1 Samuel 21:13-15
13 aИза, паччахьна а, цуьнан ялхошна а хьалха ша хьераваьлла моттуьйтуш, волавелира. Цо неӀарш тӀехь яздора, шен можана тӀехула шеташ охьаоьхуьйтура. 14ТӀаккха Ахаша шен ялхошка элира: «Хьажал цуьнга. И стаг хьераваьлла ву. ХӀунда валийна аша иза со волчу? 15Я сан хьерабевлларш кӀезиг бу, суна хьалха дастама хӀуманаш цуьнга леладайттал? Сан цӀа чу-м вер ма хир вац иза?»
Copyright information for
CheCAC2012