1 Samuel 7
1 aКхиръят-ЯӀарим-гӀаларчу бахархоша Везачу Элан деза тӀорказ, схьа а эцна, гуна тӀехь лаьтташ долчу Абинадабан цӀа чу схьадеара. Цул тӀаьхьа цуьнан кӀант ЭлиӀазар Везачу Элан тӀорказна дола дан къобалвира.Шамъала Исраилан махкахь куьйгалла до
2И деза тӀорказ Кхиръят-ЯӀариме кхаьчна дуккха а хан елира – ткъа шо гергга. Исраилан халкъ Веза Эла лоьхуш дара. 3Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тӀедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дӀабаха беза. Аша Ӏаштарт цӀе йолчу далла бина болу цӀуш дӀабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тӀедерза, Цунна цхьанна гӀуллакх а де. ТӀаккха Цо шу пӀелаштамхойн баланех кӀелхьардохур ду». 4Исраилхоша БаӀалан а, Ӏаштартан а цӀуш дӀабехира. Уьш Везачу Элана бен гӀуллакх а ца деш дӀабуьйлабелира. 5Шамъала элира: «Массо а исраилхой МицӀпа-гӀалахь схьагулбе. Аса Везачу Эле сайн доӀанна тӀехь шу доьхур ду». 6Массо а исраилхой МицӀпа-гӀалахь схьагулбелира. Хи, схьа а оьцуш, Везачу Элана хьалха охьадуттура цара. Массо а цу дийнахь марха кхобуш вара. Цара бохура: «Везачу Элана хьалха оха къинош латийна». Шамъал МицӀпа-гӀалахь царна юкъахь кхел еш вара. 7Шайна исраилхой МицӀпа-гӀалахь гулбеллийла хиъча, пӀелаштамхой, шайн куьйгалхой коьртехь а болуш, исраилхошна тӀелата кечбелира. Иза шайна дӀахиъча, исраилхой чӀогӀа кхерабелира. 8Цара Шамъале дехар дира: «Вайн Везачу Деле хьайн доӀанна тӀехь, тхо пӀелаштамхойх кӀелхьардаха бохуш, доьхучуьра саца ма сацахьара хьо!» – аьлла. 9Шамъала, бекхачуьра къастоза болу Ӏахар схьа а эцна, цунах Везачу Элана лерина долу сагӀа даьккхира, Исраилан халкъана гӀо доьхуш. Цуьнан доӀа Везачу Элана дӀахезира. 10Шамъала сагӀа доккхучу хенахь пӀелаштамхой исраилхошца тӀом бан баьхкира. Амма Везачу Эло пӀелаштамхошна тӀехь чӀогӀа стигал къовкъийра, уьш инзар а бохуш. Цуьнан гӀоьнца уьш исраилхоша эшийра. 11Цара пӀелаштамхой МицӀпа-гӀалара лаьхкина, хӀаллакбеш, Байт-Кара кхаччалц дӀабигира. 12Цул тӀаьхьа Шамъала, тӀулг схьа а эцна, иза МицӀпаний, Шан-юртаний юккъе охьабиллира. Цу тӀулган цӀе Абани-Ӏазар тиллира цо (иза «гӀо ден тӀулг» бохург ду). Шамъала элира: «Везачу Эло хӀокху метте кхаччалц вайна гӀо дина». 13Иштта дӀатебина хилла пӀелаштамхой. Уьш кхин Исраилан махкана тӀелата оьхуш а ца хилла. Шамъалан куьйгалла исраилхошна тӀехь мел ду, Везачу Эло пӀелаштамхошна тӀера Шен куьг дӀадоккхуш ца хилла. 14Исраилхоша Ӏекхрана тӀера дуьйна Гати-гӀалина тӀе кхаччалц Ӏохкуш йолу шайн гӀаланаш а, царна гонахьара меттигаш а схьаехира пӀелаштамхошкара. Исраилхошний, эмархошний юккъехь машар дӀахӀоьттира. 15Ша мел веха Шамъал Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лелла. 16ХӀора шарахь, махкахула волалой, Бетал-гӀала а, Галгала а, МицӀпа-гӀала а кхочуш хилла иза. Цу массо а меттигашкахь исраилхошна юкъахь кхел еш, нийсо еш хилла цо. 17Цигахула ша чекхваьлча, иза Раме дӀавоьдуш хилла. Цигахь дара цуьнан цӀа, цигахь йора цо Исраилан халкъана юкъахь кхел. Кхузахь цо Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира.
Copyright information for
CheCAC2012