‏ 1 Samuel 27

Дауд пӀелаштамхой болчохь Ӏа

1Дауда, ойла а йина, шен дагахь элира: «Мацца а со Шаулан каравахале, суна уггар а тоьлушха дерг пӀелаштамхойн лаьтта тӀе ведда дӀавахар ду. ТӀаккха Шаул со лоьхуш Исраилан махкахула суна тӀаьхьаваьлла лелачуьра соцур ву, ткъа со цуьнан куьйга кӀелхьара дӀавер ву». 2Хьала а гӀаьттина, Дауд, шеца волу ялх бӀе стаг а эцна, Гати-гӀалахь паччахь волу МаӀухин кӀант Ахаш волчу вахара. 3Иза шеца болчаьрца Ахаш волчу Гати-гӀалахь ваха хиира, хӀора стаг а шен-шен доьзалца. Даудаца цхьаьна цуьнан ши зуда а яра – израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, хьалха Набалехь хилла йолу кармалхо АбигӀал а. 4Шауле, Дауд Гати-гӀала ведда дӀавахана аьлла, хабар дӀакхечира, тӀаккха иза Дауд лоьхучуьра сецира. 5Дауда Ахаше элира: «Хьо суна реза велахь, суна ахьа цхьана жимачу гӀалахь меттиг билгалъяьккхича, со цигахь Ӏийр вара. Хьан лай хӀунда Ӏан веза хьоьца нийсса паччахь Ӏачу гӀалахь?» 6Ахаша цунна ЦакхелагӀ олуш йолу гӀала елира. Цундела ЦакхелагӀ таханлера де тӀекхаччалц а яхӀудхойн паччахьийн карахь йисина. 7Цхьа шой, биъ буттий баьккхира Дауда пӀелаштамхойн махкахь.

8Дауд, шеца болчаьрца ара а волий, гешурхошний, гирзахошний, Ӏамалекхахошний тӀелеташ хилла. (И халкъаш дукха заманара дуьйна Шур-гӀалина а, ур-атталла Мисар-махкана а тӀекхаччалц дехаш хилла.) 9Церан бахам (уьстагӀий а, стерчий а, варраш а, эмкалш а, тӀеюху бедарш а) схьа а боккхий, Дауда я стаг а, я зуда а дийна дуьтуш ца хилла. ТӀаккха иза Ахаш волчу схьавогӀуш хилла. 10Ахаша хоттура Дауде: «ХӀинца хьанна тӀелеттера шу?» Дауда жоп лора: «НегӀаб арахь болчу ЯхӀуд-махкана», я цо жоп лора: «Яьссачу арахь болчу ярахьмиалхошна», я: «Яьссачу арахь Ӏаш болчу кхенахошна». 11Дауда я стаг а, я зуда а дийна ца дуьтура. Цо уьш Гати-гӀала схьа а ца балабора. Дауда ойла йора: «Цара, вайна мотт тухуш, ала мега: „ХӀара зулам Дауда дира“, – аьлла. Дауда ша пӀелаштамхойн лаьттахь мел яьккхина йолу хан иштта лелаш яьккхира». 12ТӀаккха Ахаш Даудах тийшира. Шен дагахь цо бохура: «Иза шен Исраилан халкъана бӀаьрга ван ца веза. И бахьана долуш иза, схьахетарехь, гуттаренна а сан ялхо хир ву».
Copyright information for CheCAC2012