‏ 1 Samuel 14

ЯхӀунатас хьуьнар гойту

1Цхьана дийнахь Шаулан кӀанта ЯхӀунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, дехьа агӀор лаьтташ йолчу пӀелаштамхойн тобанна тӀевоьду вайшиъ». Амма шен дега Шауле цо иза ца хаийтира. 2Шаул ГебаӀ-гӀалин йистехь, МагӀран-гӀалин уллохь лаьтташ долчу наран дитт бухахь сецнера. Цуьнца цхьаьна ялх бӀе стаг а, 3Шилунехь динан да а волуш, динан дайша лелош йолу еза ийпад йоьхна волу АхьъяхӀу а вара. (Иза вара Ахьтубин кӀант, ткъа Ахьтуби Ихвадин ваша вара, Шилунехь динан да хиллачу Ӏелин кӀентан Пайнехьасан кӀант.) Цигахь долчу халкъана ЯхӀуната дӀавахнийла ца хаьара.

4ПӀелаштамхойн эскаран тоба йолчу хӀара шиъ дехьавала кечвеллачу новкъахь дехьай, сехьай лаьтташ чӀогӀа ира ши тарх яра. Цхьаннан цӀе БоцӀацӀ яра, вукхун цӀе Сенна яра. 5Цхьа тарх къилбаседехьара Михмасана тӀейирзина лаьтташ яра, важа ГебаӀ-гӀалина къилбехьара тӀейирзина яра.

6ЯхӀунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, оцу дин доцучу сунтбаза болчеран эскар долчу дехьа вер ву вайшиъ. Везачу Эло гӀо дан мега вайна, хӀунда аьлча Цунна хала дац вайна гӀо дан, вай мел делахь а».

7Ялхочо кхуьнга элира: «Хьайн даго къобалдеш дерг де. Хьо миччанхьа водахь а, со хьоьца ву хьуна».

8ЯхӀунатас элира: «Вайшиъ, уьш болчу дехьа а ваьлла, царна гуччохь дӀахӀуттур ву. 9Цара вайшинга: „Тхо тӀедахккалц цигахь латта“, – алахь, вайшиъ, царна тӀе а ца воьдуш, Ӏадда лаьттар ву. 10Нагахь санна цара: „Тхо долчу хьаладовла“, – алахь, вайшиъ хьалавер ву. Иза вайшинга Везачу Эло йина билгало хир ю, уьш вайшиннан кара схьабелла аьлла». 11И шиъ, хьала а ваьлла, пӀелаштамхошна гуччохь дӀахӀоьттича, вукхара элира: «Ӏебархой шаьш дӀалечкъинчу чӀожа чуьра арабовлуш бу». 12Эскаран тобанна юкъахь болчара кху шинга мохь туьйхира: «Хьаладовла тхо долчу, оха цхьа хӀума эр ду шуьга».

ЯхӀунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Суна тӀаьхьа схьавола. Уьш Везачу Эло исраилхошна кара схьабелла».
13ЯхӀуната, когаш а, куьйгаш а дӀатуьйсуш, гунах хьалавала волавелира, цунна тӀехьа вогӀуш цуьнан герз лелош волу ялхо а вара. ХӀара шиъ пӀелаштамхошна тӀелетира. ЯхӀуната, хьалха а ваьлла, леташ вара, ткъа цо лазийнарш цуьнан ялхочо бойура. 14Цу шиммо ткъа стаг вийра. Шина стеро цхьана дийнахь охун йолчу ах аренал йолчу меттехь хилира церан пӀелаштамхошца латар. 15ТӀеман аренгахь болу пӀелаштамхой а, меттаматтахь лаьтташ болу эскархой а, хьалха дӀаяхийтина йолу эскархойн тобанаш а, чӀогӀа кхераелла, йоьхнера. Латта дегош дара. Везачу Эло уьш Ӏадийнера.

