1 Samuel 24
Дауда Шаул дийна вуьту
1Цигара ша дӀавахча, Дауд, Ӏейн-ГӀади йолчу а вахана, цигахь йолчу чӀагӀйинчу меттигашкахь зама йоккхуш вара. 2Шаул пӀелаштамхой болчуьра юхавирзича, цуьнга хаам бира: «Дауд Ӏейн-ГӀади олучу яьссачу аренгахь ву», – аьлла. 3Иза, массо а ЯхӀуд-махкара схьагулвина волу кхо эзар тоьлла боьрша стаг шеца а волуш, ДаудгӀар лаха вахара. Иза «масарийн тархаш» цӀе йолчу меттигна уллохь дара. 4 aУьш некъан йистехь лаьтташ йолчу уьстагӀий чулохкучу керта кхечира. Цигахь гена йоццуш хьех яра. Шаул шен гӀуллакх дан цу хьеха чу вахара. Ткъа Дауд а, цуьнца берш а геннахь цу хьеха чохь Ӏаш бара. 5Даудаца болчара цуьнга элира: «ХӀара ду хьуна Везачу Эло хьоьга дийцина долу де: „Аса хьан мостагӀа хьан кара дӀалур ву. Хьайна луъург де цунах“». Дауда, хьала а гӀаьттина, Шаулан тӀехула юхучу бедарх кийсак схьахадийра. 6Ша и хӀума дар бахьана долуш дага чу лазам боьссира Даудана. 7 bЦо шеца болчаьрга элира: «Везачу Эло доьхкийла суна Ша къобалвина волчу сан олахочунна тӀе куьг дахьар, хӀунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву». 8Цу дешнашца цо шеца берш сацийра, Шаулна тӀе куьг ца кховдадойтуш. Ткъа Шаул, хьала а гӀаьттина, хьеха чуьра ара а ваьлла, некъа тӀе велира. 9Дауд а хьалагӀаьттира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цо Шаулна тӀаьхьа мохь туьйхира: «Сан паччахь волу олахо!» – аьлла. Шаул юхахьаьжча, Дауд, цунна лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, гора хӀоьттира. 10Дауда Шауле элира: «„Дауд хьуна зулам дан гӀерташ ву“– бохуш, хьайга мотт беттачу нахе ла хӀунда дугӀу ахьа? 11Тахана хьан бӀаьргашна гуш ма ду, эццахь йолчу хьеха чохь Везачу Эло хьо сан кара схьавелла хилар. Соьга, хьо ве бохуш, хьехарш деш берш а бара хьуна. Амма аса, хьох къинхетам беш, элира: „Аса сайн олахочунна тӀе куьг хьур дац, хӀунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву“. 12Сан да! Сан карахь йолчу хьайн бедаран кийсаке хьажахьа, аса схьахадийна йолчу. И аьтто сайна баьлла боллушехь, аса хьо ца вийра. ХӀинца мукъана а хаахьара хьуна сан дага чохь хьо бахьана долуш я вон хӀума а, я ямартло а йоцийла. Аса хьо бахьана долуш къа ца латийна, ткъа хьо сан синна тӀаьхьаваьлла ву, иза дӀадаккха лууш. 13Везачу Эло къастайойла вайшиннан юкъаметтиг. Дала бекхам бойла хьуна со бахьана долуш. Амма сан куьг-м хьакхалур дац хьох. 14Хьалхалерчу заманчохь ма-аллара: „Зулам зуламечу нахера бен ца долу“. Аса хьуна тӀе куьг хьур дац. 15 cХьанна дуьхьалваьлла Исраилан паччахь? Хьанна тӀаьхьаваьлла лелаш ву хьо? Деллачу жӀаьлина тӀаьхьаваьлла, цхьана сагална тӀаьхьаваьлла? 16Везачу Эло Шен кхелаца нийсо йойла вайшинна юкъахь. Цо, Ша тӀе а хьаьжна, сан гӀуллакх къастор ду, со хьан куьйга кӀелхьара схьа а воккхуш». 17Дауд и дешнаш дӀааьлла ваьллачул тӀаьхьа, Шаула цуьнга элира: «Хьан аз дуй иза, сан кӀант Дауд?» Цул тӀаьхьа Шаул мохь туххуш велха волавелира. 18Цо Дауде элира: «Хьо сол бакъ ву, хӀунда аьлча хьо суна дика деш схьавеана, ткъа аса хьуна вонаш дина. 19Тахана ахьа иза гайти. Везачу Эло со хьайн кара дӀавелла воллушехь, сох къинхетам а бина, ахьа со вен ца вийра. 20Хьан вохуьйтур вара шен мостагӀа, шена каравеача, маьршачу новкъахула дӀа? Везачу Элера ял хир ю хьуна ахьа тахана сан дуьхьа динарг бахьана долуш. 21Суна хӀинца хаьа паччахьалла хьоьгахь хир дуйла а, Исраилан пачхьалкх хьан карахь чӀагӀъелла дӀахӀуттур юйла а. 22Ткъа хӀинца Везачу Элан цӀарах дуй баа беза ахьа суна, со веллачул тӀаьхьа сан хӀу айхьа хӀаллакдийр дац аьлла а, сан ден доьзалан цӀе йовр яц аьлла а». 23Дауда Шаулна и чӀагӀо йира. Шаул шен цӀа вахара, ткъа Дауд шеца болчаьрца шаьш чӀагӀйинчу меттиге хьалавелира.
Copyright information for
CheCAC2012