‏ 1 Samuel 3

Дала Шамъале тӀекхойкху

1Кхиъна вогӀуш волу Шамъал Ӏелина уллохь Везачу Элана гӀуллакх деш вара. Цу деношкахь Делера хаам нахе наггахь бен хуьлуш бацара, Делера долу сурт а наггахь бен ца хӀуттура. 2Цхьана буса Ӏела шен меттахь вижина Ӏуьллуш вара. ТӀаьхьарчу хенахь цуьнан бӀаьргаш телхина догӀуш дара, цундела цунна хӀумма а ца гора. 3Сатасале, богуш болу Делан къуьда дӀабаза болчу хенахь, Шамъал Везачу Элан дезачу четар чохь вижина Ӏуьллуш вара. Цу четар чохь лаьтташ Делан деза тӀорказ а дара. 4Веза Эла Шамъале кхайкхира. Цо жоп делира: «Кхузахь ву со!» 5Ведда Ӏела волчу а вахана, цо элира: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?»

Амма Ӏелас элира: «Со хьоьга ца кхайкхира. Вало, дӀавижа».

Шамъал, дӀа а вахана, дӀавижира.
6Веза Эла юха а цуьнга кхайкхира. Иза шолгӀа а, Ӏела волчу схьа а веана, вистхилира: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?»

Амма вукхо элира: «Сан кӀант, со хьоьга ца кхайкхира. ДӀа а гӀой, дӀавижа».
7Шамъална цу хенахь Везачу Элан аз ца девзара, хӀунда аьлча Цуьнан дош Шамъална схьа ца делладеллера.

8КхозлагӀа а Веза Эла Шамъале кхайкхира. Иза юха а, хьала а гӀаьттина, Ӏела волчу а веана, вистхилла: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?»

ТӀаккха Ӏелина хиира, кӀанте кхойкхуш Верг Веза Эла вуйла.
9Ӏелас Шамъале элира: «Юха а, дӀагӀой, дӀавижа. Нагахь санна хьайга юха а цхьаммо кхайкхахь, цуьнга ала: „Вистхила, Веза Эла, Хьан лай Хьоьга ладугӀуш ву“».

Шамъал, шен метте дӀа а вахана, дӀавижира.
10Веза Эла, схьа а веана, дӀа а хӀоьттина, хьалха санна кхайкхира: «Ва Шамъал!»

Шамъала элира: «Вистхила, Веза Эла, Хьан лай Хьоьга ладугӀуш ву!»

11Везачу Эло Шамъале элира: «Аса Исраилан махкахь цхьа хӀума дийр ду, и шена хезначун шинна а лерга чу зов догӀур ду. 12Цу дийнахь Аса Ӏелин доьзална тӀехь Айса мел аьлларг кхочушдийр ду. Аса иза дӀа а долор ду, чекх а доккхур ду. 13Аса цуьнга аьлла ду, цуьнан цӀенна тӀехь массо а тӀейогӀучу ханна таӀзар дийр ду аьлла, хӀунда аьлча цо шен кӀенташа лелош долчу къинойх лаьцна а, цара лелош долчу дастамечу хӀуманех лаьцна а шена хуъушехь, уьш саца ца бина дела. 14Аса чӀагӀо йо, цуьнан цӀенна тӀехь долу къинош муьлхха а тайпана даьккхинчу сагӀанаша дӀадохур дац аьлла».

15Шамъал Ӏуьйре тӀекхаччалц вижина Ӏиллира. Ша хьалагӀаьттинчул тӀаьхьа, цо Везачу Элан четаран неӀ дӀайиллира. Иза ца хӀуттура Ӏелига шена буьйсанна хезнарг дӀадийца. 16Амма Ӏелас кхуьнга ша дӀакхайкхира: «Сан кӀант Шамъал!»

Цо элира: «Со кхузахь ву».

17ТӀаккха Ӏелас элира: «Хьоьга хӀун элира? Хьайга аьллачух хӀумма а къайладаккха ма гӀерта. Дала хьуна чӀогӀа таӀзар дийр ду, ахьа сох хӀумма а къайладаккхахь». 18Цхьа а хӀума къайла ца хьош, Шамъала дерриге а цуьнга дӀадийцира. ТӀаккха Ӏелас элира: «Иза Веза Эла ву. Цо Шена бакъахь хеттарг дойла!»

19Шамъал воккха хилира. Веза Эла цуьнца вара, Цуьнан цхьа а дош кхочуш ца хуьлуш ца дисира. 20Исраил-махкахь массо а меттехь, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц, массарна а хиира Шамъалах Везачу Эло къобалвина волу пайхамар вина хилар. Шен дашехула Ша вовзуьйтуш, Шилунехь Шамъална дуьхьалвогӀура Веза Эла.21

Copyright information for CheCAC2012