‏ 1 Samuel 26

Дауда юха а къинхетам бо Шаулах

1 aЗипахоша, Шаул волчу ГебаӀе а баьхкина, элира: «Дауд тхо долчохь, Яшимунан дозанна уллохь болчу Хьахила-барза тӀехь, къайлаваьлла лелаш ву». 2Шаул, хьала а гӀаьттина, Зип олучу яьссачу аренга охьавеара. Цуьнца цхьаьна исраилхошна юкъара тоьлла волу кхо эзар тӀемало а вара. Уьш Зипахь Дауд лаха арабевллера. 3Шаул Яшимунан дозанна уллохь болчу Хьахила-барза тӀехь сецира, некъана генахь воццуш. Ткъа цу арахь Ӏаш волчу Даудана гуш дара, Шаул шена тӀаьхьавеана хилар. 4Дауда, цига шен тергамча а вахийтина, ладоьгӀча, цунна хиира и веанарг билггал Шаул вуйла. 5Хьала а гӀаьттина, Шаул шен эскарца сецначу метте вахара Дауд. Цунна гира Шаул а, цуьнан эскаран хьаькам волу Неран кӀант Абунар а вижина Ӏуьллуш йолу меттиг. Шаул четар чохь вижина Ӏуьллуш вара, ткъа цуьнца долу адам цу четарна гонах шайн четарш чохь дара.

6Дауда хьетахо волчу Ахьи-Малике а, Йоабан ваша волчу Царуятан кӀанте Абушайга а элира: «Мила вогӀу соьца Шаулан меттаматте?»

Абушайс элира: «Со вогӀур ву хьоьца».

7Дауд Абушайца цхьаьна буьйсанна уьш болчу вахара. Царна гира четар кӀелахь вижина Ӏуьллуш волу Шаул. Цуьнан гоьмукъ гӀовланна уллохь лаьттах боьллина бара. Абунар а, вуьш а гонах бийшина Ӏохкуш бара. 8Абушайс Дауде элира: «Дала хьан мостагӀа хьан кара схьавелла. Соьга иза, цкъа гоьмукъ тоьхна, лаьттах дӀалатавайтахьа. Аса цунна шолгӀа тухур яц хьуна».

9Амма Дауда Абушайга элира: «Ма ве иза. Мила висина Везачу Эло къобалвинчунна тӀе куьг даьхьнарг бекхам ца хуьлуш? 10Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, Цо Ша цунна бекхам бийр бу. Иза лийр волу де тӀекхочур ду, я, тӀам тӀе а вахана, цигахь лийр ву иза. 11Ткъа Везачу Эло суна доьхкийла Ша къобалвинчунна тӀе куьг дахьар. Схьаэца цуьнан гӀовлангахь болу гоьмукъ а, чохь хи долу кхаба а, вай хиллачу дӀагӀур ду вай». 12Дауд, Шаулан гӀовлангара гоьмукъ а, цигахь чохь хи а долуш лаьттина йолу кхаба а схьа а эцна, ша хиллачу дӀавахара. Уьш кхуза баьхкинийла цхьанна а хаа а ца хиира, цхьа а сама а ца велира, хӀунда аьлча царна тӀегӀоьртинарг Везачу Элера йолу наб яра.

13ТогӀин дехьа агӀор а ваьлла, геннахь лаьтташ болчу гунна тӀе а ваьлла, дӀахӀоьттира Дауд. Царна юкъахь йоккха меттиг яра. 14Дауда халкъе а, Неран кӀанте Абунаре а, мохь туххуш, элира: «Жоп ло, Абунар!»

Абунара, жоп луш, элира: «Хьо мила ву, мохь а бетташ, паччахьна новкъарло ян?»

15Дауда Абунаре элира: «Къонах вац хьо? Исраилан махкахь хьоьца нисвала мила ву? ХӀунда ца ларво ахьа паччахь волу хьайн олахо? Халкъана юкъара цхьа стаг веанера шу долчу хьан паччахь волу олахо вен. 16Йоккха ледарло яьлла хьоьгара. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, Цо къобалвинарг аша лар ца варна шу дайа бен ца деза. Хьажал, мичахь бу паччахьан гӀовлангахь хилла болу гоьмукъ а, чохь хи лелош йолу цуьнан кхаба а?»

17Шена Даудан аз девзича, Шаула элира: «Хьан аз дуй иза, сан кӀант Дауд?»

Дауда элира: «Сан аз ду, сан паччахь волу олахо».

18Цо кхин а тӀетуьйхира: «Муьлхачу бахьанина ваьлла сан эла шен лай волчунна тӀаьхьа? ХӀун даьлла соьгара? Стенна бехке ву со? 19ХӀинца мукъана а ладогӀахьара сан олахочо шен лай волчо бохучуьнга. Нагахь санна Везачу Эло хьан дага чу со бахьана долуш оьгӀазло кхоьллинехь, соьгара хаза хьожа йогӀу сагӀа дӀаэцахьара Цо. Амма адамаша со бахьана долуш хьан дага чохь оьгӀазло кхоьллинехь, Везачу Элана хьалха неӀалт хилла дӀахӀуьттийла уьш, хӀунда аьлча цара, со Везачу Эло суна делла долчу лаьттан декъа тӀера хьала а гӀаттийна, олуш ду: „Ваха а гӀой, хийрачу къаьмнийн деланашна Ӏамал е“, – аьлла. 20Везачу Элана геннахь долчу лаьтта тӀе сан цӀий ма Ӏанадайтахьара ахьа. Исраилан халкъан паччахь цхьа сагал лаха араваьлла, лаьмнашкахь цхьана мошанна тӀаьхьабевлла леларш санна».

21Шаула элира: «Къа латийна аса сайх. ЦӀа верза, сан кӀант Дауд. Аса сайгара кхин зулам доккхур дац хьуна. Тахана ахьа гайти, сан са хьуна деза хетийла. Корта боцуш долу хӀуманаш лелийна хилла аса, сайх дукха къинош а летош».

22Дауда, жоп луш, элира: «ХӀара бу шуна паччахьан гоьмукъ. Цхьа жима стаг схьаваийта, хӀара дӀабахьа. 23Везачу Эло нийса а, тешаме а волчу хӀораннан а аьтто бо. Везачу Эло хьо сан кара схьавеллера, амма Цо къобалвинчунна тӀе куьг дахьа ца лиира суна. 24Тахана сан бӀаьргашна хьалха хьан дахар суна деза ма-хеттара, сан дахар а хуьлийла Везачу Элан бӀаьргашна хьалха. Со массо а бохамех Цо кӀелхьарвоккхийла!»

25Шаула Дауде элира: «Дала декъалбойла хьан некъ, сан кӀант Дауд. Мел долу гӀуллакх кхочушдан аьтто хир бу хьан».

Дауд шен новкъа дӀавахара, ткъа Шаул шен цӀа юхавирзира.
Copyright information for CheCAC2012