‏ 1 Samuel 16

Исраилан халкъана тӀехь Даудан паччахьалла къобалдар

1Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гӀайгӀане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дӀатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маӀа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гӀала гӀо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кӀенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина».

2Амма Шамъала элира: «Со муха гӀур ву цига? Шаулна иза дӀахаахь, цо со вуьйр ву».

Везачу Эло жоп делира: «Хьайца, цига воьдуш, шинар дига. Хьо Везачу Элана лерина долу сагӀа даккха веана эр ду ахьа.
3Айхьа сагӀа доккхучу хенахь Юшайга схьакхайкха. Цул тӀаьхьа Аса дуьйцур ду хьуна, хӀун дан деза. Аса хьайга аьлларг даьтта доттарца къобалвийр ву ахьа Суна».

4Шега Везачу Эло ма-аллара, Байтлахам-гӀала ваха новкъа велира Шамъал. Иза цига дӀакхаьчча, цу гӀалара къаной боьхна дуьхьалбевлира цунна. Цара хаьттира: «Маршо яхьаш вогӀий хьо?»

5Цо жоп делира: «ВогӀу. Со Везачу Элан дуьхьа сагӀа даккха вогӀуш ву. Делан дуьхьа дӀа а къастий, соьца сагӀа доккхучу дуьйла». Шамъала Юшай а, цуьнан кӀентий а Далла хьалха дӀахӀоттабан кечбира. Уьш а кхайкхира цо сагӀа доккхучу.

6Уьш сагӀа доккхучу схьабаьхкича, Шамъална цигахь Элиаб гира. Цо ша-шега элира: «Везачу Элана хьалха дӀахӀоьттина лаьтташ волу хӀара хила мега Цо къобалвинарг!» 7Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хӀунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу».

8Юшайс, Абинадаб схьа а кхайкхина, иза Шамъална тӀевалийра. Шамъала элира: «ХӀара а вац Везачу Эло хаьржинарг». 9ТӀаккха Юшайс Шама тӀевалийра. Юха а Шамъала элира: «ХӀара а вац Везачу Эло хаьржинарг». 10Иштта шен ворхӀе а кӀант Шамъална тӀевалийра Юшайс, амма Шамъала элира: «Кхарах цхьа а ца хаьржина Везачу Эло». 11ТӀаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кӀентий кхузахь буй хьан?»

Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хӀинца жа дажош ву».

Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хӀума яа охьаховшур дац».
12Юшайс кӀант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бӀаьрг а болуш, юьхь тӀера чӀогӀа товш кӀант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гӀаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». 13Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маӀа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тӀе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тӀе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гӀаьттина, Раме дӀавахара.

Дауда Шаулна гӀуллакх дар

14Везачу Элан Са Шаулах дӀакъаьстира. Цунна тӀе Везачу Эло дахийтинчу жино иза хьийзавора. 15Шауле цуьнан ялхоша элира: «Делера долчу жино хьийзош ву хьо. 16Хьайна хьалха болчу ялхошка дечиган пондар лакха хууш волу стаг лахийта. Делера долу жин хьо волчу деача, цу стага пондар а локхуш, хьан дагна хьаам бийр бу».

17Шаула шен ялхошка элира: «Дечиган пондар дика лакха хууш волу стаг, схьа а лахий, со волчу схьавалаве».

18Ялхошна юкъахь волчу цхьаммо элира: «Байтлахам-гӀалара волчу Юшайн кӀант гина суна. Цунна дечиган пондар лакха а хаьа, иза ша майра а, вистхилар хьекъале долуш а, чӀогӀа товш стаг а ву. Цуьнца Веза Эла а ву».

19ТӀаккха Шаула Юшай волчу хабар эцна геланча вахийтира: «Хьайн бажа бажош волу кӀант Дауд со волчу ваийта», – аьлла. 20Юшайс, шен вир схьа а эцна, цунна тӀе бепиг а, чагӀар чохь долу пӀаьлдиг а биллина, жима буьхьиг схьа а эцна, уьш а, шен кӀант Дауд а Шаул волчу дӀахьажийра. 21Дауд Шаул волчу дӀакхаьчча, иза цунна гӀуллакх дан волавелира. Дауд чӀогӀа везавелира Шаулна, цо цунах шен герзлелориг вира. 22Юшайга хабар дахьийтира Шаула: «Дауд со волчохь гӀуллакх деш сецна, хӀунда аьлча цо деш долу гӀуллакх суна чӀогӀа тайна». 23Делера долу жин Шаулна тӀе охьа мосазза дуссу, Дауда, схьа а оьций, дечиган пондар локхура, тӀаккха Шаулан са паргӀатдолура.
Copyright information for CheCAC2012