалийна ду. Оха тоьлла долу уьстагӀий а, стерчий а хьан Везачу Далла лерина сагӀа даккха дитира, кхин дерш хӀаллакдира».

16Шамъала Шауле элира: «Собар де, аса дӀадуьйцур ду хьоьга Везачу Эло буьйсанна хьо бахьана долуш аьлларг».

Шаула цуьнга элира: «Схьадийца».

17ТӀаккха Шамъала элира: «Хьуна-хьайна а хьо жима а, хьал доцуш а хетташехь, ца хӀоттийнера Исраилан халкъан тайпанашна коьрте? Хьо иштта воллушехь, Везачу Эло къобал ца винера хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀотта? 18Везачу Эло хьо хӀокху дешнашца новкъа ваьккхинера: „Ваха а гӀой, и къинош летийна болу Ӏамалекхахой хӀаллакбе. Уьш, байина, дӀабаххалц, тӀом бе цаьрца“, – аьлла. 19Везачу Эло хьайга аьлларг хӀунда ца дира ахьа? Стенна кхийтира хьо ижуна тӀе, Везачу Элан бӀаьргашна хьалха вон деш?»

20Шаула Шамъале элира: «Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, Цо аьллачу новкъа велира со. Ӏамалекхахойн паччахь АгӀаг аса схьавалийна, уьш мел берш хӀаллак а бина. 21Ткъа наха шайна яьллачу ижуна юккъера тоьлла долу уьстагӀий а, стерчий а схьахаьржира Галгалахь хьан Везачу Далла лерина сагӀа даккха».

22Шамъала цунна жоп делира: «Ахьа доккхуш долу сагӀа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана,
хьо Ша бохург а деш дӀахӀоттарал?
Цуьнга ладугӀуш хилар сагӀа даккхарал а деза ду,
ткъа Цунна муьтӀахь хилар уьстагӀан махьаран даьттанал а дезах ду,
23хӀунда аьлча муьтӀахь цахилар, бозбунчалла лелор санна, къилахь ду,
ткъа шен лааме а ваьлла, дуьхьалвалар цӀу-динах тешар санна ду.
Ахьа Везачу Элан дош дӀататтар бахьана долуш,
Цо хьо дӀатеттина,
Исраилан халкъан паччахь ца хилийта».

24Шаула Шамъале элира: «Везачу Элан дашна тӀера а, хьан лаамна тӀера а ваьлла, аса сайх къа латийна. Со нахах кхеравелира, цундела цара бохург дира аса. 25ХӀинца аса сайна къинтӀера валар доьху хьоьга. Соьца юхаверзахьара хьо, Везачу Элана соьга корта тохийта».

26Шамъала Шауле жоп делира: «Со хьоьца юхавогӀур вац, хӀунда аьлча ахьа Везачу Элан дош дӀатеттина, цундела Цо хьо юхатеттина Исраилан халкъан паччахь ца хилийта».

27 cШамъал дӀаваха дагахь дӀавирзира. Амма вукхо цуьнан бедаран юх, катоьхна схьа а лаьцна, ятӀийра. 28ТӀаккха Шамъала элира: «ХӀинца дуьйна Везачу Эло Исраилан халкъана тӀехь долу паччахьалла хьох дӀахадийна. Цо иза кхечуьнга дӀакховдийна, иза хьол тоьлуш волу дела. 29Исраилан халкъан сийлахьчу Дала харцдерг а дуьйцур дац, Иза дохко а вер вац, хӀунда аьлча Дела адам дац Шен лаам хийца».

30ТӀаккха вукхо элира: «Аса къа латийна. Делахь а хӀинца сан къоман къаношна хьалха а, со Исраилан халкъана хьалха а ларий, соьца юхаверзахьара хьо, тӀаккха аса хьан Везачу Далла Ӏибадат дийр дара». 31Шамъал Шаулаца юхавирзира. Шаула Везачу Элана Ӏибадат дира.

32Цул тӀаьхьа Шамъала элира: «Ӏамалекхахойн паччахь АгӀаг схьавалаве кхуза».

Шек а ца волуш
«Шек а ца волуш» – Грекийн маттера гочдича: «Кхерарна а вегош».
, АгӀаг цунна тӀе веара. Цо элира: «Валаран къаьхьаллах со ва̄ла ма ваьлла?»

33Амма Шамъала элира: «Хьан туьро нанойх бераш ма-даххара, хьан нана а йолийла шен кӀантах». Галгалахь Везачу Элана хьалха Шамъала АгӀаг, вен а вийна, цунах дакъош дира.

34Шамъал Раме дӀавахара. Ткъа Шаул ГебаӀ-гӀалахь долчу шен цӀа вахара. 35Цул тӀаьхьа Шамъална Шаул кхин ца гира ша велла дӀаваллалц, амма цо цунах лаьцна шен дага чохь гӀайгӀа латтайора, хӀунда аьлча Веза Эла дохковаьллера Ша иза Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀотторна.
Copyright information for CheCAC2012