‏ 1 Samuel 20

ЯхӀунатий, Дауддий

1Рамерчу Наютара Дауд, ведда, ЯхӀуната волчу веара. Цо ЯхӀунате хаьттира: «Ас хӀун дина? ХӀун харцдерг даьлла соьгара? ХӀун къа латийна ас хьан дена хьалха, иза со вен гӀерттал?»

2ЯхӀунатас жоп делира: «Хьо лийр вац! Сан дас жима а, доккха а гӀуллакх соьга олий бен ца до. Ша хьо вен гӀертийла цо сох хӀунда лечкъор дара? И хӀума хӀинца хила йиш йолуш дац!»

3Дауда, чӀагӀо а еш, элира: «Хьан дена хууш ду, хьо соьца къаьсттина дика вуйла. Цундела цо шен дагахь боху: „ЯхӀунатина иза хаа йиш яц, цунна хала ца хетийтархьама“. Амма дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, суний, Ӏожаллиний юккъехь цхьа гӀулч бен цахилар».

4ЯхӀунатас Дауде элира: «Хьан даго боххург дийр ду-кх аса».

5 aТӀаккха Дауда ЯхӀунате элира: «Кхана бутт цӀинбаларан дезде ду. Со паччахьна уллохь шуьнехь Ӏан везаш ву. Амма ахьа со дӀавахийтахьара, кхоалгӀачу дийнан суьйре тӀекхаччалц, со аренгахь къайлавер вара. 6Хьан да со бахьана долуш сагатдеш хилахь, ахьа ала деза: „Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гӀала вахана, цигахь шен гергарчара хӀора шарахь цкъа доккхуш долчу сагӀанехь дакъалаца“. 7Иза ахьа аьлча, цо „Дика ду“алахь, хьан лай маьрша ву, амма иза оьгӀазводахь, хьуна хаалахь, цунна зулам даккха дагадеанийла. 8Къинхетам бехьа хьайн лех: Везачу Элана хьалха ахьа соьца барт ма бинера. Соьгара хьайна бехке долу хӀума даьллехь, со хӀинццехь вей дӀаваккхахь! Хьайн дена тӀе стенна вуьгу ахь со?»

9ЯхӀунатас элира: «Ахьа бохуш дерг хьоьца хила йиш яц. Нагахь санна сан да хьуна тешнабехк бан кечвеллехь, иза аса хьоьга хоуьйтур дацара техьа?»

10Дауда ЯхӀунате хаьттира: «Хьан дас хьоьга оьгӀазлонца жоп лахь, иза соьга хаийта мила вогӀур ву?»

11ЯхӀунатас элира: «Вало, аренга воьду вайшиъ». И шиъ аравелира. 12ЯхӀунатас Дауде элира: «Исраилан халкъан Везачу Делах чӀагӀо йо ас хьуна! Кхана я кхана Ӏийча хӀоккху хенахь сайн да хьоьца муха ву хьожур ма ву со. Иза хьоьца гамо йоцуш велахь, аса хьо волчу и хабар дахьаш стаг воуьйтур ву. 13Амма сан да хьуна ямартло ян кечвеллехь, иза аса хьан лергашна хазор ду, хьо кӀелхьара а волуьйтур ву. Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса иза ца дахь. Веза Эла, сан деца ма-хиллара, хуьлийла хьоьца а. 14Ткъа хьо а, со дийна висахь, Везачу Элана хьалха соьца бинчу бартана тешаме а хилахьара. Нагахь санна сан кхалхар хилахь, 15 bайхьа дуьнен чохь йоккхучу хенахь сан доьзална тешаме хилахьара хьо, Везачу Эло массо а хьайн мостагӀа хӀаллаквина хилахь а». 16ЯхӀунатас Даудан цӀенца барт беш элира: «Везачу Эло кхел йойла Даудан мостагӀашна!»

17ЯхӀунатас, чӀагӀо а еш, Даудана хаийтира шена иза мел веза, хӀунда аьлча иза цунна, шен са санна, дукха везаш вара. 18ЯхӀунатас цуьнга элира: «Кхана бутт цӀинбаларан дезде ду. Хьан меттиг яьсса гича, хьо коьртах воккхур ву. 19Цундела кхозлагӀчу дийнахь хьо хьалха хиллачу метте дӀагӀо. Цигахь, Азал-тӀулг болчохь, охьа а хаий, собар де. 20Ткъа аса, цу агӀонга цхьана хӀуманна хьажийча санна, кхузза секхаӀад кхуссур ду хьуна. 21Цул тӀаьхьа аса сайн Ӏодан пхерчий схьалаха кӀант воуьйтур ву. Нагахь санна аса кӀанте алахь: „Пхерчий хьуна тӀехьа Ӏохку, схьаэца уьш“, – со волчу схьавола. Везачу Элах чӀагӀо йо ас, хьо маьрша хиларна а, хьуна цхьа а тайпана кхерам ца хиларна а. 22Амма аса кӀанте: „Пхерчий хьуна хьалха Ӏохку“, – алахь, хьо дӀагӀо. Везачу Эло хьуна дӀаваха пурба ло. 23Вайшиммо йина йолу чӀагӀонаш йиц ма е. Веза Эла царна даим а Теш ву!»

