1 Samuel 21
Даудан вадар
1 aНуб-гӀалара динан да волу Ахьи-Малик волчу кхечира Дауд. Иза шена гича, Ахьи-Малика цецваларца цуьнга хаьттира: «Хьо-хьо хӀунда ву? Хьоьца цхьа а хӀунда вац?» 2Дауда цуьнга элира: «Паччахьо цхьа гӀуллакх тӀедиллина суна. Цо соьга элира: „Цхьанна а ма хаийта хьо хӀунда вахийтина ву а, аса хьайна тӀедиллинарг а“. Ткъа сайн накъосташца аса барт бина, оха билгалъяьккхинчу меттехь вовшахкхетар ду аьлла. 3Ткъа хӀинца ахьа суна пхи бепиг я хьайн куьйга кӀелахь йолу яа хӀума яла еза». 4Динан дас Дауде элира: «Дац сан хьуна дала бепиг, деза бепиг бен. Хьан накъостий тӀаьхьарчу хенахь зударех кхетаза белахь, иза дӀахьо». 5Дауда динан дега элира: «Зударий тхоьца ца хилла. ХӀоразза а со сайн накъосташца араволучу хенахь, оха Далла хьалха цӀеналла лар а йо, тхайна тӀедиллинарг кхочуш ца дойту хӀума а ца до. Иштта тахана а оха леррина Далла хьалха цӀеналла ларйина, тхаьшна тӀедиллинарг кхочушдархьама». 6 bДинан дас шен кхин бепиг доцу дела, цунна деза бепиг делира. Иза Делан цӀа чуьра Везачу Элана хьалха охьадиллина долу бепиг дара. Цу дийнахь цуьнан метта керла бепиг охьадиллина хилла. 7Цу дийнахь кхузахь Везачу Элана хьалха нисвеллера Шаулан ялхойх волу ДуагӀа цӀе йолу эдомхо. Иза Шаулан жаӀушна тӀехӀоттийна вара. 8Дауда Ахьи-Малике элира: «ТӀекхочехь гоьмукъ я тур дац хьан? Паччахьо сайна тӀедиллинарг дукха сиха кхочушдан дезаш а хилла, аса сайца я тур а, я кхин йолу хӀума а схьа ца эцна». 9 cДинан дас элира: «Ахьа Эла-тогӀи чохь вийна пӀелаштамхо волчу ГӀолиатан хӀара тур ду хьуна. Езачу ийпадна тӀехьа бедаршна юккъе а хьарчийна Ӏуьллуш ду иза. Хьайна лаахь, иза схьаэца. Кхин хӀумма а яц кху чохь». Дауда элира: «И санна дерг кхин хир а дац. Схьало иза соьга». 10Цу дийнахь Дауд Шаулах ведда дӀавахара. Иза Гати-гӀалара паччахь Ахаш волчу вахара. 11 dАхашан ялхоша цуьнга хаьттира: «Исраилан махкара паччахь-м вац иза? Халхарш дечу хенахь цунна лоькхуш-м яц те и эшарш: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш“, – бохуш?» 12 eИ дешнаш Даудан дагахь кхийтира. Цундела иза Гати-гӀалин паччахьах Ахашах кхоьрура. 13 fИза, паччахьна а, цуьнан ялхошна а хьалха ша хьераваьлла моттуьйтуш, волавелира. Цо неӀарш тӀехь яздора, шен можана тӀехула шеташ охьаоьхуьйтура. 14ТӀаккха Ахаша шен ялхошка элира: «Хьажал цуьнга. И стаг хьераваьлла ву. ХӀунда валийна аша иза со волчу? 15Я сан хьерабевлларш кӀезиг бу, суна хьалха дастама хӀуманаш цуьнга леладайттал? Сан цӀа чу-м вер ма хир вац иза?»
Copyright information for
CheCAC2012