1 Samuel 2
Хьанатан доӀа
1 aШа доӀа деш Хьаната элира: «Сан дог Везачу Элах доккхаде!Везачу Эло Шен ницкъаца соьца болу ларам лакхабаьккхина!
Ахьа со кӀелхьаръяккхарх йоккхаеш,
со сайн мостагӀех йоьлу.
2Везачу Элал веза цхьа а вац,
Хьох тераниг дуьнен чохь а вац!
Чхаро санна, адам Ӏалашдеш тхан Дела воцург цхьа а вац.
3Деза детташ, къамелаш ма де,
ма ала кӀоршаме дешнаш!
Веза Эла массо а хӀума гуш ву.
Нехан массо а гӀуллакхашна нийсонца тӀе а хьожу.
4Ницкъболчеран секхаӀад кагло!
ЭгӀаза верг ницкъ болуш хуьлу.
5Буьзна хилларш, леш санна, къахьоьгуш бу,
меца лелларш, буьзна, садоӀуш бу.
Бер ца хуьлуш йолчо ворхӀазза бер до,
ткъа дукха кӀентий болуш хилларг синца эшна ю.
6Везачу Эло вен а воь, чу са а кхуллу,
стаг Ӏожалле дӀа а хьажаво, веллачуьра ден а во.
7Везачу Эло цхьаьнга къелла кховдайо, вукхуьнга хьал ло,
цхьаннан цӀе йожайо, вукхуьнан хьала а йоккху.
8Везачу Эло къен верг чена юккъера хьалаайаво,
овкъарш юккъера мисканиг схьавоккху.
Иза хьалдолчаьрца нийсса дӀахӀоттаво,
цаьрга паччахьаллин сийнна шерет ▼
▼Шерет – бахам бекъар.
дойту.Дуьненан бух Везачу Элан ма бу,
цу тӀехь Латта ДӀахӀоттийнарг а Иза ву.
9Везачу Эло шен нехан лар Ӏалашйо,
хьарамалла лелорш хӀаллакбо,
уьш боданехь къайла а бохуш.
Церан ницкъ хиларх пайда бац,
и ницкъ цаьргара шайгара бен бацахь.
10Шена дуьхьалваьлларг Везачу Эло дуьнен чуьра войу,
стигалара схьа царна оьгӀазло а еш.
Делан кхел дуьненан массо а маьӀӀе кхочур ю.
Ша хаьржинчу паччахье Цо олалла а лур ду,
Ша къобалвинчуьнца болу ларам лакха а боккхур бу».
11Элкхан доьзалца Раме юхавирзира, ткъа Шамъал динан да волчу Ӏелина уллохь Везачу Элана гӀуллакх деш Ӏийра.
Ӏелин кӀенташа летийна къинош
12Ӏелин кӀентий чӀогӀа вон нах хилла. Цара Веза Эла къобал а ца вора, 13я динан дайша нахаца лелон езаш йолу юкъаметтиг а ца хаьара царна. Цхьаммо, сагӀа а даьккхина, жижиг кхехкочу хенахь, динан ден жима гӀоьнча, шен кхо маӀа йолу мӀара а бахьаш схьа а вогӀий, 14яй чу, я ялгӀу чу, я кеда чу иза а Ӏуттий, цу чуьра тӀейогӀаелларг схьа а оьций, дӀавоьдура. Иштта «гӀиллакх» хӀоттадора цара массо а Шилуне вогӀуш волчу исраилхочуьнца. 15Везачу Элана лерина долу махьаран даьтта дагадале, динан ден жимачу гӀоьнчас, схьа а вогӀий, цӀий доккхуш волчуьнга олура: «Динан дена кхарза жижиг ло. Цо хьоьгара кхехкийна жижиг схьаоьцур дац, соьга буьйданиг ло». 16Нагахь санна цхьаммо шега: «Цкъа собар де махьаран даьтта дагийна даллалц, цул тӀаьхьа хьур ду ахьа хьайн даго ма-бохху жижиг» – аьлча, цо олура: «ХӀинца схьало. Ахьа ца лахь, аса нуьцкъала схьадоккхур ду хьоьгара иза». 17Цу кегийчу наха Везачу Элана хьалха чӀогӀа доккха къа латийнера, хӀунда аьлча цара шаьшшиъ Везачу Элана сагӀа даккхарх ца вешийла гойтура.Шамъал Шилунехь
18Шамъала Шилунехь ша Везачу Элана гӀуллакх деш волчу хенахь, динан дайша лелон езаш йолу ийпад цӀе йолу бедарш тӀеюхура. 19Леррина тӀехула йоьхна лелош йолу бедарш цунна шен нанас, тега а тоьгий, хӀора шарахь яхьаш хилла, иза шен майрачуьнца сагӀа даккха йогӀуш. 20Ӏелас, Элкханний, цуьнан зудий декъал а деш, олура: «Везачу Эло кхин а бераш лойла шуьшинна хӀокху аша Везачу Элана дӀавеллачу кӀантана дуьхьал». И шиъ шайн цӀа доьдура. 21Веза Эла Хьанатана тӀехьаьжна хилла: цо кхин а кхо кӀант а, ши йоӀ а йина. Ткъа церан кӀант Шамъал Везачу Элана уллохь воккха хуьлуш хилла.Ӏелига цуьнан кӀенташа ла ца дугӀу
