1 Samuel 30
Ӏамалекхахой ЦакхелагӀана тӀелета
1КхозлагӀчу дийнахь Дауд а, цуьнан накъостий а схьабаьхкира ЦакхелагӀ-гӀала. Ткъа Ӏамалекхахоша, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахь йолчу ЦакхелагӀана тӀе а летта, гӀала ягийнера. 2Зударий а, цигахь шайна мел карийна волу жима а, воккха а стаг, вен а ца вуьйш, йийсаре дӀавигнера. 3Дауд а, цуьнца хилларш а гӀала схьакхаьчча, царна гира цӀарца ягийна Ӏуьллуш йолу гӀала, ткъа кхеран зударий а, кӀентий а, йоӀарий а йийсаре дӀабигнера. 4ЧӀогӀа белха буьйлабелира Дауд а, цуьнца хилларш а. Кхин белха шаьш де доцуш биссалц, билхира уьш. 5 aЙийсаре дӀайигнера Даудан ший а зуда: израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, Набалехь хилла йолу кармалхо АбигӀал а. 6Шайна тӀекхаьчна долу вон ла ца луш, шайн кӀентий а, йоӀарий а дӀабигна карийна, доьхна хьийзаш долу адам Даудана тӀе тӀулгаш детта гӀерташ дара. И хӀума бахьана долуш чӀогӀа воьхнера Дауд а, амма иза, шен Везачу Делера дегайовхо а карийна, чӀагӀвелира. 7 bЦо динан да волчу Ахьи-Маликан кӀанте Абу-ЯтӀарига элира: «Схьая кхуза еза ийпад». Абу-ЯтӀарис Даудана тӀе иза схьаеара. 8Везачу Эле Дауда хаттар дира: «ТӀаьхьаваха везий со цу мостагӀийн цӀазана? ТӀаьхьакхуьур вуй со царна?» Цуьнга жоп кхечира: «ТӀаьхьавала. ТӀекхочур ву хьо, уьш схьа а бахалур бу хьоьга». 9Шеца ялх бӀе стаг а волуш, Дауд новкъа велира. Уьш Бачор олуш йолу хин Ӏовраш йолчу кхечира. КӀадбелларш цигахь севцира. 10Виъ бӀе стаг цхьаьна а волуш, Дауд, цигахь ца соцуш, дӀавахара. Ткъа важа ши бӀе стаг, шаьш чӀогӀа кӀадбелла хилар бахьана долуш, Бачоран Ӏоврел дехьа а ца валавелла, цигахь сецира. 11Царна аренгахь цхьа мисархо карийра. Иза Дауд волчу схьа а валийна, цунна яа хӀума а, хи а делира цара. 12Цара мисархочунна Ӏаьвдина инжирийн цхьа курс а, кишмийн ши курс а елира. Уьш дӀадиъча, цуьнан ницкъ юхабирзира. Цу стага даа хӀума дааза а, хи малаза а кхо дей-буьйсий дара. 13Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо хьенан ву, мичара вогӀуш ву?» Цо жоп делира: «Со мисархо ву, цхьана Ӏамалекхахочун лай а ву. Цо со дӀатесна, кхо де хьалха со цомгуш хилла дела. 14Тхо кератхойн а, ЯхӀудан тайпанан а, Килабан гаранан а НегӀабахь болчу мехкашна тӀегӀоьртинера, ткъа ЦакхелагӀ оха цӀарца ягийра». 15Дауда цуьнга элира: «ДӀавуьгур вуй ахьа со мостагӀийн цӀоз долчу?» Цо элира: «Делах дуй баа суна, ахьа со вуьйр вац аьлла а, со сан олахочун кара дӀалур вац аьлла а. ТӀаккха аса хьо мостагӀийн цӀазана тӀе вуьгур ву». 16Цо уьш цига дӀабигира. Ӏамалекхахой цу меттигехула дӀаса а баьржина, дууш, молуш бара, пӀелаштамхойн махкара а, ЯхӀуд-махкара а шайна караеана йолчу йоккхачу хӀонсах баккхий а беш. 17ШолгӀачу дийнахь Дауд тӀелетира царна. Ӏуьйранна дуьйна царна тӀеетта волавелла иза суьйренга велира. Цхьа а кӀелхьара ца велира, эмкалшна тӀе а хиъна, ведда дӀавахана волу виъ бӀе жима стаг воцург. 18Цара дӀа мел даьхьна долу рицкъа а схьадаьккхира Дауда, шен ши зуда а йийсарера мукъаяьккхира цо. 19Церан цхьа а я жиманиг а, я воккханиг а ца вайра. Массо кӀант а, йоӀ а, дуьненан рицкъа а юхадерзийра Дауда, Ӏамалекхахоша дӀадаьхьна долу. 20Дауда массо а жима а, доккха а даьхни схьадаьккхира, ткъа цуьнан накъосташа, шайна хьалха а даьхна, дӀадигира уьш. Наха бохура: «ХӀара Даудан хӀонс ю». 21Шаьш Бачор олуш йолу хин Ӏовраш йолчохь, гӀел а велла, витина волу ши бӀе стаг волчу схьакхечира уьш. Даудана а, цуьнца хиллачарна а дуьхьал арабевлира уьш. ТӀе а вахана, Дауда цаьрга маршалла хаьттира. 22ТӀаккха кхуьнца хилла болчу вон дог долуш болчу наха элира: «Уьш вайца ца баьхкира. Цундела вай царна хӀумма а лур яц. ХӀора стаг, шен зуда а, бераш а дӀа а эций, дӀагӀо». 23Амма Дауда элира: «Иза ма дахьара аша, сан вежарий. Везачу Эло вайна хӀара хӀума делла, вайна дуьхьалдаьлла долу мостагӀийн цӀоз вайн кара схьа а делла, вай кӀелхьардаьхна. 24Цу тӀехь шуна мила тӀетовр ву? ТӀамтӀе баханчарна санна, дакъа догӀу тӀеман гӀирс ларбеш Ӏийначарна а: хӀума массарна а юкъахь декъа деза». 25Цу хенахь дуьйна Исраилан махкахь Дауда, цу тайпана нийсо хила еза аьлла, дӀахӀоттийра. Иза хӀара де тӀекхаччалц схьадогӀуш а ду. 26Дауд ЦакхелагӀа юхавеара. Ша тӀамехь схьадаьккхинчух дакъа дахьийтира цо ЯхӀуд-махкарчу къаной болчу доттагӀашна. Цо элира: «ХӀара ду шуна Везачу Элан мостагӀашкара схьадаьккхинчух долу совгӀат». 27Цунах дакъа Бетал-гӀалахь болчаьрга а, НегӀабан Рамате а, Итар-гӀала а, 28ӀаруӀера а, Чапмут-гӀала а, ЭштамуӀа а, 29Рахал-гӀала а, ярахьмиалхойн а, кхенахойн а гӀаланашка а, 30Хьорме а, Бор-Ӏашуна а, Ӏатах-гӀала а, 31Хьевроне а, иштта ша а, шен накъостий а леллачу массо а меттигашка дахьийтира.
Copyright information for
CheCAC2012