ПӀелаштамхойн эшор

16Бен-Яманан ГебаӀ-гӀалахь лаьтташ болчу Шаулан гӀаролхошна гира яьржина дӀасауьду адамийн тоба. 17Шеца долчу адамашка Шаула элира: «Хьажал, вайна юкъара ара мила ваьлла». Уьш хьаьжна бевлча, царна хиира ЯхӀуната а, цуьнан ялхо а шайна юкъахь воцийла. 18Шаула АхьъяхӀуга элира: «Схьадал Делан деза тӀорказ». Цу хенахь Делан деза тӀорказ исраилхошца дара
«Схьадал Делан деза тӀорказ». Цу хенахь Делан деза тӀорказ исраилхошца дара – Грекийн гочдар чохь дӀаяздина ду: «Схьаял Делан еза ийпад», – хӀунда аьлча цу дийнахь и ийпад исраилхошна хьалха АхьъяхӀус йоьхна яра.
.
19Шаул динан деца къамел деш волчу хенахь пӀелаштамхой болчохь кхин а чӀогӀа гӀовгӀа елира. ТӀаккха Шаула динан дега элира: «Сацаде айхьа долийнарг». 20Шеца мел хиллачу адамца тӀом лаьттинчу метте дӀавахара Шаул. ЧӀогӀа боьхна хьийзаш болчу пӀелаштамхойн эскархоша шайн тарраш вовшашна дуьхьал даьхна хилла. МостагӀий боьхна хьийзаш хилла. 21Эццахь пӀелаштамхошна гӀуллакх деш цаьрца цхьаьна хилла болу Ӏебархой Шаулаций, ЯхӀунатиций хиллачу исраилхойх дӀакхетта. 22Эпрайман лаьмнаш тӀехь дӀалечкъина мел хилла волу исраилхо, пӀелаштамхой уьдуш буйла хиъча, тӀом беш болчу исраилхойх схьакхетта. 23Цу дийнахь Везачу Эло Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхира, ткъа тӀом Байт-Аване кхаччалц дӀабаьржира.

ТӀом дӀабирзинчул тӀаьхьа хилларг

24Исраилхой чӀогӀа холчу хӀиттинера цу дийнахь. Шаула цаьрга аьллера: «НеӀалт хуьлийла, аса сайн мостагӀашна тховса бекхам бина хан тӀекхаччалц, баьпках мотт тухун болчунна». Цхьаммо а юучу хӀуманах мотт ца туьйхира. 25Мел долу адам хьуьнах дӀадахара. Цигахь царна моз карийра. 26Шаьш хьуьнна юккъе бахача, цара бохура: «Кхузахь охьаоьхуш моз ду». Амма цхьаммо а шен куьг бете ца даьхьира, хӀунда аьлча адам шен дуй къарбан кхоьрура. 27ЯхӀунатина шен дас аьлларг ца хезнера. Цо шен карахь йолу гӀаж, дӀа а кховдийна, мезан улха юккъе а Ӏоьттина, цу тӀера моз дӀакхаьллира. Цуьнан ши бӀаьрг серлабелира. 28Нахана юкъахь волчу цхьаммо цуьнга элира: «Хьан дас нахе чӀагӀо яйтина тахана яа хӀума ца яийта. Цо цаьрга аьлла: „НеӀалт хуьлийла тахана хӀума кхоллун волчунна“. Цундела ду адам чӀогӀа гӀелделла».

29ЯхӀунатас цаьрга элира: «Сан дас халкъана дуьхьал шегара гӀалат далийтина. Хьажал сан серлабевллачу бӀаьргашка жимма и моз кхаллар бахьана долуш. 30Тахана наха шайн мостагӀашкахь карийначух яа хӀума йиъна хиллехь, пӀелаштамхойн эшар кхин а чӀогӀа хир дара».

31Цу дийнахь Михмасера дуьйна Айлоне кхаччалц исраилхоша эшийнера пӀелаштамхой. Уьш чӀогӀа кӀадбелла, гӀора дӀадаьлла бара. 32ЧӀогӀа мацбелла болу уьш, шайна карабеанчу уьстагӀашна, стерчашна, эсашна тӀебетталуш, царна арсаш а хьоькхуш, уьш цӀийца цхьаьна дууш бара. 33 bШауле хаам бира: «Халкъ Везачу Элана хьалха къа латош ду, цӀийца цхьаьна хӀума юуш».

Шаула цаьрга элира: «Аша шайх къа латийна. Схьатакхабе со волчу боккха тӀулг».
34Цул тӀаьхьа цо элира: «Адамашна дӀахаийта: хӀораммо, со волчу шен сту я уьстагӀ схьа а балабеш, царна урс а хьокхуш, баа. Везачу Элана хьалха къинош ма летаде, цӀийца цхьаьна жижиг дууш». Наха хӀораммо а, шайн куьйгаца схьа а лоций, буьйсанна сту схьабалабора. Циггахь иза бен а боьра. 35Шаула Везачу Элана сагӀа даккха меттиг кечйира. Иза яра цо дуьххьара кечйина йолу сагӀа доккху меттиг.

36ТӀаккха Шаула элира: «Буьйсанна пӀелаштамхошна тӀаьхьадовла деза вай. Цаьргахь мел ерг схьа а яьккхина, сахилале церан цхьа а стаг дийна вуьтур вац вай».

Цара элира: «Хьайна бакъахьа мел хеташ дерг де».

