‏ 1 Samuel 31:8-13

8ШолгӀачу дийнахь пӀелаштамхой байина Ӏохкуш болчарна тӀера мехала йолу хӀуманаш схьаяха баьхкича, царна ГилбаӀ-лам тӀехь хиллачу тӀамехь байина болчу Шаулан а, цуьнан кхаа кӀентан а декъий карийра, 9Шаулан корта схьа а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, цара массо а пӀелаштамхойн махкарчу халкъе хаам дӀакхачийра, иштта хаам бира шайн цӀуш дӀахӀиттийна долчу динан цӀенош долчу а. 10Цара Шаулера схьадаьккхина долу герз шаьш Ӏаштартана дина долчу динан цӀа чу охьадиллира, ткъа цуьнан дакъа Байт-Шанахь пена тӀе дӀатуьйхира.

11ГалӀадарчу Явеш-гӀалара болчу бахархошна дӀахезира пӀелаштамхоша Шаулна динарг. 12Массо а майра стаг гӀаьттира цигахь. Буса баха а бахана, Шаулан а, цуьнан кӀентийн а декъий Байт-Шанарчу пена тӀера охьа а даьхна, Явеш-гӀала схьа а деана, уьш цигахь дагийра цара. 13Церан даьӀахкаш, схьа а гулйина, Явеш-гӀалахь тамариск цӀе йолчу дитта кӀелахь дӀайоьхкира. ВорхӀ дийнахь марха кхебира цара.
Copyright information for CheCAC2012