1 Samuel 18
Дауд а, ЯхӀуната а ши доттагӀа хилла дӀахӀутту
1Дауд Шаулаца къамел дина ваьлча, цуьнан а, ЯхӀунатин а юкъаметтиг кхин а чӀагӀъелира, цунна иза, ша-шена санна, дукхавезавелира. 2Шаула Дауд шеца витира, иза шен да волчу дӀа а ца вохуьйтуш. 3ЯхӀунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагӀалла лело барт бира цо. 4Шаьшшинна юкъахь хиллачу бертан тоьшалла деш, ЯхӀунатас шена тӀехула йоьхна йолу бедарш схьа а яьхна, Дауде дӀаелира. Иштта тӀеман бедарш а, тур а, секхаӀад а, доьхка а дӀаделира цо. 5Шаула ша мичча вахийтича а, Даудан аьтто хуьлура. Цундела Шаула цунах тӀеман хьаькам вира. Иза хазахетарца тӀеийцира дерриг а халкъо а, паччахьан гонах болчара а.Шаулан хьагӀ
6Дауда пӀелаштамхо эша а вина, эскархой цӀа богӀучу хенахь массо а Исраилан махкарчу гӀаланашкара зударий шайн паччахь волчу Шаулна дуьхьал хелхаршций, эшаршций арабевлира. Церан карахь жиргӀанаш а, дечиг-пондарш а дара. 7 aХалхарш а деш, цара бохура: «Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш». 8Шаулна и дешнаш чӀогӀа ца дезаделира. Цо элира: «Цара Даудана итт эзарнаш дӀабелла, ткъа суна – эзарнаш бен. Цунна хӀинца, паччахьалла тӀехилчхьана, кхин хӀумма а ца оьшу». 9Цу дийнахь дуьйна Шаул Дауде хьогӀаца хьоьжура. 10ШолгӀачу дийнахь Делера долу жин цӀеххьана Шаулна тӀе доьссира. Иза шен цӀахь хьераваьлча санна лелара, ткъа Дауд, кхечу деношкахь санна, дечиг-пондарх пӀелг а туьйсуш, Ӏаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара. 11Цо, шен дагахь: «Аса иза хӀинца пенах дӀалатор ву», – бохуш йолу ойла а еш, гоьмукъ кхоьссира. Амма Дауда, шозза а дӀа а таьӀна, иза тӀехбалийтира. 12Шаул Даудах кхоьруш вара, хӀунда аьлча Веза Эла цуьнца вара, ткъа Шаулна уллора Иза юхаваьллера. 13Шаула Дауд, шена уллора дӀа а ваьккхина, шен эзар тӀемалочунна тӀехь хьаькам хӀоттийра, иза массо а адамна хьалха эскарна тӀехь куьйгалла деш а вара. 14Дауда ша мел деш долу гӀуллакх кхиамца дора, хӀунда аьлча Веза Эла цуьнца вара. 15Цуьнан аьтто болуш хилар гуш волу Шаул Даудах кхоьруш вара. 16Ткъа массо а Исраил-махкарчу а, ЯхӀуд-махкарчу а къаьмнашна Дауд чӀогӀа везара, хӀунда аьлча иза дерриг а гӀуллакхна хьалхаваьлла волу дела.Дауда Шаулан йоӀ ялор
17Шаула Дауде элира: «Сайн йоккхаха йолу йоӀ Мираба хьоьга маре йоуьйту аса. Хьо майра хила веза, Везачу Элан тӀемаш дӀа а кхоьхьуш». Шаулан дагахь дара: «Сан карах а доцуш, пӀелаштамхойн карах валар хуьлийла цуьнан». 18Амма Дауда Шауле элира: «Со а, сан ден цӀа а Исраилан махкахь девзаш дац, со паччахьан нуц хилла дӀахӀоттал». 19Шаулан йоӀ Мираба маре яха хан тӀекхаьчча, иза махьулхочуьнга Ӏадриале маре яхийтира. 20Амма Шаулан вукху йоӀана, Михулина, везавелира Дауд. Иза Шауле дӀахаийтича, Шаулна и гӀуллакх хазделира. 21Ткъа Шаул шен дагахь ойла еш вара: «Аса йоӀ цуьнга маре яхийтича, цунах Даудана гур хир бу, цуьнан пӀелаштамхойн карах валар а хир ду». Шаула шолгӀа а Дауде элира: «ХӀинца кхин а цхьа аьтто баьлла хьан соьца гергарло таса». 22Шена гонах болчаьрга Шаула элира: «Къайлаха цуьнга ала: „Хьажал, паччахь хьоьца чӀогӀа дика ву, цунна гонах болчарна массарна а хьо веза. ХӀунда аьлча хӀинца дика зама ю паччахьан нуц хилла дӀахӀотта“». 23Шаулан гонах болчара и дешнаш Дауде дӀааьлча, Дауда жоп делира: «Шуна атта ду моьтту паччахьан нуц хила? Со къен а, ладам боцу а стаг ма ву». 24Паччахьан гонах болчара Шауле дӀадийцира шайн Даудаца хилла къамел. 25Шаула элира: «ДӀаала Дауде: „Паччахьна шен йоӀах кхин там ца оьшу, бӀе вийна пӀелаштамхо бен. Уьш байа а байина, сунт а бина, уьш хадош дисина чкъоьрнаш ▼▼Чкъоьрнаш – исраилхошна гонах долчу къаьмнашна юкъахь пӀелаштамхой бен сунтбаза бацара.
суна схьада. Иза паччахьан мостагӀашна бекхам хир бу“». Цо и тайпа къамел даран бахьана Дауд пӀелаштамхойн карахула хӀаллакван гӀертар дара. 26Паччахьна гонах болчара и къамел Дауде схьадеара. Даудана тайнера паччахьан нуц хилар. Хан йиллина денош тӀекхачале, 27Дауда шен накъосташца, пӀелаштамхой болчу а вахана, царах ши бӀе стаг вийра. Цо паччахьна и нах ша сунтбина хиларан билгалонаш схьаеара. Шаула цуьнга шен йоӀ Михула маре дӀаелира. 28Шаулна хиира Веза Эла Даудаца вуйла а, шен йоӀана Михулина Дауд везийла а. 29Цундела Шаул кхин а чӀогӀа кхоьрура Даудах. Иза цуьнан мостагӀа хилла дӀахӀоьттира массо а ханна. 30ПӀелаштамхойн баьччанаш тӀамца гӀевттича, Дауд массо а Шаулан тӀемалойл а кхиаме тӀом дӀахьош хуьлура. Цуьнан цӀе массанхьахула дӀасаяьржира.
Copyright information for
CheCAC2012