‏ 1 Samuel 21:1-6

Даудан вадар

1 aНуб-гӀалара динан да волу Ахьи-Малик волчу кхечира Дауд. Иза шена гича, Ахьи-Малика цецваларца цуьнга хаьттира: «Хьо-хьо хӀунда ву? Хьоьца цхьа а хӀунда вац?»

2Дауда цуьнга элира: «Паччахьо цхьа гӀуллакх тӀедиллина суна. Цо соьга элира: „Цхьанна а ма хаийта хьо хӀунда вахийтина ву а, аса хьайна тӀедиллинарг а“. Ткъа сайн накъосташца аса барт бина, оха билгалъяьккхинчу меттехь вовшахкхетар ду аьлла. 3Ткъа хӀинца ахьа суна пхи бепиг я хьайн куьйга кӀелахь йолу яа хӀума яла еза».

4Динан дас Дауде элира: «Дац сан хьуна дала бепиг, деза бепиг бен. Хьан накъостий тӀаьхьарчу хенахь зударех кхетаза белахь, иза дӀахьо».

5Дауда динан дега элира: «Зударий тхоьца ца хилла. ХӀоразза а со сайн накъосташца араволучу хенахь, оха Далла хьалха цӀеналла лар а йо, тхайна тӀедиллинарг кхочуш ца дойту хӀума а ца до. Иштта тахана а оха леррина Далла хьалха цӀеналла ларйина, тхаьшна тӀедиллинарг кхочушдархьама».

6 bДинан дас шен кхин бепиг доцу дела, цунна деза бепиг делира. Иза Делан цӀа чуьра Везачу Элана хьалха охьадиллина долу бепиг дара. Цу дийнахь цуьнан метта керла бепиг охьадиллина хилла.
Copyright information for CheCAC2012