‏ 1 Samuel 25

Дауддий, АбигӀаллий

1Шамъал кхелхира. Массо а исраилхо иза дӀаверзо схьагулвелира. Белхаршца, чӀогӀа халахетарца иза шен цӀахь, Рамехь, дӀавоьллира цара.

Дауд, хьала а гӀаьттина, лам тӀера Паран олучу яьссачу аренга охьавоьссира.
2МаӀунахь Ӏаш чӀогӀа вехаш волу цхьа стаг вара. Цуьнан хӀусамех цхьаъ Кармал-юьртахь яра. Цу стеган долахь кхо эзар уьстаггӀий, цхьа эзар газий яра. Иза Кармал-юьртахь шен жа лоргучохь вара. 3Цу стеган цӀе Набал яра, цуьнан зудчун цӀе АбигӀал яра. ЧӀогӀа хьекъал долуш а, юьхь тӀера хаза а яра и зуда, ткъа и стаг чӀогӀа къиза а, дера а вара. Иза ша Килабан тӀаьхьенах вара. 4Цу яьссачу аренгахь Даудана хезира, Набал шен уьстагӀий лоргуш ву аьлла. 5Дауда итт жима стаг вахийтира, царна тӀе а дуьллуш: «Кармал-юьрта чу а довлий, Набал волчу а гӀой, сан цӀарах салам-маршалла дӀало цуьнга. 6Набале иштта ала: „Маьрша хуьлда хьо, маьрша хуьлда хьан мел долу хӀума а. 7Суна дукха хан йоццуш хезнера, хьо волчохь уьстагӀий лоргуш ду аьлла. Тхоьца болу хьан жаӀуй оха охьа а ца теӀийнера, церан цхьа а хӀума ян а ца яйнера, уьш тхоьца Кармал-юьрта уллохь болчу хенахь. 8Хьайн ялхошка хатта мегар ду хьуна иза, цара эр ду хьоьга цунах лаьцна бакъдерг. Хьо а хилахьара къинхетаме аса дӀабахкийтинчу кегийчу нахаца: тхо той хӀотточу дийнахь даьхкина хьуна. Хьайн куьйгана карош ерг лохьа хьайн лешна а, хьайн кӀант волчу Даудана а“».

9Дауда бахийтинчара Набале и къамел Даудан цӀарах дӀадира, тӀаккха уьш тап-аьлла дӀатийра. 10Амма Набала Даудан ялхошка реза воцуш жоп делира: «Дауд мила ву? Мила ву Юшайн кӀант? ТӀаьхьарчу хенахь дукха лай бевлла, шайн олахойх уьдуш болу. 11УьстагӀий лоргуш болчарна аса кечдина долу бепиг а, хи а, жижиг а дӀадала деза те аса сайна мичара бевлла а ца хууш болчу нахана?!»

12Дауда бахийтина болчара, шаьш дӀабаханчу новкъахула юха а баьхкина, шайна хезна долу дешнаш Дауде дӀадийцира. 13ТӀаккха Дауда шен нахе элира: «ХӀораммо а шен юкъах тур дӀадехка». Массара а шайн юкъах герз дихкира. Дауда а дӀадихкира шен юкъах тур. Виъ бӀе стаг Даудана тӀаьхьахӀоьттира, ткъа ши бӀе стаг шаьш схьаеана йолчу хӀуманашна уллохь сецира.

14Набалан зудчуьнга АбигӀале церан цхьана ялхочо хаам беш элира: «Дауда яьссачу аренгара шен векалш бахкийтинера вайн олахочуьнга маршалла хоттуш, амма цо уьш, чӀогӀа юьхь йоцуш вист а хилла, дӀабахийти. 15И нах тхоьца чӀогӀа дика бара, цара тхо хьийза а ца дора. Уьш тхуна уллохь арахь болчу хенахь тхан цхьа а хӀума а ца яйнера. 16Оха царна уллохь даьхни дажочу хенахь уьш, тхо лар а деш, Ӏалаш а деш, гобаьккхина болу пен санна лаьттара. 17Ойла а яй, хьажа вай хӀун дан деза, хӀунда аьлча вайн олахо а, цуьнан дерриг цӀа а кхерамехь ду. Амма иза чӀогӀа вон стаг ву, цуьнга цхьа а вистхила ца ваххьал».

18ТӀаккха АбигӀала катоьхна ши бӀе бепиг а, чохь чагӀар долу ши пӀаьлдиг а, кечбина болу пхи уьстагӀ а, пхи сахь кхерзина кӀен буьртигаш а, бӀе курс кишмаш а, Ӏаьвдина инжирийн ши бӀе курс а схьа а эцна, сихонца уьш варрашна тӀеехкира. 19Цо шен ялхошка элира: «Суна хьалха а довлий, дӀагӀо, со тӀаьхьа йогӀур ю шуна». Набале цо хӀумма а ца элира.

20АбигӀал, вир тӀе а хиъна, ломарчу тача-некъахула охьайогӀуш, некъ дӀабоьрзучу меттехь цунна дуьхьалкхийтира Дауд а, цуьнца болу нах а. 21Цул хьалха Дауда аьллера: «Аса яьссачу аренгахь эрна лардина хилла цу стеган хьал, цунна тӀера цхьа а хӀума гал а ца долуьйтуш. Диканна дуьхьал вон доккху цо. 22Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла сан мостагӀашна
Сан мостагӀашна – Грекийн гочдар тӀехь: суна.
, кханалера Ӏуьйре тӀекхачале, аса Набалан цӀентӀера цхьа а боьрша стаг дийна витахь».