22Ӏела чӀогӀа къена вара. Цунна хезаш дара шен кӀенташа массо а исраилхошка хӀоттош дерг а, уьш Везачу Элан деза четар лаьттачу кертахь гӀуллакх деш болчу зударшца лела бохуш дерг а. 23Цо цаьрга элира: «ХӀунда лелабо аша и болх? Массо а нахера суна шух лаьцна вониг хеза. 24Сан бераш, суна шух лаьцна хезаш дерг вон хабар ду. Везачу Элан лаамехь долчу халкъо шух лаьцна вониг дуьйцу. 25Стага вукху стагана дуьхьал ша вониг дича, Дела царна юккъе хӀотта мега. Ткъа аша Везачу Элана дуьхьал вониг лелош хилча, шуна тӀе мила хӀуттур ву?» Амма цара шайн дас бохучуьнга ла ца дугӀура, Везачу Эло цу хенахь уьш байа сацам бина хилла дела. 26 cТкъа Шамъал воккха хуьлуш вара, шех Везачу Элан а, нехан а бӀаьрг бузуьйтуш.Ӏелин доьзалх лаьцна Делера хаам бар
27Ӏела волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Везачу Эло хьоьга иштта боху: „Хьан ден цӀенна Со ца вовзийтира Ас, уьш Мисар-махкахь пирӀунан цӀа чохь леш болчу хенахь? 28 dМассо а исраилхойн тайпанашна юккъера хаьржина вацара Аса хьан дай шех схьабевлла волу АхӀарон Сайн динан да хилийта а, сагӀа доккхучу кхерче ваийта а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягаяйта а, Суна хьалха динан дас лелош йолу ийпад лелаяйта а? Массо а Исраилан кӀенташа Сан дуьхьа доккхуш долчу сагӀанийн дакъа ца кхочуьйтура Аса хьан цӀенна? 29ХӀунда бетта аша Сан дуьхьа доккхуш долчу жижиган а, баьпкан а сагӀанийн дакъошна тӀе когаш, Аса Сайн цӀенна лерина долчу? Сан Исраилан халкъо Суна даьхначу сагӀанийн уггар тоьллачу дакъойх хьан кӀентий буза а беш, ахьа Со дӀатеттина“». 30Цул тӀаьхьа цу стага элира: «Исраилан халкъан Дала аьлла дара: „Хьан цӀа а, хьан ден цӀа а массо а хенахь Сан бӀаьргашна хьалха гӀуллакх деш хир ду“. Амма хӀинца Везачу Эло боху: „Иза иштта хир дац! Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цӀе сийсаза йоккхуш верг юьхьӀаьржачу а хӀуттур ву. 31ТӀейогӀур ю Аса хьан массо а тӀаьхье хӀаллакьеш йолу зама. Хьан доьзалера цхьа а стаг къанло хан тӀекхаччалц вехар вац. 32Исраилан мохк толуш дӀагӀур бу, амма хьуна гун дерш хьан доьзале кхочун долу вонаш ду. Хьан доьзалхойх цхьа а къанвелла лийр вац. 33Сайн кхерчан уллора массо а дӀавоккхур вац Аса. Цхьаъ вуьтур ву Аса цуьнан бӀаьргаш бӀарздаллалц, цуьнан гӀора дӀадаллалц. Хьан мел йолу тӀаьхье гӀеметтахӀоьттинчу хенахь лийр ю. 34 eАса билгало йоуьйтур ю хьуна и зама тӀекхаьчнийла хоуьйтуш: хьан ший а кӀант, Хьапни а, Пайнехьас а, цхьана дийнахь лийр ву. 35Аса Сайна тешаме динан да дӀахӀоттор ву: цо, Сан даге хьаьжжина, Аса ма-бохху гӀуллакх дийр ду. Аса цуьнан тайпа ницкъ болуш хуьлуьйтур ду. Цо, ша мел веха, Аса хаьржинчу паччахьан гӀуллакх а дийр ду. 36Хьан цӀийнах мел виснарг цунна корта тоха вогӀур ву, жимма ахча я баьпкан дакъа ло бохуш. Цара цуьнга дехар дийр ду: ‘Динан дас беш болу муьлхха а болх лохьа суна, сайна сискал яккха’, – бохуш“».
Copyright information for
CheCAC2012