1 Samuel 21:7-9
7Цу дийнахь кхузахь Везачу Элана хьалха нисвеллера Шаулан ялхойх волу ДуагӀа цӀе йолу эдомхо. Иза Шаулан жаӀушна тӀехӀоттийна вара. 8Дауда Ахьи-Малике элира: «ТӀекхочехь гоьмукъ я тур дац хьан? Паччахьо сайна тӀедиллинарг дукха сиха кхочушдан дезаш а хилла, аса сайца я тур а, я кхин йолу хӀума а схьа ца эцна». 9 aДинан дас элира: «Ахьа Эла-тогӀи чохь вийна пӀелаштамхо волчу ГӀолиатан хӀара тур ду хьуна. Езачу ийпадна тӀехьа бедаршна юккъе а хьарчийна Ӏуьллуш ду иза. Хьайна лаахь, иза схьаэца. Кхин хӀумма а яц кху чохь». Дауда элира: «И санна дерг кхин хир а дац. Схьало иза соьга».
Copyright information for
CheCAC2012