1 Samuel 6
Везачу Элан тӀорказ юхадерзадо
1ВорхӀ баттахь латтийна пӀелаштамхоша Везачу Элан тӀорказ шаьш долчохь. 2Динан дай а, эвлаяаш а схьа а гулбина, цара элира: «ХӀун до вай Везачу Элан дезачу тӀорказна? ХӀара шен махка дӀа муха дахьийта деза дийцийша тхуна!» 3Вукхара элира: «Шаьш Исраилан халкъан Делан тӀорказ дӀадахьийта гӀерташ делахь, иза ша ма-дарра дӀа ма дахьийта: аша сагӀа даккха деза шайн бехк такхархьама. ТӀаккха хуур ду шуна, Цо шайна таӀзар хӀунда дина». 4Цара хаьттира: «Оха тхайн бехк токхуш сагӀа даккхар муха хила деза?» Вукхара жоп делира: «Кхузахь волчу пхеа пӀелаштамхойн пхеа куьйгалхочун цӀарах пхиъ, дегӀа тӀехь яьлларг санна, дашо хӀума а, пхи дашо дахка а бан беза, хӀунда аьлча шуна дина долу таӀзар шуна а, шун куьйгалхошна а кхочу. 5ДегӀана тӀе яьлла йолу пхи дашо хӀумий, шайн латта дассош болу пхи дашо дахкий шаьш бина девлча, Исраилан Далла хастам бе. Цо Шен деза куьг шуна тӀера а, шун делашна тӀера а, шун лаьтта тӀера а дӀадаккха мега шуна. 6Шайн дог хӀунда чӀагӀдо аша, мисархоший, пирӀуной санна. Дала шайна таӀзар диначул тӀаьхьа бен ца делла цара исраилхошна Мисар-махкара дӀадаха пурба. 7Керла ворда а яй, хӀинцца бехкина болу, цкъа а дӀабоьжна боцу ши етт цу ворданах дӀабожа, ткъа церан эсий цӀа дига. 8Везачу Элан тӀорказ цу ворданна тӀе хӀоттаде, ткъа Далла хьалха шайн бехк такхархьама сагӀина кечйина йолу дашо хӀуманаш цхьана гӀутакх чу агӀонгахь охьа а яхкий, ворда дӀа а хеций, дӀаяхийта. 9Хьожуш хилалаш, нагахь санна и ворда, кхин цхьанхьа дӀа-схьа ца хьаьвзаш, Исраил-махкахь йолчу Байт-Шамаше дӀайодахь, и боккха бохам вайна Везачу Эло хилийтина бу. Амма и ши етт цига ца бодахь, вайна хуур ду, Цуьнан куьйгахула вайна и таӀзар ца хиллийла а, иза ларамаза хилла хилар а». 10Цара иштта дира: хӀинцца бехкина болу ши етт ворданах дӀа а боьжна, церан эсий цӀахь дитира. 11Цу ворданна тӀе Везачу Элан тӀорказ а хӀоттийна, дашо хӀуманаш а, дашо дехкий а чохь долу гӀутакх цу тӀе хӀоттийра. 12Ши етт нийсса Байт-Шамаше боьдучу новкъа дӀабахара. Ӏеха а Ӏоьхуш, цхьанхьа дӀа-схьа а ца хьаьвзаш, дӀабоьдуш хилла ши етт. Ткъа пӀелаштамхойн куьйгалхой, цу ворданна тӀаьхьа а хӀиттина, Байт-Шамаше кхаччалц дӀабахара. 13Цу хенахь Байт-Шамашера бахархой тогӀи чохь Ӏуьллучу аренгахь кӀа хьокхуш бара. ДӀахьаьжча, царна гира Везачу Элан деза тӀорказ. Шайна и гича, чӀогӀа хазахийтира царна. 14И ворда байт-шамашхо волчу ЮшаӀан аренгахь боккхачу тӀулгана уллохь сецира. Байт-Шамашерачу бахархоша, и ворда йоха а йина, цунах дечиг даьккхира. ТӀаккха, и ши етт цӀарца бага а беш, Везачу Элана лерина долу сагӀа даьккхира. 15Иза шаьш дале хьалха Леви цӀе йолчу тайпанан наха Везачу Элан тӀорказ а, дашо суьрташ чохь долу гӀутакх а вордана тӀера охьа а даьккхина, боккхачу тӀулга тӀе охьахӀоттийнера. Байт-Шамашерачу бахархоша цу дийнахь Везачу Элана лерина долу дагоран а, кхидолу а сагӀанаш дехира. 16ПӀелаштамхойн пхеа куьйгалхочунна и мел дерг а гира. Оццу дийнахь Ӏекхран-гӀала юхабирзира уьш. 17ПӀелаштамхоша шайн Далла хьалха болу бехк токхуьйтуш сагӀина даийтина долу суьрташ дара: цхьаъ – Ашдод-гӀалин цӀарах, важа – Ӏази-гӀалин цӀарах, важа цхьаъ – Ашкхилун-гӀалин цӀарах, кхин цхьаъ – Гати-гӀалин цӀарах, ткъа кхин цхьаъ – Ӏекхран-гӀалин цӀарах. 18Ткъа дашо дехкий хӀора пӀелаштамхойн гӀалин куьйгалхочун цӀарах хилла ца Ӏаш, хӀора чӀагӀйинчу гӀалин цӀарах а, дӀайиллина лаьттачу яртийн а цӀарах дара. Везачу Элан деза тӀорказ тӀехӀоттийна хилла болу тӀулг хӀинца а байт-шамашхо волчу ЮшаӀан аренгахь Ӏуьллуш бу, цигахь хиллачунна тоьшалла а деш. 19Байт-Шамашерачу бахархошна Дала чӀогӀа таӀзар дира, уьш Везачу Элан дезачу тӀорказ чу хьаьжна аьлла. Цо кхузткъе итт стаг ▼▼Кхузткъе итт стаг. Грекийн меттан гочдар тӀехь – пхи эзар кхузткъе итт стаг.
вийна хилла и бахьана долуш. Цу тайпана чӀогӀа таӀзар Везачу Эло шайна дича, адам дилхира. 20Байт-Шамашерачу бахархоша элира: «Везачу Элана хьалха латта мила хьакъ ву? Иза Сийлахь Дела ма ву! Вай долчуьра хьанна тӀе хьур ду Везачу Элан деза тӀорказ?» Кхиръят-ЯӀарим цӀе йолчу гӀала бахийтина цара шайн геланчаш хабар эцна: «ПӀелаштамхоша Везачу Элан тӀорказ юхадаийтина. Схьа а дуьйлий, иза шайга дӀахьо», – аьлла.21
Copyright information for
CheCAC2012