24Дауд аренгахь къайлавелира. Бутт цӀинлучу хенахь хӀоттош долу той дӀадоладелира. Паччахь хӀума яа охьахиира. 25Цо ша массо а хенахь хууш волу меттиг дӀалецира. И меттиг пенна уллохь яра. Шаулна дуьхьал ЯхӀуната охьахиира. Ткъа Абунар Шаулна уллохь хиира. Даудан меттиг яьсса яра. 26Цу дийнахь Шаула хӀумма а ца элира, хӀунда аьлча цунна дагадеара: «Схьахетарехь, цхьа хӀума хиллачул тӀаьхьа, Дауд Далла хьалха цӀена воцуш нисвелла». 27Бутт цӀинлуш болчу денна лерина долу той дӀахьочу шолгӀачу дийнахь а Даудан меттиг яьсса яра. ТӀаккха Шаула ЯхӀунате хаьттира: «Юшайн кӀант селхана а, тахана а тойнехь хӀунда вац?»

28ЯхӀунатас Шауле жоп делира: «Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гӀала вахана. 29Цо соьга элира: „Сан гергарнаш сан гӀалахь сагӀа доккхуш бу. Сан вашас соьга дӀакхайкхина. Вайшинна юкъахь гергарло делахь, со сайн вежарех кхета вахийтахьара ахьа“. Цундела иза паччахь волчу шуьне ца кхечи».

30Шаул шен кӀантана чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо ЯхӀунате элира: «Хьо хьайн лартӀехь йоцучу ненах тера ву. Иза а шен лаамехь яра, хьо а иштта ву! Хьо Юшайн кӀантаца гергарло лелош вуйла суна ца хаьа моьтту хьуна? И гергарло хьуна а, хьан нанна а юьхьӀаьржонна хир долуш ду. 31Юшайн кӀант дийна мел ву, хьо а, хьан пачхьалкх а лаьттар яц. Иза со волчу схьавалавайта, хӀунда аьлча иза Ӏожаллех вер вац».

32ЯхӀунатас Шауле элира: «ХӀунда вуьйш ву иза? Цуьнгара хӀун даьлла?»

33ТӀаккха Шаула иза вен дагахь гоьмукъ кхоьссира. Эццахь ЯхӀунатина хиира, Шаула Дауд вен чӀагӀо йинийла. 34ЯхӀуната, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, хьалагӀаьттира. Бутт цӀинлучу шолгӀачу дийнахь цо яа хӀума ца йиира. Цуьнан бахьана Даудах дог лазар а, шен дас шена йина вас а яра. 35Иза, Ӏуьйранна ара а ваьлла, Даудаца ша барт бинчу аренга вахара. Цуьнца цхьа жима кӀант а вара. 36Цо кӀанте элира: «Вадий, ваха а гӀой, аса кхуссу долу пхерчий схьалаха». КӀант аренгахула ведда дӀавахара. Амма ЯхӀунатин секхаӀодан пхерчий, цу кӀантана тӀехула а дуьйлуш, дӀаоьхура. 37КӀант цо пхерчий охьаэгийначу метте дӀаведира. ЯхӀунатас цунна тӀаьхьа мохь туьйхира: «Хьажал, пха хьуна хьалха Ӏуьллуш бу хьуна». 38Юха а кӀантана тӀаьхьа мохь беттара ЯхӀунатас: «Сихха вада! Саца ма саца!» Пхерчий схьа а гулдина, кӀант шен олахочунна тӀевеара. 39Цунна иза хӀун ду ца хаьара. Дауданий, ЯхӀунатиний бен ца хаьара цу дешнийн маьӀна. 40Шен герз кӀанте дӀа а делла, ЯхӀунатас цуьнга элира: «Вало, гӀала дӀахьо иза».

41КӀант дӀавахара. Азал-тӀулгана къилбехьара йолчу агӀорхьара хьала а гӀаьттина, ЯхӀунатина хьалха гора а хӀоьттина, лаьтта кхаччалц кхузза охьатаьӀира Дауд. Вовшашна обанаш а йохуш, воьлхуш вара и шиъ, амма Дауд вукхул чӀогӀа воьлхура. 42ЯхӀунатас Дауде элира: «Марша гӀойла хьо. Вайшиммо Везачу Элана хьалха вовшашна чӀагӀо йинера. Веза Эла хьуна а, суна а юкъахь, иштта хьан тӀаьхьенна а, сан тӀаьхьенна а юкъахь гуттаренна а Теш ву». 43Хьала а гӀаьттина, Дауд дӀавахара, ткъа ЯхӀуната гӀала юхавирзира.
Copyright information for CheCAC2012