1 Samuel 29
ПӀелаштамхоша Дауд юхатотту
1ПӀелаштамхоша шайн мел долу эскар Апакхахь схьагулдира, ткъа исраилхой ИзраӀал цӀе йолчу гӀалина уллохь долу хьоста долчу дӀахӀиттира. 2ПӀелаштамхойн элийн эскар шайн бӀе а, эзар а тӀемало юкъахь волчу тобанашца цхьаьна богӀуш бара, ткъа Дауд шен тӀемалошций, Ахашций цхьаьна тӀаьхьасецна вогӀуш вара. 3ПӀелаштамхойн элаша хоьттура: «Уьш хӀун Ӏебархой бу?» Ахаша царна жоп делира: «Шуна ца хаьа, иза Исраилан паччахь волчу Шаулан лай волу Дауд вуй? Иза соьца волу цхьа шо сов зама ю. Иза со волчу веанчу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц суна цхьа а вон хӀума ца даьлла цуьнгара». 4Цунна чӀогӀа реза боцуш хьаьвзира пӀелаштамхойн элий. Цара Ахаше элира: «ДӀавахийта и стаг. Ахьа цунна билгалъяьккхинчу меттехь Ӏайта иза. Тхоьца тӀамтӀе а ма ваийта, цунах вайна мостагӀа ма хилийта. ХӀун дина хьостур ду цо шен паччахьан дог? Вайн нах а байина хьостур ду. 5 aХалхарш дечу хенахь цунна-м ца лекхна те: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш“, – бохуш йолу йиш?» 6Ахаша, Дауд схьа а кхайкхина, элира: «Дийначу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: хьо цӀена ву, суна луур дара хьо сайна уллохь хуьлийла. Суна хьоьгара цхьа а вон хӀума а ца даьлла, хьо со волчу веанчу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц. Амма пӀелаштамхойн элашна хьо дика ца хета. 7Цундела, элий оьгӀаз ца бахийта, маьрша юхаверза». 8Амма Дауда Ахаше элира: «Соьгара хӀун даьлла? ХӀун гина хьуна соьгара, со хьо волчу веанчу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц? Со ваха мегар дац сан паччахь волчу олахочун мостагӀашца тӀом бан?» 9Ахаша Дауде жоп делира: «Теша мегар ду хьуна: сан бӀаьргашна хьалха хьо цӀена ву, Делан малик санна. Амма пӀелаштамхойн элаша: „Вайца иза тӀамтӀе ма ваийта“, – аьлла. 10Цундела, Ӏуьйранна хьала а гӀаттий, хьо а, хьоьца баьхкина болу хьан ялхой а сирла йолчу хенахь дӀагӀо». 11Дауд а, цуьнца схьабаьхкинарш а Ӏуьйранна пӀелаштамхойн махка юхабирзира. Ткъа пӀелаштамхой ИзраӀал цӀе йолчу гӀала дӀабахара.
Copyright information for
CheCAC2012