‏ 1 Samuel 17

ГӀолиата исраилхошка йохье кхойкху

1ПӀелаштамхоша шайн эскар тӀамана схьагулдира. Цара, ЯхӀуд-махкарчу Соха-гӀалахь схьа а гулбелла, Соханий, Ӏазекхиний юккъехь йолчу Эпас-Дамимахь меттамотт дӀахӀоттийра. 2Ткъа Шаул, исраилхошца цхьаьна Эла-тогӀи чохь шен меттамотт дӀа а хӀоттийна, пӀелаштамхошна дуьхьал тӀом бан кечвелира. 3ПӀелаштамхой цхьана агӀор лаьтташ болчу лам тӀе бевлира, ткъа исраилхой цунна дуьхьал лаьттачу вукху лам тӀе бевлира. Царна юккъехь тогӀи яра.

4Ша Гати-гӀалара а волуш, ГӀолиат цӀе йолу, бӀаьхо волу цхьа стаг пӀелаштамхошна юкъара схьавелира. Иза ялх
Ялх дол – Грекийн гочдар тӀехь: диъ дол.
дол а, цхьа ше а хиллал лекха вара.
5Цуьнан коьртахь цӀестах дина долу гӀем дара, тӀедуьйхина цӀестан пелагех дина гӀагӀ дара. Цу гӀаьгӀнан деккъа дозалла пхи эзар шекхал цӀаста хиллал дара. 6Цуьнан когаш тӀехь цӀестан гола тӀеюхкурш яра, букъ тӀехь цӀестан горга тур а дара. 7Цуьнан гоьмукъан гӀаж, кӀадидархочун гӀирс санна, еха яра, ткъа ша гоьмукъ ялх бӀе шекхал эчиг хиллал бара. Цунна хьалха хӀоьттина вогӀуш цуьнан доккха турс лелош верг а вара. 8ГӀолиат, исраилхойн тӀемалошна хьалха дӀа а хӀоьттина, цаьрга мохь бетта волавелира: «ТӀом бан стенна кечделла шу? Со пӀелаштамхо вац ткъа? Ткъа шу Шаулан леш ду. Шайна юкъара соьца лата стаг схьахаржа. 9Нагахь, иза сох лата а летта, цо со вехь, пӀелаштамхой шун леш хир бу, ткъа нагахь, со цунах тола а тоьлла, аса иза вехь, шу тхан леш хир ду, тхуна хьалхара гӀуллакх а деш». 10ПӀелаштамхочо кхин а элира: «Тахана аса исраилхойн эскаре кхайкхам бо. Схьаваийта суна тӀе иштта волу стаг, тхойшиъ вовшахлетар ву!» 11ПӀелаштамхочо бохург шайна хезча, Шаул а, исраилхой а, кхерабелла, Ӏадийнера.

Дауд Шаулан меттаматтахь

12ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара волчу эпратхочун Юшайн кӀант вара Дауд. Юшайн бархӀ кӀант вара. Шаул паччахьан даржехь волчу заманчохь Юшай чӀогӀа хан яьлла стаг вара. 13Юшайн воккхаха волу кхо кӀант Шаулца тӀаме вахнера. Цуьнан тӀаме ваханчу кхаа кӀентан цӀераш яра: уггаре воккхачун – Элиаб, шолгӀачун – Абинадаб, кхозлагӀчун – Шама. 14Дауд жимаха верг вара. Воккхаха волу кхо кӀант Шаулца волчу хенахь, 15Дауд Шаул волчу дӀа а воьдий, цигара юхавоьрзура, Байтлахам-гӀалахь волчу шен ден уьстагӀий дажо.

16Шовзткъа дийнахь пӀелаштамхо, Ӏуьйранний, суьйранний ара а волуш, исраилхошна ша гайта дӀахӀуттура.

17ТӀаккха Юшайс шен кӀанте Дауде элира: «Хьайн вежаршна кхо сахь кхерзина буьртигаш а, итт бепиг а эций, сихха церан меттамотт лаьттачу дӀагӀо. 18ХӀара итт нехча тӀеман коьртачу хьаькаме дӀало, хьайн вежарийн хьал-де хаа, уьш могуш-маьрша хиларан билгало а я. 19Шаул а, хьан вежарий а, массо а исраилхо санна, Эла-тогӀи чохь пӀелаштамхошца тӀом беш бу».

