1 Samuel 5
Делан тӀорказо пӀелаштамхошна зе до
1Делан деза тӀорказ йийсаре а дигна, пӀелаштамхоша иза Абани-Ӏазарера Ашдод-гӀала схьадеара. 2Цара деза тӀорказ, схьа а эцна, шайн дела волчу ДагӀонан цӀа чу диллира. Цара иза ДагӀонан суьртана уллохь охьахӀоттийра. 3ШолгӀачу Ӏуьйранна ашдодхой самабевлча, царна гира ДагӀонан тӀулгах дина долу сурт Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал Ӏуьллуш. Хьала а айдина, ДагӀонан сурт цара ша хиллачу дӀахӀоттийра. 4Вукху Ӏуьйранна нах самабевлча, царна гира Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал Ӏуьллуш долу ДагӀонан сурт, цуьнан корта а, ший а куьг а, схьа а даьккхина, неӀсагӀи тӀехь Ӏуьллуш. Дохоза дегӀан гӀад диснера. 5И бахьана долуш таханлера де тӀекхаччалц я динан дай а, я кхиболу нах а, Ашдод-гӀаларчу ДагӀонан цӀа чу шаьш баьхкича, цкъа а неӀсагӀи тӀе ца бовлу. 6Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таӀзар дора Цо царна, дегӀа тӀе хӀуманаш юьйлуьйтуш, Ӏазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гӀалахь хӀоттийна а ца Ӏаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хӀоттийнера. 7Шайна и сурт гича, ашдодхоша элира: «Исраилан Делан деза тӀорказ вай долчохь кхин дита йиш яц! Цо даккхий зенаш хуьлуьйту вайна а, вайн дела волчу ДагӀонна а». 8Цара, пӀелаштамхойн мел волу куьйгалхо схьа а гулвина, хаьттира: «ХӀун до вай Исраилан халкъан Делан дезачу тӀорказна?» Вукхара элира: «Вай и тӀорказ Гати-гӀала дӀадахьа деза». Цара иза Гати-гӀала дӀадаьхьира. 9Иза цига дӀа-ма-даьхьнехь, Везачу Элан куьг цига а кхечира. Нах чӀогӀа инзарбохуш, царна тӀе доккха Ӏазап хӀоьттира, массеран а дегӀа тӀе ирча хӀуманаш евлира, воккха-жима ца къастош. 10Цул тӀаьхьа цара Делан тӀорказ Ӏекхран-гӀала дӀадаьхьира. Амма иза цига дӀадаьхьча, цу гӀалара бахархой чӀогӀа боьхна хьаьвзира. Цара бохура: «Тхо долчу исраилхойн Делан тӀорказ схьадеана тхо а, тхан гӀала а хӀаллакьян». 11ТӀаккха цара, массо а пӀелаштамхойн куьйгалхо схьа а гулвина, элира: «Исраилан мехкан Делан деза тӀорказ ша хиллачу дӀадахьийта, цо вайн мохк а, вайн адам а хӀаллакдале!» Ӏекхран-гӀалара бахархой чӀогӀа кхерабелла хилла, хӀунда аьлча церан дахар цу хенахь чӀогӀа эрчадаьлла хилла дела. 12Байаза бисинарш дегӀа тӀехь хӀуманаш евлла хилла. Адаман белхар стигала хьалакхочура.
Copyright information for
CheCAC2012