‏ 1 Samuel 23

Дауда КъаӀила-гӀала кӀелхьарйоккху

1Дауде хаам бира: «ПӀелаштамхой, КъаӀила-гӀалина тӀе а летта, хьаьттаршкара ялта лечкъош бу», – аьлла. 2Дауда Везачу Эле хаттар дира: «Со цига ваха везий те? Эшалур буй те соьга и пӀелаштамхой?» – аьлла.

Везачу Эло цуьнга жоп делира: «ГӀо, пӀелаштамхой хьоьга эшалур бу, КъаӀила-гӀала ахьа кӀелхьар а йоккхур ю».

3Амма Даудаца болчара элира: «Кхузахь, ЯхӀуд-махкахь а, кхоьруш ду вай. КъаӀила-гӀала а дахана, вай пӀелаштамхойн эскарна дуьхьалхӀиттича, кхин а кхераме хир ма ду!» 4ТӀаккха Дауд юха а Везачу Элах дагавелира. Цо Дауде элира: «Хьала а гӀаттий, КъаӀила-гӀала дӀагӀо. Аса пӀелаштамхой хьан кара дӀалур бу». 5Шеца болчаьрца цхьаьна Дауд КъаӀила-гӀала вахара, цо пӀелаштамхошца тӀом а болийра, церан даьхни лаьхкина дӀа а дигира, уьш эша а бира. Иштта Дауда КъаӀила-гӀалара болу бахархой пӀелаштамхойн баланах кӀелхьарбехира.

6Ахьи-Маликан кӀант Абу-ЯтӀари, ведда, Дауд волчу схьавогӀучу хенахь, цо шеца еза ийпад а схьаеанера.

7Дауд КъаӀила-гӀалахь ву аьлла, Шауле хаам бича, цо элира: «Дала сан кара схьавелла иза. Цо ша-шена бохам баьккхина, гӀорашца къовлуш долчу кевнашца чӀагӀйина йолчу гӀали чу а вахана». 8Шен берриг а эскархой тӀаме кхайкхира Шаула, КъаӀила-гӀалина го а бина, Дауд а, цуьнца берш а дӀалаца дагахь. 9Шена дуьхьал Шаул зуламе долу хӀума лело воллий хиъча, Дауда динан да волчу Абу-ЯтӀарига элира: «Схьая и ийпад». 10Цул тӀаьхьа Дауда элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! Хьан лена хезна, Шаул, КъаӀила-гӀала а веана, со бахьана долуш и гӀала хӀаллакьян гӀерта аьлла. 11КъаӀила-гӀаларчу бахархоша со Шаулан кара дӀалур вуй теша? ВогӀур вуй теша кхуза Шаул, Хьан лай волчунна ма-хаззара? Исраилан халкъан Веза Дела! Жоп лохьа Хьан лай волчунна».

Везачу Эло жоп делира: «ВогӀур ву».

12Дауда хаттар дира: «КъаӀила-гӀаларчу бахархоша со а, соьца болу нах а Шаулан кара дӀалур буй?»

Везачу Эло элира: «ДӀалур бу».

13ТӀаккха Дауд а, цуьнца хилла волу ялх бӀе стаг а, КъаӀила-гӀалара ара а ваьлла, маьӀ-маьӀӀехула лийлира. Шауле хабар кхечира, Дауд КъаӀила-гӀалара ведда дӀавахна аьлла. ТӀаккха иза, ша болийна некъ ца беш, сецира.

Дауд Зип цӀе йолчу яьссачу арахь

14Зип цӀе йолчу яьссачу арахь йолчу чӀагӀйинчу меттигашкахула а, лаьмнашкахула а лелаш вара Дауд. Шаул иза хӀора дийнахь лохуш вара, амма Дала цуьнан кара ца вохуьйтура Дауд. 15Даудана гуш дара, Шаул ша вен араваьлла хилар. Цу хенахь Дауд Зип олучу яьссачу арахь йолчу Хьорша цӀе йолчу меттехь вара. 16Иза волчу веара Шаулан кӀант ЯхӀуната. Цо Дауд иракарахӀоттийра, Делах тешарца чӀагӀло аьлла. 17Цо элира: «Ма кхера. Сан ден Шаулан куьг хьуна тӀекхочур дац. Исраилан махкахь паччахь хир ву хьо, ткъа со хьуна уллохь шолгӀа меттиг дӀалаьцна хир ву. Сан дена Шаулна иза хууш ду». 18 aЦу шиммо Везачу Элана хьалха барт бира. Дауд Хьорша олучу меттехь висира, ткъа ЯхӀуната шен цӀа вахара. 19 bШаул волчу ГебаӀ-гӀала баьхкира зипахой. Цара элира: «Дауд тхо долчохь чӀагӀйинчу меттигашкахь: Хьорша олучу меттехь а, Яшимунна къилбехьа Ӏуьллуш болчу Хьахила-барза тӀехь а дӀалечкъаш лелаш ву. 20Хьайн даго билгалъяьккхинчу хенахь дӀавола, ткъа тхуна тӀехь иза хьан кара дӀавалар ду».

21Шаула цаьрга элира: «Декъалдина ду шу Везачу Эло, аша сох къинхетам бина дела. 22Даха а гӀой, иза билггала мичахь ву хьовса. Цунах лаьцна мел дерг а суна схьада, иза мичахь ву а хьовса, хьанна гина а хьовса. Соьга дийцина, иза чӀогӀа хӀилла долуш ву аьлла. 23Иза мичахь хуьлу, мичахь дӀалечкъа дикка хьовса. Цунах билггала бакъдерг дахьаш схьадуьйла. ТӀаккха со а вогӀур ву шуьца. Иза кху лаьтта тӀехь велахь, аса лохур ву, массо а ЯхӀуд-махкахь болчу доьзалшна юкъахь лаха везахь а».

24Уьш Шаулал хьалха Зипе дӀакхечира. Ткъа Дауд шеца болчу нахаца МаӀун олучу яьссачу аренгахь вара. И аре Яшимунара дӀа къилбехьа, Ӏариба-тогӀенахь, Ӏуьллуш яра. 25Шаул шеца болчу нахаца цхьаьна иза лаха вахара. Амма Дауде хаам бинера цунах лаьцна, цундела иза аренгахь лаьтташ йолчу тарх тӀе а вахана, МаӀун-аренгахь сецира. Иза шена хиъча, Шаул Даудана тӀаьхьа МаӀун-аренга вахара. 26Шаул ломан цхьана агӀонгахула дӀавоьдуш вара, ткъа Дауд шен накъосташца вукху агӀор вара. Дауд сихвелла Шаулах къаьхкина воьдуш вара, ткъа Шаул шеца болчаьрца, ломана го баккхале хьалха, уьш схьалаца воьдуш вара. 27Эццахь Шаул волчу геланча кхечира, иштта хаам бахьаш: «Сихха схьавола! ПӀелаштамхой вайн махкана тӀелетта!» 28И хаам шега схьакхаьчначул тӀаьхьа, Шаул пӀелаштамхошна дуьхьал вахара, Даудана тӀаьхьаваьллачуьра дӀа а ваьлла. И меттиг цундела, СилаӀ-ХӀамахьлекхут аьлла, цӀе тиллина ю (иза «декъаран тарх» бохург ду).
Copyright information for CheCAC2012