20Дауд, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, шен уьстагӀий хехочуьнга дӀа а делла, шен мохь схьа а эцна, Юшайс шена тӀе-ма-диллара, эскар лаьтташ долчу дӀавахара. ХӀара дӀакхаьчначу хенахь эскархой тӀом бечу могӀаршкахь дӀахӀиттина лаьттара. Маьхьарий а детташ, тӀамана кечлуш бара уьш. 21Исраилхоша а, пӀелаштамхоша а шайн тӀемалойн могӀанаш дуьхь-дуьхьал дерзийнера. 22Дауда, шегахь болу мохь тӀеман гӀирс ларбеш волчу хехочуьнга дӀа а белла, ведда эскархойн могӀанаш долчу юкъа а вахана, шен вежаршка хӀун хьал ду хаьттира. 23Иза шен вежаршца къамел деш волчу хенахь Гати-гӀалара ГӀолиат цӀе йолу пӀелаштамхойн вовшахлатархо, шайн могӀанашна юкъара ара а ваьлла, мохь бетта волавелира. Даудана цо бохург хезира. 24Массо а исраилхо, и стаг шайна ма-гиннехь, кхералой, цунах водура. 25Исраилхоша бохура: «Гой шуна и къамел деш волу стаг? Иза исраилхой емалбеш, царна луьйш ву. Иза вийначунна паччахьо боккха бахам лур бара, цуьнга шен йоӀ маре а йохуьйтур яра, цуьнан доьзал Исраилан махкахь массо а кхечу нахана тӀедиллина долчу хӀуманах мукъа а боккхур бара».

26ТӀаккха Дауда шеца лаьтташ болчу нахе элира: «ХӀун кхаъ хир бу, и пӀелаштамхо вен а вийна, Исраилан махкана тӀера юьхьӀаьржо дӀаяьккхинчунна? Мила ву хӀара дин доцу, сунтваза волу пӀелаштамхо, дийна волчу Делан эскарна луьйш волу?»

27Цара, шаьш аьлларг юха карла а доккхуш, и стаг вийначунна кхаъ лур бу аьлла, дӀахаийтира.

28Даудан воккхаха волчу вешина Элиабна хезира цо нахаца деш долу къамел. Даудана чӀогӀа оьгӀаз а вахана, цо элира: «Хьо хӀунда веана кхуза? Хьанах тешна дитина ахьа вайн де а доцу уьстагӀий яьссачу арахь? Суна евзаш ю хьан сонталла а, хьан вон дог а. Хьо тӀамах бӀаьрг тоха веана кхуза?»

29Дауда элира: «Соьгара хӀун даьлла, нахаца къамел дарал сов?» 30Шена уллохь болчу нахе дӀа а вирзина, Дауда цаьрга хаттар дича, цара, вукхара санна, жоп делира цунна.

31Дауда аьлла долу дешнаш Шауле дӀадийцира. Цо Дауд шена тӀекхайкхира. 32ТӀаккха Дауда Шауле элира: «И пӀелаштамхо бахьана долуш цхьа а стаг гӀайгӀане хила оьшуш вац. Хьан лай, ваха а вахана, цуьнца летар ву».

33Шаула Дауде элира: «Хьо ларор вац цу пӀелаштамхочуьнца, хӀунда аьлча хьо хӀинца а жима ву, ткъа иза кога ирахӀоьттинчу хенахь дуьйна тӀеман гӀуллакх девзаш хилла ву».

34Дауда Шауле элира: «Хьан лай шен ден уьстагӀий дажош лелла ву. Нагахь санна, я лом, я ча а еана, цара жа юкъара уьстагӀ дӀабаьхьча, 35царна тӀаьхьа а воьдий, тӀекхетий, церан багара иза схьабоккхура ас. Амма иза сайна тӀекхетча, аса цуьнан кхес схьа а лоций, охьа а тухий, йоьра. 36Лом а, ча а йоьра хьан лай волчо. Изза хир ду оцу сунтваза волчу пӀелаштамхочунна а, дийна волчу Делан эскарна кхиссарш еш волчу». 37Дауда кхин а элира: «Лоьмах а, ченах а со кӀелхьарваьккхина волчу Везачу Эло со оцу пӀелаштамхочун куьйга кӀелара а воккхур ву».

ТӀаккха Шаула Дауде элира: «Вало, гӀо цига. Веза Эла хьоьца хуьлийла».
38Даудана шен бедарш тӀеюьйхира Шаула, коьрта цӀестан гӀем а тиллира, цунна тӀе гӀагӀ а дуьйхира. 39Бедарш тӀехула тур гӀода юккъе а дихкина, Дауд дӀасаволавелира, амма иза ишттачу духарца лела Ӏемина вацара. Цо Шауле элира: «Со, хӀара духар а доьхна, лела Ӏемина вац». Цо и хӀуманаш шена тӀера дӀаехира. 40Коьжалг шен кара а лаьцна, татол чуьра пхи шера тӀулг а хаьржина, уьш шегахь болчу тӀоьрмаг чу а дехкина, и тӀоьрмаггий, ширдолаггий карахь а долуш, иза пӀелаштамхочунна дуьхьалвахара.