23Дауд шена гича, АбигӀал, сихха вирана тӀера охьа а йоьссина, Даудана хьалха гора юьйжира, лаьтта кхаччалц шен корта охьа а таӀош. 24Цуьнан когаш хьалха охьа а йоьжна, цо элира: «Сан эла, бехк суна тӀехь хуьлийла! Хьан лай ерг хьайга йистхилийтахьара ахьа, соьга ла а догӀахьара. 25Сан олахо, Набал боху и вон стаг, тергал а ца веш, витахьара ахьа. Шен цӀе иштта хиларе терра – ша а ма ву иза. Цуьнан цӀе, Набал, „Ӏовдал“бохучух терра ю, ткъа, бакъдерг аьлча, и Ӏовдалалла цуьнца ю. Ткъа хьан лай йолчу суна ахьа бахкийтина болу хьан ялхой ца гина. 26Ткъа хӀинца, сан олахо, дийна волчу Везачу Элах а, хьох а чӀагӀо йо ас, Везачу Эло хьоьга цӀий Ӏана ца дайтина а, бекхам ца байтина а хиларна, хьан мостагӀий а, хьуна дуьхьал мостагӀалла лелош берш а Набал санна хилла дӀахӀуьттийла! 27ХӀара совгӀаташ хьан лай йолчу аса сайн олахочунна деана ду, цунна гӀуллакх деш лелаш болчу кегийчу нахана дӀадала. 28Хьан лай йолчу суна къинтӀера валахьара хьо. Везачу Эло сан олахочун тӀаьхье билггал чӀагӀйина дӀахӀоттор ю, хӀунда аьлча Везачу Элан тӀемаш схьабахьаш вогӀуш ву сан олахо. Хьо мел веха зуламе дерг ца даьлла хьох. 29Нагахь санна хьо вен дагахь хьуна цхьаъ дуьхьалвалахь, сан олахочун са хьан Везачу Делан дахаран шедан юккъехь дӀадихкина хир ду, ткъа хьан мостагӀийн са Цо, ширдолагца кхоьссича санна, дӀакхуссур ду. 30Веза Эла Ша лерина долу массо а дика сан олахочунна дина ваьлча, Цо иза Исраилан халкъана тӀе баьчча вина дӀахӀоттор ву. 31Ша бехк боцучеран цӀий Ӏанийна аьлла а, иштта бекхам ца беш, кӀелхьарваьлла аьлла а, чов хир яц сан олахочун дага тӀехь. Везачу Эло сан олахочунна дика дича, хьан лай ерг хьуна дагайогӀийла».

32Дауда АбигӀале элира: «Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, хьо хӀинца суна дуьхьал яийтина волчу! 33Декъала хуьлда хьан хьекъал а, хьо-хьуо а, бекхам беш соьга эрна цӀий ца Ӏанадайтина йолу. 34Амма дийна волчу а, соьга хьуна зулам ца дайтина волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чӀагӀо йо ас, тахана хьо сихъелла суна дуьхьал еана ца хиллехь, Набалан цӀийнах волу цхьа а боьрша стаг кханалерчу Ӏуьйренга ваьлла хир ма вацара». 35Дауда цуьнан карара цо еана йолу хӀуманаш схьаийцира. Цо элира: «Маьрша хьайн цӀа дӀагӀо. Хьоьга ла а доьгӀна, аса хьан юьхь ларйина».

36АбигӀал Набал волчу схьаеара. Ткъа кхеран цӀахь доккха той дара. Набалан дог сакъералуш дара, иза чӀогӀа вехна а вара. Ӏуьйре тӀекхаччалц, доца а, деха а цхьа дош ца элира АбигӀала Набале. 37Ӏуьйранна, Набал метта веанчу хенахь, зудчо дерриге а дӀадийцира цуьнга. Дог чӀогӀа тохаделла, иза, тӀулг санна, чӀагӀвелла дӀахӀоьттира. 38Итт де даьлча, Везачу Эло туьйхира Набална, иза велира.

39Даудана, Набал велла аьлла, дӀахезира. Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, со юьхьӀаьржачу хӀотто гӀиртина волчу Набална таӀзар дина волчу а, вон ца дойтуш, Шен лай кӀелхьарваьккхина волчу а Везачу Эло Набалан зулам цуьнан шен коьрта тӀе дерзийна».

АбигӀале, иза шена маре дӀаюьгу ша аьлла, дӀаала бахийтира цо.
40Даудан ялхоша, АбигӀал йолчу Кармала а баьхкина, цуьнга элира: «Дауда дахкийтина тхо хьо шена маре дӀайига».

41Цо, хьала а гӀаьттина, корта лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, элира: «Хьан лай кийча ю шен элан ялхойн когаш била а». 42АбигӀал, сихонца кеч а елла, вирана тӀехиира. Цунна тӀаьхьахӀоьттина пхи ялхо яра. Дауда бахкийтинчаьрца дӀа а яхана, цуьнан зуда хилла дӀахӀоьттира иза.

43ИзраӀал-юьртара АхьнуӀмат а дӀайигира Дауда. Цу шиннах цуьнан зударий хилира. 44 bТкъа Шаула Даудан зуда йолу шен йоӀ Михула Галламерчу Лайшин кӀант волчу Палтиале дӀаелла хилла.
Copyright information for CheCAC2012