Амма динан дас элира: «Делах дагадовла деза вай».

37Шаула Деле хаттар дира: «ПӀелаштамхошна тӀаьхьавала мегар дуй со? Ахьа царна таӀзар дойтур дуй тхоьга?» Амма цу дийнахь Дала жоп ца делира Шаулна. 38ТӀаккха цо элира: «Массо а халкъан куьйгалхой суна тӀе бахкийта. Цаьрга, халкъана юкъахь къа латийнарг муьлха ву хьожуш, таллийта. 39Аса Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхина волчу Везачу Элах чӀагӀо йо, и къа латийнарг сан кӀант ЯхӀуната велахь а, иза а лийр ву аьлла». Амма гулделлачу халкъана юккъера цхьаммо а жоп ца лора. 40ТӀаккха Шаула Исраилан халкъе элира: «Шу массо а цхьаьна агӀор дӀахӀотта, ткъа вукху агӀор сой, сан кӀант ЯхӀунатий хӀуттур ву».

Наха Шауле элира: «Хьайна бакъахьа хеттарг де».

41 cШаула Везачу Эле элира: «Исраилан халкъан Дела! Бакъдерг гайтахьа тхуна»
Грекийн гочдар тӀехь яздина ду: Цул тӀаьхьа Шаула Исраилан Дела волчу Везачу Эле элира: «Хьан ялхо волчунна тахана жоп хӀунда ца делира Ахь? Исраилан Дела волу Веза Эла, сан, я сан кӀентан ЯхӀунатин бехк белахь, жоп ло безачу Урим-тӀулгехула. Нагахь санна Хьан Исраилан халкъ бехке делахь, безачу Тумим-тӀулгехула жоп ло».
.

Гулбеллачарна дай, кӀанттий бехке хилар гира. Ткъа халкъ бакъдеш хиларан билгало а хилира.
42ТӀаккха Шаула элира: «Суний, сан кӀантаний юкъахь кхаж таса». ЯхӀунатина кхаж белира. 43Шаула ЯхӀунате хаьттира: «Схьадийца соьга, хӀун даьлла хьоьгара?»

ТӀаккха ЯхӀунатас дӀадийцира: «Аса, сайгара гӀаж чу а Ӏоьттина, жимма моз кхаьллира. Ткъа и хӀума бахьана долуш со вала везаш вуй?
Ткъа и хӀума бахьана долуш со вала везаш вуй? – я иштта: Со кхузахь ву. Со вала кечвелла ву!
»

44ТӀаккха Шаула элира: «Нагахь санна ЯхӀуната лийр вацахь, Дала суна со валлал чӀогӀа таӀзар дойла!»

45Амма халкъо Шауле элира: «Массо а халкъ кӀелхьардаьккхина волу ЯхӀуната вуй техьа вала дезаш верг? Иза хир дац! Дийна волчу Везачу Элах оха чӀагӀо йо: цуьнан коьртара цхьа а чо лаьтта охьабужур бац! Дела шеца волуш дина цо пӀелаштамхой а эшош динарг». ЯхӀуната халкъо, вен а ца воьйтуш, паргӀат витира.

46ПӀелаштамхошна тӀаьхьаваьллачуьра Шаул юхавирзира, ткъа вуьш шайн махка дӀабахара.

Шаулан паччахьаллах а, цуьнан доьзалх а лаьцна

47Шаула Исраилан махкахь шен паччахьалла дӀахӀоттийра. Шена гонах мел волчу массо а мостагӀчуьнца тӀом беш чекхвелира иза: Муабица а, Ӏамминхошца а, Эдомца а, Цобарчу паччахьашца а, пӀелаштамхошца а. Ша тӀом мосазза бо, толам а боккхура цо. 48Ӏамалекхана тӀехь цо баьккхина толам бахьана долуш, Исраилан халкъ цуьнан талорхойх кӀелхьардаьккхира.

49Шаулан кӀентийн цӀераш яра: ЯхӀуната, Ишви, МалкишаӀ. Шаулан йоккхаха йолчу йоӀан цӀе Мираба яра, жимаха йолчун цӀе Михула яра. 50Шаулан зудчун цӀе АхьнуӀмат яра. Иза АхьимаӀацан йоӀ яра. Цуьнан эскаран хьаькаман цӀе Абунар яра. Иза Шаулан ден вешин Неран кӀант вара. 51Шаулан да Къуша а, Абунаран да Нер а Абуалан кӀентий бара.

52Шаул ша мел веха пӀелаштамхошца тӀом беш хилла. Шена майра а, доьналла долуш а волу стаг гича, иза ша волчу дӀавуьгуш хилла цо.
Copyright information for CheCAC2012