‏ 1 Samuel 12

Шамъала халкъе кхайкхам бо

1Шамъал дерриге а Исраилан халкъе вистхилира: «Аша мел аьллачуьнга ла а доьгӀна, ас шуна тӀехь паччахь дӀахӀоттийна. 2Иза хӀинца шуна тӀехь лаьтташ ву. Ткъа со къан а велла, къеж а велла. Делахь а сан кӀентий шуьца бу. Со шун коьртехь лаьттина жима волуш дуьйна, хӀара хан тӀекхаччалц. 3Со хӀинца шуна хьалха ву. Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хьалха тоьшалла дан мегар ду шуна соьгара даьллачу гӀалаташна. Шуьгара цхьаьнггара а сту я вир схьаяьккхиний аса? Шуна цхьанна а халахетар диний, гӀело йиний? Я кхаьънаш оьцуш, шуьгара даьллачунна тӀехь сайн ши бӀаьрг дӀакъевлина аса? Схьаала соьга, иза аса шуна юхадерзор ду».

4Исраилхоша жоп делира: «Ахьа тхуна хала а ца хетийтина, я гӀело а ца йина, я тхоьгара цхьаьнггара а кхаьънаш а ца эцна».

5Шамъала цаьрга элира: «Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хезаш ду тахана аша со бахьана долуш дина долу тоьшалла. Царна гуш ду соьгара къилахь долу хӀума ца даьллийла».

«Веза Эла теш ву», – элира цара.

6 aТӀаккха Шамъала нахе элира: «Веза Эла ву Муса а, АхӀарон а ДӀахӀоттийнарг, шун дай Мисар-махкара Арабаьхнарг. 7Шу кхузахь совца. Аса хӀинца Везачу Элана хьалха шух бехк боккхур бу, Цо шуна а, шун дайшна а дина дика гӀуллакхаш дага а доуьйтуш. 8 bЯкъуб Мисар-махка дӀавахча, шун дайша Везачу Эле шайн бала дӀабелхийра. Везачу Эло Мусай, АхӀаронний вахийтира шун дайшна гӀо дан. ТӀаккха цушиммо, шун дай Мисар-махкара ара а баьхна, уьш кхузахь баха охьаховшийра. 9 cАмма царна шайн Дела волу Веза Эла вицвелира. Царна дуьхьал тӀом бина болчу пӀелаштамхойн а, Муаби-мехкан паччахьан а, Хьацор-гӀалин тӀеман хьаькам волчу Сисрин а куьйга дӀабелира уьш Везачу Эло. 10 dТӀаккха уьш Везачу Эле, мохь а бетташ, дехарш дан буьйлабелира. Цара бохура: „Оха тхайх къа латийна. Веза Эла виц а вина, цӀушна БаӀалгӀарний, ӀаштартгӀарний гӀуллакх дан хӀиттира тхо. МостагӀчун карара тхо схьадахахьара Ахьа. ТӀаккха тхо, Везачу Элана тӀе а дирзина, Цунна гӀуллакх а деш, лелар дара“. 11 eТӀаккха Везачу Эло ГадӀаний
ГадӀаний – Ӏебархойн маттахь ма-дарра аьлча: Яруб-БаӀал.
, Беданний
Бедан – цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь дӀаяздина ду: Баракх.
, Яптаххьий, Шамъаллий, шуна гонах лаьттачу мостагӀех шу кӀелхьардаха аьлла, бахийтира. Цул тӀаьхьа шу, шайна гонахьара цхьа а кхерам боцуш, даха хевшира.
12 hАмма Ӏамминхойн паччахь Нахьаш шайна дуьхьалваьлла гича, аша соьга элира: „Паччахье паччахьалла дайта тхуна тӀехь“, – Веза Дела шайн Паччахь воллушехь!

13ХӀара ву шуна аша, воьхуш, хаьржина волу паччахь. Везачу Эло иза шуна тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийна. 14Аша шайн Веза Дела лара веза, Цунна гӀуллакх деш, Цуьнан дош лоруш а хила деза шу. Шу а, шун паччахь а Цунна муьтӀахь хилахь, шун дахар дика хир ду. 15Амма Цуьнга ла а ца дугӀуш, Цо бохучунна шу, дуьхьал а дуьйлуш, дӀадуьйлалахь, Цуьнан куьг, шун дайшна санна, шуна дуьхьалдер ду.

16Ткъа хӀинца, дӀа а хӀиттий, дика хьажа Везачу Эло шайн бӀаьргашна хьалха ден долчу доккхачу гӀуллакхе. 17ХӀинца ялта хьокху хан ю вайна. Аса Везачу Эле доӀа дийр ду, юха Цо, стигал къовкъош, догӀа доуьйтур ду. Юха шуна хуур ду, мел доккха къа латийна аша Цунна хьалха, шайна паччахь воьхуш».

18Шамъал Везачу Эле доьхуш кхайкхира. Везачу Эло, стигал а къовкъош, догӀа даийтира цу дийнахь. Дерриг а халкъ Везачу Элах а, Шамъалах а чӀогӀа кхераделира. 19Цара Шамъале элира: «Хьайн Везачу Деле тхуна, Цуьнан лешна тӀера, доьхуш, доӀа дахьара ахьа, тхо ма дайа алахьара ахьа. Тхаьш летийначу къиношна тӀе кхин а цхьа къа латийна оха, тхайна паччахь а вехна».

20Шамъала халкъе элира: «Ма кхера. И къа шу латийна девлла. Амма Везачу Элах дӀа ма херло, цӀеначу дагца Цунна гӀуллакх а де. 21Кхин цкъа а хӀумма а йоцучу деланашна тӀе ма гӀерта. Церан шуна цхьа а тайпана дан гӀо дац, хӀунда аьлча уьш шаьш кӀад а йоцурш ю. 22Шен цӀе ларъярхьама Везачу Эло Шен къам дӀатесна дуьтур дац, хӀунда аьлча Шен лаамца Цо, шу Шен къам ду аьлла, хаьржина. 23Со а соцур вац шуна Везачу Эле доьхучуьра. И тайпана къа аса сайх латор дац. Аса шу нийсачу а, хьаналчу а новкъа дӀадаха Ӏамор ду. 24Шу Везачу Элах кхералаш, шайн дерриг а дог тӀе а дерзадай, Цунна гӀуллакх а делаш. Шуна гина-кх, мел даккхий гӀуллакхаш дина Цо шу бахьана долуш. 25Амма шу кхин а зуламаш деш лелахь, шу а, шун паччахь а, норо дӀахьокхуш йолу нехаш санна, хӀаллакдийр ду».
Copyright information for CheCAC2012