Дауда ГӀолиат эшаво

41ПӀелаштамхо а вара кхунна дуьхьалвогӀуш, хьалха ваьлла доккха турс лелош верг а волуш. 42ПӀелаштамхо Дауде цавашарца схьахьаьжира, хӀунда аьлча хӀара ханна жима а вара, хьаьрса а волуш, юьхь тӀера хаза а вара. 43Цо Дауде элира: «Хьо суна дуьхьал гӀожаца ма ваьлла. Со жӀаьла ду-м ца моьтту хьуна?» Иза а аьлла, пӀелаштамхочо шен деланашкара неӀалт кхайкхира Даудана. 44Цо Дауде элира: «ТӀевола суна, аса хьан дакъа стигаларчу олхазаршний, аренгахь лелаш долчу акхарошний дӀалур ду».

45Дауда пӀелаштамхочуьнга элира: «Хьо суна дуьхьал тур а, гоьмукъ а, горга тур а карахь вогӀуш ву, ткъа со ахьа сийсаздохуш долчу Исраилан халкъан массо а эскарийн Дела волчу, массо а ницкъийн Везачу Элан цӀарах араваьлла. 46Таххана Везачу Эло хьо сан кара схьалур ву, ткъа аса хьо вуьйр ву. Аса хьан корта схьабоккхур бу, ткъа пӀелаштамхойн эскархойн декъий стигаларчу олхазаршна а, лаьттахь лелаш долчу акхарошна а дӀалур ду. Дерриг а дуьненна дӀахуур ду Исраилан махкахь Дела вуйла. 47Кхузахь гулделлачу дерриг а халкъана дӀахуур ду Везачу Эло туьраций, гоьмукъций ца воккхийла кӀелхьара, хӀунда аьлча тӀом Везачу Элан карахь бу. Цо шу тхан кара схьа а лур ду».

48ПӀелаштамхо шена тӀеволавелча, Дауд сихха цунна дуьхьалведира. 49Шен тӀоьрмаг чу куьг а дахийтина, тӀулг схьаийцира цо. Ширдолагца ластийна, цо иза пӀелаштамхочунна хьажа юккъе туьйхира. И тӀулг цунна нийсса хьажа юккъе богӀабелира, ткъа пӀелаштамхо бертал охьавуьйжира. 50 bИштта тӀулгаций, ширдолагций пӀелаштамхо эшийра Дауда. Цо иза карахь тур а доцуш вийра. 51ТӀаккха Дауда, ведда тӀе а вахана, цунна тӀе ког а баьккхина, пӀелаштамхочун тур баттара схьа а даьккхина, цуьнан корта баьккхира.

ПӀелаштамхой, шайна юкъара ницкъберг велла гича, бевдда дӀабахара.
52Исраил-махкара а, ЯхӀуд-махкара а халкъ маьхьаршца пӀелаштамхошна тӀаьхьаделира. Цара уьш, лаьхкина, тогӀи чу вуллучу
ТогӀи чу вуллучу – Грекийн гочдар тӀехь: Гати-гӀала чу вуллучу.
дӀабигира, цигара дӀа – Ӏекхран-гӀали чу воьду ков долчу бигира. Эшийна, лаьхкина буьгуш болу пӀелаштамхой ШаӀрайм-гӀалина тӀе боьдучу новкъа тӀе охьаоьгура Гати-гӀалина а, Ӏекхран-гӀалина а тӀекхаччалц.
53Шаьш пӀелаштамхошна тӀаьхьабевллачуьра юхабирзича, церан бахам дӀасабоькъура исраилхоша. 54ТӀаьхьо, пӀелаштамхочун корта схьа а эцна, Дауда иза Ярушалайме дӀабаьхьира, ткъа цуьнан тӀеман гӀирс цо шен четар чохь охьабиллира.

Даудан схьавалар Шаулна довзийтар

55ПӀелаштамхочуьнца Дауд лата воьдуш шена гича, Шаула эскаран хьаькам волчу Абунаре элира: «Абунар, иза хьенан кӀант ву?»

Абунара элира: «Дийна волчу сайх чӀагӀо йо ас, ва паччахь, суна иза билггала ца хаьа».

56Паччахьо элира: «Хатта, хьенан кӀант ву и жима стаг».

57Дауд, пӀелаштамхо эша а вина, юхавогӀучу хенахь, Абунара иза Шаул волчу схьавалийра. ПӀелаштамхочун корта цуьнан карахь бара. 58Шаула цуьнга хаьттира: «Жима стаг, хьо хьенан кӀант ву?» – аьлла.

Дауда жоп делира: «Со Байтлахам-гӀалара хьан лай волчу Юшайн кӀант ву».
Copyright information for CheCAC2012