‏ 1 Samuel 28

ПӀелаштамхой тӀамана кечлуш бу

1Цу заманчохь пӀелаштамхоша шайн эскар кечдина хилла Исраилан халкъаца тӀом бан. Ахаша Дауде элира: «ДӀахаалахь, хьо а, хьоьца болу нах а соьца цхьаьна гӀовтта безийла».

2Дауда Ахаше элира: «ХӀинца хуур ду хьуна хьан лай волчуьнга хӀун далур ду».

Ахаша Дауде элира: «ТӀаккха аса хьох массо а ханна сайн ларвархо вийр ву».

Шаул адамийн синош тӀедоьху зуда йолчу вахар

3 aШамъал кхелхинера. Дерриг а Исраилан халкъ цунна тӀаьхьа доьлхуш хиллера. Иза ша ваьхна йолчу Рамехь дӀавоьллинера. Ткъа адамийн синош тӀедоьхуршший, пал туьйсуршший шен пачхьалкхера лаьхкина дӀабахийтинера Шаула.

4ПӀелаштамхоша, вовшах а кхетта, шайн меттамотт Шунамехь дӀахӀоттийра. Шаула а схьагулдира дерриг а Исраилан эскар. Уьш ГилбаӀ-ломахь схьагулбелла дӀахӀиттира. 5Шена пӀелаштамхойн эскар схьагича, Шаул воьхна хьаьвзира, цуьнан дага чу кхерам буьйжира. 6 bЦо Везачу Эле хаттарш дора, амма Иза цунна набарха а, Урим олучу безачу тӀулгаца а, пайхамаршкахула а жоп луш вацара. 7ТӀаккха Шаула шен ялхошка элира: «Схьалаха суна деллачу адамийн синош тӀедоьху зуда, аса цуьнга хоттур ду».

Ялхоша цуьнга жоп делира: «Ӏейндар-гӀалахь Ӏаш ю адамийн синош тӀедоьху зуда».

8Шена тӀера бедарш дӀа а яьхна, кхин бедарш тӀеюьйхира Шаула. Иза, кхин ши стаг а волуш, буьйсанна и зуда йолчу вахара. Шаула цуьнга элира: «Аса дехар до хьоьга, суна пал а тасий, аса хьайга вийцинарг со волчу схьакхайкхахьара ахьа».

9Амма зудчо цуьнга жоп делира: «Хьуна хууш ма ду Шаула динарг. Цо пал тосуш берш а, адамийн синош тӀедоьхуш берш а махках ма баьхна. Хьо со ейта суна гур бугӀуш ву».

10Шаула, Везачу Элах дуй бууш, элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьуна и хӀума бахьана долуш цхьа а тайпана зулам хир ма дац».

11ТӀаккха зудчо хаьттира: «Аса хьаьнга кхайкха хьуна?»

Цо элира: «Шамъале кхайкха».

12Шена Шамъал гича, зудчун мохь белира. Цо Шауле элира: «Со стенна лейо ахьа? Хьо Шаул ма ву».

13ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Кхера ма ло. ХӀун го хьуна?»

Зудчо элира: «Суна лаьттара хьаладолуш цхьа жин го».
14«Муха ду цуьнан сибат?» – хаьттира цуьнга Шаула.

Цо элира: «Лаьттара хьалаволуш, тӀехь еха бедарш а йолуш, воккха стаг ву».

ТӀаккха Шаулна хиира иза Шамъал вуйла. Шен юьхь лаьттах хьакха а йолуьйтуш, цо цунна корта туьйхира.

15Шамъала Шауле хаьттира: «Со стенна меттахвоху ахьа? Соьга хӀунда кхойкху хьо?»

Шаула элира: «Суна чӀогӀа хала ду. ПӀелаштамхой суна дуьхьал гӀевттина тӀамца. Дала суна букъ берзийна. Цо суна я пайхамаршкахула а, я гӀенах а жоп ца ло. Цундела аса хьоьга кхойкху, айса дан дезачух дагавала».

16Шамъала элира: «Соьга стенна до ахьа хаттарш, Веза Эла хьан мостагӀа хилла дӀахӀоьттина хилча? 17 cВезачу Эло соьгахула Ша дийр ду аьлларг дийр ду. Цо, хьан карара паччахьалла схьа а даьккхина, хьуна уллохь хиллачу Дауде дӀаделла. 18 dВезачу Эло бохучуьнга ахьа ла ца дуьйгӀира. Ӏамалекхахошна чӀогӀа оьгӀаз а вахана, Цуьнан омра кхочуш ца динера ахь, цундела тахана Везачу Эло хьуна иза до. 19Везачу Эло пӀелаштамхошка Исраилан халкъана тӀехь толам боккхуьйтур бу. Кхана хьо а, хьан кӀентий а соьца хир бу. Исраилхойн эскар кхана пӀелаштамхойн карахь хир ду».

20ТӀаккха Шаул, цӀеххьана вахвелла, охьавуьйжира. Иза чӀогӀа кхеравелира Шамъала шега аьллачу дешнех. Цуьнгахь гӀора дацара, хӀунда аьлча цо цу дийнаххьий, бусий яа хӀума ца йиънера. 21И зуда Шаулна тӀееара. Цунна гира иза чӀогӀа кхеравелла хилар. Зудчо элира: «Сан дахарна сайна кхерам боллушехь, аса ахьа бохург дина. 22ХӀинца аса доьху хьоьга, ахьа а ладогӀахьара хьайн лай йолчо бохучуьнга. Аса хьуна цхьажимма хьокхам лур бу, иза баахьара ахьа. Новкъа ваьлча, хьоьгахь ницкъ хир бара».

23Амма цо шега бохучуьнга ла ца дуьйгӀира. Шаула элира: «Аса хӀума юур яц». Амма Шаулан ялхой цу зудчуьнца цхьаьна, хӀума яа бохуш, дехар дан буьйлабелира цуьнга. Эххар а Шаула цара бохург дира. Лаьттара хьала а гӀаьттина, иза метта охьахиира. 24Цу зудчун цӀахь дустийна эса дара. Сихха иза ден а дийна, дама схьа а эцна, бод а хьакхийна, совсоза долу хьокхамаш дира цо. 25Шаулна а, цуьнан ялхошна а яа хӀума хӀоттийра цо. Шайна хӀума а кхаьллина, уьш цу буссехь, хьала а гӀевттина, дӀабахара.
Copyright information for CheCAC2012